Дешархошна дийцира

ХIокху деношкахь «Ийман» клубан жигархой: Усаева Iайшат а, Муртазалиева Зулихан а, Гойгешиева Захра а, Назирова Макка а дешархошна хьехам баран Iалашонца  ТIехьа-МартантIерчу №5 йолчу школехь хилира.IMG-20151213-WA0005

   Лакхарчу классийн дешархой схьагулбинера актови зала чохь. Дика хеташ дара церан наной а оцу цхьаьнакхетарехь  хилар. Терроризмах а, экстремизмах а интернетах а долучу зуламех лаьцна дийцира цигахь дешархошна. «Ийман» клубан жигархоша роггIана дийцира, кхузаманахь берриге а кегийрхоша интернета чуьра хаамаш боьшуш дукха хан йоккхуш хиларх а, дукхахйолчу сайтех царна доккха зулам дала тарлуш хиларх а лаьцна.

Дешархоша леррина ладугIура шайна бечу хьехамашка. Интернетах долучу зуламех лаьцна дуьйцуш къаьсттина церан семачу тидамехь дара цара мел олу дош. Хьехамаш бинчул тIаьхьа дешархойн а, церан нанойн а таро хилира «Ийман» клубан жигархошка хаттарш дан. Шайга динчу хаттаршна, дуьззина жоьпаш делира цара. Шаьш долчу дахкарна а, дешархошна мехала хьехамаш барна а школин куьйгалло «Ийман» клубан жигархошна баркалла  а олуш, берзийра цхьаьнакхетаран болх. Вай тешна ду дешархоша оцу хьехамех пайдаоьцург хиларх.

КУНТАЕВА Хеда

Авторан суьрта тIехь: цхьаьнакхетаран дакъалацархой

 

№143, еара, гIуран (декабрь) беттан 17-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: