ХIокху деношкахь Сыктывкар гIалахь дIаяьхьира 2000–2001 шерашкарчу кхиазхошна юкъахь паргIатчу кепара охьатохархлатарехь хьалхеяккхаран турнир. Вайн республикера цигахь дакъалоцуш вара 10 спортсмен. Къийсадаларш дIадаьхьира деа дийнахь. Шайн-шайн йозаллин категорешкахь хьалхара меттигаш ехира вайн махкахоша: Хатуев Турпала (54 кг), Эпендиев Вахас (58 кг); шолгIа меттигаш ехира: Мусаев Адама (85 кг), Темирхаджиев Адама (76 кг), Бетербиев Адам – Хьаьжас (100 кг); кхоалгIа меттигаш – Чимаев Iумара (50 кг), С.Айдаевс (60 кг).
Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.
З.ШИШХАНОВА.
№143, еара, гIуран (декабрь) беттан 17-гIа де, 2015 шо