Лулахойн дахарера

Ветеранашна – байракх

 ЧЕРКЕССК. ХIокху деношкахь кхузахь Россин герзашца кечбинчу ницкъийн регионан ветеранийн юкъараллин организацина байракх елира ветеранийн юкъарароссийски юкъараллин организацин Кхеташонан председатела, эскаран инарлас Ермаков Виктора. Цигахь дакъалоцуш вара республикин къаьмнийн гIуллакхашкахула а, шуьйрачу коммуникацийн а, зорбанан а министр Кратов Евгений, КЧР-н ветеранийн кхеташонан председатель Такушинов Николай, тIеман дакъалацархой , ветеранаш .

Даздаран хьолехь Байракх ветеранашка дIаеллачул тIаьхьа ветеранийн организацехь жигара гIуллакхаш дарна инарлас эскаргIуллакххойн а, ветеранийн а тобанна совгIаташ дира «Даймахкана тешаме хиларна» аьлла йолчу орденца, грамоташца . Ша аьлча, герзашца кечбина ницкъаш кхиорна юкъа йоккха хазна йилларна и орден елира КЧР-н тIеман комиссарана Темиров Арсенна.

В.Ермаковс баркалла элира ветеранашна цара деш долчу башхачу гIуллакхашна.

 

Экономика кхион таронаш ю

  МАЙКОП. Адыгейн Куьйгалхочунна Тхакушинов Асланна хетарехь, экономикехь, къаьсттина юьртан бахаман декъехь кхолладелла хьал республикин шена пайде дерзо йиш ю. Арахьара чудохьуш долу юьртан бахаман сурсаташ совцор бахьанехь регионехь таро хир ю меттигерчу бахамашкахь уьш гулдар алсамдаккха.

Оцу декъана иштта боккха тидам кхузахь тIебохуьйтуш хилча-м муххале а: регионан агропромышленни комплекс кхиорна дуьххьалдIа чекхбаьллачу исс баттахь къастийна 455 миллион соьман барамехь ахча, шена юкъахь федеральни бюджетера 402 миллион соьмал сов а долуш. Республикехь алссам тидам тIебахийта болийна бошмашлелорна, хасстоьмашлелорна, теплицийн бахамаш кхиорна, стоьмаш Iалашбаран меттигаш кхолларна.

Тидамза ца дуьту Адыгейхь латталелорхойн дахаран хьал-де тодаран гIуллакх а. Цунна къеггина тоьшалла лара мегар ду дIадаханчу шарца дуьстича кху шеран чекхбаьллачу муьрехь царна тIебогIуш болу пайданаш 4,29 процентана алсамбевлла хилар. Юккъерчу барамехь тахана аренашлелорхойх хIоранна а 19532 соьман барамехь ахча кхочу баттахь.

 

Дагестанан денош – Францехь

  МАХАЧКАЛА. Дербент йиллина ши эзар шо кхачар даздаран гурашкахь Парижехь дIадахьа билгалдина и денош. Регионан культурин министерствехь бечу хаамца, декабрь юккъе боьдуш Францин коьртачу шахьарахь ЮНЕСКО-н штаб-квартирехь дIахьур ду и даздарш. Коьрта Iалашо ю Россин уггаре а шира гIала Дербент историн, культурин, архитектурин, археологин башха хIоллам санна гайтар.

    Ларамаза дац и цхьаьнакхетарш ЮНЕСКО-н штаб-квартирехь дIахьуриг хилар. Дербент Дерригдуьненан тIаьхьалонан объект а, оцу организацис ларъеш а ю. Иштта билгалдаккха догIу 2006-чу шарахь Дуьненаюкъарчу оцу организацин Сийлахь диплом делла хилар а. Цул хьалха а, я тIаьхьа а Россин цхьана а гIалина дина дац и тайпа лаккхара совгIат.

Парижехь дIахьон долчу Дагестанан денойн программехь коьрта меттиг дIалоцур ю ЮНЕСКО-н штаб-квартирин Pas Perdus залехь вовшахтухур  болчу «Культура. Адамаш. Дагестан» аьлла болчу гайтамо. Эзарнаш шерийн музыкально-театрализованни хроникин гурашкахь меттахIоттор ду Россин уггаре а ширачу гIалин бахархойн дахар, гIиллакхаш, ламасташ.

Дезчу дийнан йоккха концерт хIотторца дIадерзор ду  Дербентан юбилейн даздарш.

Белхан меттигийн ярмарка

 НЕСАРЕ. Кхузахь дIаяьхьира белхан а, дешаран а меттигийн регионан ярмарка. Цигахь дакъалоцуш яра ГIалгIайчуьра санна, ткъа иштта луларчу регионашкара а 34 организаци.

Ярмарко гайтира предприятешна муьлха говзаллаш оьшу. Уггаре а хьалха гучуделира алсам хьашт долуш йолчу корматаллашна юкъахь коьрта меттиг электросварщикан, тIулгботтархочун говзаллаша дIалоцуш хилар. Электромонтажникаш, фрезеровщикаш, монтажникаш оьшуш меттигаш а кIезиг яцара.

Цига баьхкинчу предприятийн векалийн а, белхан меттигаш оьшуш болчеран а таро хилира меттигерчу цехашкахь кечйинчу хIуманех а, дакъийначу жижигах, чIерех кечдинчу сурсатех а чам баккха.

 

Къоман деза де билгалдаьккхира

  ЭЛИСТА. ГIалмакхойн Республикехь билгалдаккхира Зул аьлла долу къоман дезде. Цунна лерина регионан коьртачу храман йоккхачу зала чохь, мантра а локхуш, храмана гонаха гобаьккхира, Пандитийн 17 статуяна хьалха чиркхаш латийра.

Оццу дийнахь Коьртачу хуралан конференц-залехь «Собар» аьлла йолу фильм гайтира.

 

ПохIма долчу берийн конкурс

   ВЛАДИКАВКАЗ. ХIокху деношкахь кхузахь Къилбаседа Кавказан похIма  долчу берашна юкъахь дIаяьхьначу регионашна юкъарчу IV-чу конкурсан жамIаш дира. Цигахь дакъалоцуш бара Къилбаседа ХIирийчуьра, ГIебартойн-Балкхаройчуьра, Дагестанера, Нохчийчуьра, ГIалгIайчуьра, Адыгейра, Кхарачойн-Чергазийн Республикера, ткъа иштта Краснодарски крайрчу Новороссийкера къона векалш.

Жюрина а, хьовсархошна а деа дийнахь бераша – уьш 225 бер дара – шайн корматалла гайтира пхеа номинацехь: фортепиано, халкъан гIирсаш, вокал, хореографи, гайтаман искусство. Конкурсан дипломанташ хилира 68 бер, ткъа совгIатан меттигаш яьхначу лауреатийн могIаршкахь – 43. Кхин цхьаъ дара конкурсан жамIашкахь шена тIе тидам бохуьйтуш. Кху шарахь толаман ерриге а меттигаш Къилбаседа ХIирийчоьнан похIма долчу берашна кхечира.

Конкурсо иштта гайтира къоначу «седарчийн» барам хIора шарахь тIеттIа алсамболуш хилар.

 

Зеделларг Iамо – ГIезалойчу

 СТАВРОПОЛЬ. Крайна а, республикина а юккъехь цхьаьнагIуллакхаш даран хьокъехь октябрехь Сочехь дуьненаюкъарчу инвестфорумехь бина барт кхочушбарна тIехьажийна хьалхара гIулч хилира Ставропольски крайн делегаци ГIезайлойчохь хьошалгIахь хилар. Иза ларамаза дац. Республикехь доккха зеделларг ду регионан бюджет тIеюзаран хаъал доккха хьоста хилла дIахIиттина йолу яккхий инвестпроекташ кхочушъярехь.

    Ша аьлча, махкахь уггаре а санехь йолчарах цхьаъ хилла дIахIоьттина «Алабуга» цIе йолу къаьсттина экономически зона. 2006-чу шарахь кхоьллина йолчу цо шен ерриге а территори тIехь гIоленаш йо инвесторшна, царна ло юьззина кийча йолу инфраструктура – транспортни, таможенни, инженерни, промышленни. Оцу балхахь шайна зеделларг довзийтира кхузара баханчу хьешашна.

Шен цигахь болх беш 250 сов компани-резидент йолчу   Камски индустриальни «Мастер» а, хаамийн технологийн декъехь гIуллакх деш йолчу махкахь дуьххьарлерчу «ИТ-паркехь а, агропромышленни «Казань», паркашкахь «Форд-Соллерс» компанин заводашкахь а хилира делегаци.

 

 

Автоинспекторш – бераш долчохь

    НАЛЬЧИК. Регионан коьртачу шахьаран берийн цIийнехь некъан-гIаролдаран службин белхахой тIеийцира хIокху деношкахь чолхе кхоллам болчу а, тIехь Iуналла дан да-нана доцуш дисинчу а бераша.

Царна оьшуш дерг хIунду а хиъна, полицин белхахоша берашна тIеюху бедарш а, цхьадолу товараш а ийцира. Шаьш деана совгIаташ цаьрга дIа а луш, автоинспекторша ловзаран кепехь дийцира кегийчарна некъан билгалонех а, боламан бакъенех а лаьцна.

Берийн цIийнан белхахоша даггара баркалла элира царна берийн хаддаза  йоккха терго ярна, царна оьшучуьнца кхачоярна. Шайца йолу уьйраш тIейогIучу хенахь кхин а чIагIлойла шайна лууш хилар дIа а хаийтира.

Хаамаш кечбинарг – Л.МАГОМАЕВ

 

№143, еара, гIуран (декабрь) беттан 17-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: