«СтелаIад» – 11

Нохчийн поэт Талхадов Хьамзат дагалацарна леринчу агIонца йолийна «СтелаIад» журналан рогIера номер. Поэтах долчу дашца цхьаьна кхузахь ялийна цуьнан «Лаьмнашка» цIе йолу жима стихотворени а.

 

Аш суна довзийти седарчийн легар,

Iамош со пусар дан массо а дийнан.

Аш суна довзийти Даймахках хьегар,

Еххачу заманна сох девлла Iийна.

 

ГIелвелча, сан лазам шайга дIаоьций,

ДегIана аьхналла кхийдаеш соьга,

Леллера со шуьца, сайн тIемаш хоьций,

Берриге сайн балха кховдабой шуьга.

Берашна туьйранаш хазахета. ХIокху номерехь зорба тоьхна ши туьйра а самукъадаларца доьшур ду цара. «Суьлдин хьуьнар» цIе йолуш ду нохчийн халкъан туьйра, ткъа «ЦIа-цIелиг» оьрсийн халкъан туьйра ду. Иза нохчийн матте гочдина А.Витариговас. Къоначу дешархоша иштта дика тIеоьцур ду аьлла хета Арсанукаев Мусас яздина «Сан нана» туьйра а.

«Дийнатийн дуьне» рубрикехь Гелагаев Сайд-Мохьмада пхьагалех лаьцна дуьйцу. «Цкъа Варандахь, мангал хьаькхна, буц дIаяьккхинчу цани йистехь кхаа пхьагал-кIорнина тIенисвелира со, – яздо цо. – ГIира-экхано я гIира-олхазаро юур юйла а хууш, цIа еара ас уьш. Шура сайн бага юттуш, сайн балдех якхайора ас уьш. Вуно реза хуьлий екхара. Кхиа йоьлча, тайп-тайпана бецаш йохкура, ата а отуш, жIонкаш дохкура, шура яор саца а ца деш. Мелла а яккхий хилча (уьш сиха яккхий хуьлуш хиллера), шаьш якхаяйта, суна тIе хьала а юьйлуш, вота еттара цара…».

Бераша хазахетарца йоьшур йолуш а, ешча пайдехь хир йолуш а материалаш кхин а дуккха а ю номерехь: Гацаев СаьIидан, Абубакарова ПетIаматан гуьйренах лаьцна байташ, Аслаханов Сайд-Iалин «Гуона чуьра ара ма хеца» берийн ловзарх дийцар, Махмаев Жамалдис яздина «Бераша олу» рубрикера дийцарш, Газиева Азин стоьмех лаьцна стихаш, «СтелаIодан дошам», Вагапов Iарбис хIоттийна кроссворд, иштта кхин а.

Журналан тираж 3000 экземпляр ю. Ткъа мел хир ю «СтелаIодан» тираж тIедогIучу шарахь? Иза берийн дай-нанойх а, хьехархойх а доьзна хир ду. Ши бIе сов эзар дешархо волчу вайн республикина йолуш йолчу тиражан барам дукха лахара хилар-м дийца оьшуш а дац.

Хь.АБАЕВ

 

№143, еара, гIуран (декабрь) беттан 17-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: