Курчалойн районан больницехь дуккха а шерашкахь коьрта лор хиллачу Тамкаев Шемалан а, оццу больницехь диетан медйишин болх биначу Тамкаева Эсилин а доьзалехь кхиъначу ПетIаматна лор хила даима а лаьара. – Кхечу корматаллина Iемар яра аьлла суна дагадеана а дац, – боху цо балхах лаьцна шега хаттар дича, – берийн ловзаршкахь а, школе яхча цигарчу дахарехь а со сайн нийсархойн могашалла ларъеш, иза адамийн дахарехь коьртаниг хилар дуьйцуш хуьлура.
Бакъдерг аьлча, тхан доьзалехь кхечу хIуманах лаьцна кIезиг къамелаш хуьлура, цундела а хила там бу сан ваша а, со а иштта лоьрийн белхан новкъа далар.
2002-чу шарахь тIехдика дешарца Курчалон юккъера школа чекъхяьккхина ПетIамат Ставрополерчу пачхьалкхан медицинин академе деша яхара. Нохчийчоьнна а, цуьнан бахархошна а, къаьсттина къоначарна хала еана зама яра карара бIешо дIадоладелла шераш. Шарахь цкъа-шозза бен ца дезахь а, цIерачу дена-нанна атта дацара «блокпостех» чекхъюьйлуш йоI деша дIахьежо а, юха цуьнга ладегIа а. Нохчийн доьзалшкахь йоI даима а хилла экама, ткъа хийрачу гIалахь яха а, деша а деза йоI, ма атта гIуллакх дац иза ладоьгIуш Iачунна. ПетIаматна коьрта дара дешар, ткъа нанна йоь1ан дешар а, цуьнан дерриге дахар а. Хала хиллехь а, сихха дIадевлира дешаран шераш.
2008-чу шарахь академи чекхъяьккхина цIаеанчу йоIа Соьлжа-ГIалин тIеман ветеранийн госпиталехь цхьана шарахь чекхъяьккхира интернатура. Тахана а кхузарчу терапевтически отделенехь лор-терапевтан болх беш ю ПетIамат. Цуьнан декхар ду масех палати чуьра цомгашниш шен тергамехь латтабан, царна оьшу дарбанаш дан, дарба дарехь церан могашалла муьлхачу агIор хийцаелла билгалдаккха, нагахь кхечу лоьран дарба эшахь иза а тIаьхьа-хьалха даккха.
– Бахалаева ПетIамат къона лор ю тхан, 4 шо бен дац цо тхоьца болх бо, – элира терапевтически отделенин куьйгалхочо Кулаева Наташас, – ала деза, замано а, ахьа бечу балхо а дуккха а хIуманна Iамаво. Амма ПетIамат, амалца а, балхаца а цхьа совнаха долу хIуманаш доцуш а, ша тIелаьцнарг атта гIуллакх доцийла хууш а, жоьпалла долуш стаг ю. Ас болх бо кIезиг хан яцахь а, къоначаьргара Iама хIума карадо суна а. Балхаца йолу юкъаметтиг юьйцу ас. Цхьа паргIата, къовламе, шайн хаарех тешаш, цхьаъ ца нисдала там бара боху шеконаш улле а ца юьтуш, болх бо къоначара. Суна эшна иштта сайх а, сайн хаарех а тешна хилар. Къоналла а хила там бу иза. Зама а ма хийцаелла вайна. Цундела сайн жимма царах цецъялар ца хоуьйтуш, тергамехь латтабо ас къонаниш, вайна а оьшу церан хаарш а, говзалла а. Царах йоьзна ма ю вайн кхане.
Ткъа шен белхан накъостех лаьцна ПетIамата элира:
– Тхан куьйгалхо хилла Iаш яц Наташа Усмановна, тхан йоккхах йолу йиша а, эшахь нана а санна ю иза. Цуьнгара сайн корматаллех дуккха а керланиг, Iилма Iамош цадевзинарг, дахарехь оьшург Iемина суна. Со тешна ю, нагахь сан цхьаъ ца нислахь, тхан коллективан г1оьнца иза нислург хиларх. Говза, бертахь, дика коллектив ю тхан.
Къона лор шен говзаллех тоам бина Iан дагахь яц, лоьран лаккхарчу категорина кечам беш ю Пет1амат.
Хазахетачух ду вайн дешаран а, могашаллаIалашъяран а, культурин а, социальни а, иштта кхечу а юкъараллин дахаран декъехь алссам къонаниш болуш. Дала аьтто бойла ПетIаматан а, цуьнан цIарах вайн кегийрхойн а.
Т.САРАЛИЕВА
Авторан суьрта тIехь: къона лор П.Бахалаева
