«Ретромани» – Соьлжа-ГIалахь

ХIокху деношкахь «Колизей» спорткомплексехь Россин бевзаш болчу артистийн «Ретромания» концерт хилира. 80–90-чуй шерашкахь гIарабевлла хилла артисташ бара концерт яла баьхкинарш. Шаьш кегий болуш гIарадевлла хиллачу иллешка ладогIа са а тесна,  концерте хьовса баьхкинарш кIезиг бацара.

   Концертехь дакъалецира артисташа Кетч Си Сис, Сандрас, иштта «Secret Service», «Оttawan» коллективаша а. Советски эстрадин 90-чу шерийн артисташ Гулькина Наталья, Минаев Сергей, «Технологи», «Комиссар» коллективаш  яра цигахь. Концерт дIахьош дара Нохчийн Республикин искусствон хьакъйолу гIуллакххо Ахмадова Хьава а, Россин эстрадин артист Минаев Сергей а.

«Оttawan» коллективо йиш лакхарца дIайолийра концерт. Хьовсархоша самукъадаларца ладугIура эшаршка. ХIетахьлера иллеш декаш, шайн жималла дагаоьхура дукхахболчу хьовсархошна. Концертехь вайн эстрадин артисташа: Усманов Iимрана, Кагерманова Раисас, Исламов Султана, Альтемиров Iальвис дакъалецира. Иштта, Ахмадова Хьавас а йиш лекхира. Оцу концертехь лекхначу эшарийн 20 шо сов хан ю. Цундела, мелла а хене бевлларш алссам бара цигахь. Цу эшарийн хеннара болу кегийрхой а бара концерте хьовса баьхкина.

«Ретромани» концерт вовшахтоьхначара хаийтира, и тайпа концерташ хIора шарахь а дIахьуриг хилар.

М.БАЙБАТЫРОВА

 

№143, еара, гIуран (декабрь) беттан 17-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: