Юкъараллин организацийн мехала гIуллакхаш билгалдехира

    Дукха хан йоццуш, Соьлжа-ГIаларчу Радион цIийнан актови залехь дIадаьхьира Адамийн бакъонаш ларъяран дуьненаюкъарчу денна лерина цхьаьнакхетар. Иза вовшахтоьхнера Регионашна юкъара юкъараллин «Коалиция» боламо а, Регионан юкъараллин «Оптимум» организацис а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан, юкъараллин организацешца зIенаш латторан департаментан а, Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон а, Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин а гIоьнца.5416574654

    Цигахь дакъалецира  Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин председатела Батаев ГIайрсолтас, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан, юкъараллин организацешца зIенаш латторан департаментан директора Дадаев Ризвана, Республикин муфтин хьехамчас Осмаев Iусмана, Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран хьалхарчу заместитела Абдулмуслимов Сайд-Селима, иштта регионан, юкъараллин  организацийн векалша.

– Вайн республикехь болх беш дуккха а юкъараллин организацеш ю, царех жигара болх беш билгалъевлла дукха яцахь а. Цара вайн республикерчу ерриге а ведомствошца зIенаш латтайо. Дуккха а мехала гIуллакхаш дIа а хьо, – цхьаьнакхетар дIадолош вистхилира Р.Дадаев.  – Стаге шен бакъонаш ларлур ю, шена и бакъонаш евзаш хилахь. Цу тIехь бахархошна гIо дан а, уьш йовзийта а декхарийлахь ду вай. Дала мукъ лахь, вай ницкъ кхочучу барамехь цу тIехь гIо-накъосталла а дийр ду.

Адамийн бакъонаш ларъяран дуьненаюкъара де Россин Федерацин Конституцин дийнал масех де хьалха даздеш хилар ларамза ца хиларх а, адамийн бакъонаш ларъяр мехала хиларх а лаьцна дийцира Батаев ГIайрсолта: «Таханлерчу дийнахь, вай лардала дезаш, вайн кегийрхой ларбан безаш дерг  экстремизм, терроризм ю. Цу тIехь леррина терго латтош вайн республикин Куьйгалхо а ву. Цунна а, вайн республикина а накъостий хуьлуш, вай цхьаьна дуьхьало ян еза оцу харц тобанашна».

Цул тIаьхьа, Пятигорскера, Дагестанера баьхкинчу хьешаша концерт гайтира. Цара Нохчийчохь шаьш хьошалгIахь хилар шайна    мехала хеташ хилар хаийтира.

Цхьаьнакхетар дерзош, юкъараллин организацеша деш долу мехала гIуллакхаш билгалдохуш, Сийлаллин грамоташ, баркаллин кехаташ делира оцу организацийн векалшна.

 

Хь.ЭЛЬБЕРТОВА

 

№143, еара, гIуран (декабрь) беттан 17-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: