ХIун хир ду АллахIан дуьхьа тIелаьцначу некъал деза. Делан дош хьехар, иза довзийтар, иза деша Iамор, цуьнан маьIнех кхетор – оцу некъа тIехь болчарех цхьаъ ю Соьлжа-ГIаларчу Мичуринан поселкехь ехаш йолу Губаева Седа.
Жималлехь дуьйна дог-ойла тIегIерташ, Iилманан кIоргене кхача лууш, шен мукъа хан эрна ца йохуьйтуш, даима дешарца гергарло долуш яра Седа.
1999-чу шарахь яхара иза Теркан районерачу Чуьлга-Юьртарчу «Нур» цIе йолчу хьуьжаре деша, 17 шо дара хIетахь цуьнан. Шена дезаш хаьржина Iилма кIорггера Iамор, ша Iамийна яьлча шен бусалба йижаршка цунах, кхачам боллуш, пайдаэцийтар яра йоьIан коьрта Iалашо.
Хьуьжаран директор волчу Таймасханов Аслана Iилманехь хIора денна кхуьуш йогIучу йоIах бIаьрг буьзнера. Аслана бакъо елира цунна аьхка бераш школехь дешарх мукъа девлича, царна Iаьрбийн йоза хьеха. Цуьнан самукъадолура берашна хьоьхуш. Ша лучу дарсана леррина кечам бора. Берийн хила тарлучу хаттаршна жоьпаш кечдора, шен хьехархойх IабдуллахIах, Разитех дага а йолуш.
Седас 2002-чу шарахь кхиамца чекхъяьккхира хьуьжар.
Цо дагалоьцу: «1999-чу шарахь луьра зама яра вайн махкана, халкъана тIехIоьттинарг. ГIалахь Iар дуьйцийла а дацара. Шайн доьзалан кхерамазаллина аьлла, ЧIуьлга-Юьрта охьабаьхкира ГубаевгIар. Мел чIогIа луьра, хала зама елахь а, Делан дин хьехар дIатосур долуш вацара Губаев Муса. Шаьш ханна баьхкина белахь а, Делан дин хьехарца, иза нахана довзийтарца къахьега нийят долуш вара иза». Оццу хенахь вовшашна довза рицкъ хилира Мусан а, Седин а. 2002-чу шарахь Соьлжа-ГIала цIабирзира ГубаевгIеран доьзал. Цул тIаьхьа, кхоллам хилла, церан нус хилира иза. Амма нехан цIен тIе яханера аьлла, Iамийна Iилма эрна ца дайра йоьIан. Мичуринан поселкехь йолчу ГIазалин цIарахчу хьуьжаре хьехархо балха ийцира иза (хIетахь хьуьжаран директор хиллачу), хIинца Нохчийн Республикин муфти волчу Межиев Салахь-Хьаьжас. Масех шарахь хьехархо болх бира Седас цигахь, амма бераш кегий хиларна цIахь Iен дийзира цуьнан. Шена дукха беза болх битина ца Iалора иза, шен хIусамден пурбанца, цIахь зудабераш Iамон йолаелира. Цул сов, баккхий бара аьлла ца Iаш, хIокхо Iамош долчу берийн нанойн тоба а ю цуьнан, массо хенахь Iамош. Царах кхо дешархо Къуръан Iамийна а яьлла, Россин Кунта-Хьаьжин цIарахчу Исламан университете деша яхана. Боккха юьхькIам, дозалла ду иза. Къуръан Iамийна а бевлла, шерра иза дIадеша, дIахьеха хууш ткъех сов дешархо ю цуьнан.
Седин доьзалехь ши кIант, йиъ йоI ю. Доьзална дика нана, хIусамдена дика накъост ю иза. Iаьрбийн йоза деша, яздан Iаморал сов, динехь, нохчийн Iадатехь гIиллакхе, оьзда хила Iамабо цо мутаIеламаш.
Дукха хан йоццуш Мичуринан поселкехь йолчу «Мечта III» берийн беша динах лаьцна хьеха, вайн Пайхамар Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) мила ву дийца, Къуръанан тIера сураташ Iамо балха яхана Седа.
Баккъал а бусалба, оьзда нана, хIусамнана, йиша ю иза. И санна болу зударий ма эшабойла вайн умматна. Дала хьуьнар лойла цунна, Шен дуьхьа нахана дин хьеха, Сийлахь Къуръан берашна а, баккхийчарна а деша, Iаьрбийн Iилма Iамо тIелаьцначу новкъахь.
Вегиева Макка
№143, еара, гIуран (декабрь) беттан 17-гIа де, 2015 шо