Шина а агIонна – пайда

Дуккха а иттаннаш шерашкахь Италина а, Нохчийн Республикина а юккъехь экономикин, махлелоран дакъошкахь хаддаза чIагIлуш схьайогIу зIенаш, цхьаьнагIуллакхаш дар. Иза иштта хиларх тешархьама дуьйлало вайн пачхьенан коьртачу урамашкахула, тидам бе шайна моггIара лаьтташ йолчу туьканашна тIехь а, чохь а болчу хаамийн: «Италмода», «Италера тоьлла бедарш», «Пицца», «Пиццери», «Спагетти».

     Керла юкъайолучу модина тIехь  терго  латтош болчеран хаддаза лерехь лаьтта дуьненахь гIарабевлла бевзаш болчу оцу пачхьалкхан гоьбевллачу модельерийн цIерш. Лечкъа стенна до, цхьана хенахь дозалла хетара цигара мачаш, коч-хеча тIехь хилар, хIунда аьлча, уьш шайн дикаллица а, тегаран кепаца а дикка къаьсташ хилла хиларна. Тахана вай доьлла ишттачу хьолах, иза хIораннан а дахаран цхьа агIо хилла дIахIоьттина, даима а иза иштта хилла аьлла хета.

Махлелор гIуллакхан цхьа агIо бен яц. ЦхьаьнагIуллакхаш дар вайн экономикин кхечу дакъошна а тIеттIа алсам тIедаьржаш хиларан билгалонаш бакъонца хIора дийнахь хаало республикин дахарехь. Харц хир ду аьлла ца хета цара беш болу Iаткъам тIеттIа шорлуш хилар билгалдаьккича а. Шина махкана юкъахь бизнес кхиаран боларш тIаьхьало йоллуш шорлуш хиларна къеггина тоьшалла ду Гуьмсехь кхиамца гIуллакх деш йолу «Айсберг» комбинат доза тоьхначу жоьпаллин «Сады Чечни», «Родина» юкъараллаш. Цигахь шуьйра пайдаоьцу Италехь кечбинчу гIирсех, технологех, шаьш санехь хилар а гайтина цара.

Иза тахана Нохчийн Республико шайца махлелочу уггаре а яккхийчу пахьалкхех цхьаъ хилар тIечIагIдира регионан экономика, мохк кхиоран, махлелоран  министран заместитела Бисаев Iийсас а «Италис гергарло тосу Кавказца» аьлла йолчу бизнес-миссин VIII-чу сессин гурашкахь  Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьначу Италин а, Нохчийн Республикин а гIуллакхаллин гуонийн векалийн конференцехь. Цунна хетарехь, юкъаметтигаш  жигара кхиа а еш, вовшашна пайдехь гIуллакхаш дан таро ю энергетикин, гIуллакхдаран промышленностан, туризман, юьртан бахаман дакъошкахь. Оьшуш берг лаам бу. Цигахь иштта хьалха хIиттийра дийнна цхьамогIа проекташ, доккха хьашт хиларца дийцаре дира шина мехкан юкъаметтигаш кхидIа а кхиоран коьрта некъаш, царах лаьцна шайна хетарг. Вайн республикехь дерриге а хьелаш ду пайда лун болчу кепара ахча юкъадилла. Иза хьесапе а оьцура конференцехь.

Бизнес ахча даккхаран кеп хилар хьесапе а оьцуш,  вовшашна пайдехь цхьаьнагIуллакхаш дарна шаьш кийча хилар  дIахьедира  конференцехь дакъалоцуш  хиллачу СКФО-хь волчу Италин Генеральни сийлаллин консула Пьерпаоло Лодиджианис а. Цо тидам тIебахийтира, шайна юкъахь Кавказернаш а болуш, Россин сурсаташ духкуш болчарна хьалха шайн сурсаташ дохка Iаламат бегIийла таронаш схьаеллалуш хиларна. Коьртачу декъана иза доьзна ду санкцеш бахьанехь Европера дукхахболу экспортераш Россин рынкашкара дIабахана хиларца. Билггалчу масалшца тIечIагIдора хьешо шен къамел: дуьххьалдIа цхьана Италис хIора шарахь цхьа миллиард еврона юьртабахаман сурсаташ чуузура Россина. Тахана Россин рынкашка кхачо пайдехь ду цIазамаш, стоьмаш, салаташ. Цул совнаха, кхузахь шайга алссам хьашт хилар гайтина дугано, хьаьжкIаша. БIе процентана цIенна пайда бу иза. Цу тIе дуга диетически кхачанан аьргалла а ма-ю! Ткъа мерза хьаьжкIаш дерриге дуьненахь а езаш тIеоьцу.

ЦхьаьнагIуллакхаш даран тайп-тайпана кепаш йийцаре еш, нохчийн а, италахойн а бизнес лелош болчара вовшашна довзийтира оцу балха тIехь кхиаме кхача таро хуьлуьйту йолу дийнна цхьамогIа некъаш. Иштта, вайн хьешаша тидам тIебахийтира энергетикин, даххех гIуллакхдаран, гIишлошъяран, йийбар яран, хьешацIенош даран дакъошкахь шайна хьалха хIиттийначу проекташна. Италахоша схьахаийтира стоьмаш, хасстоьмаш, буьртиган ялта Iалашдарна лерина болу гIирсаш латто а, уьш Iалашбарна лерина йолу меттигаш ян а шаьш кийча хиларан хьокъехь.

Ларамаза дац оцу пачхьалкхан бизнес лелош болчаьрца тасаелла зIенаш кхидIа а кхио лаам хиларан. Малхбузерчу мехкашна юкъахь Итали уггаре а яккхийчу пачхьалкхех цхьаъ ю Къилбаседа Кавказехь яккхий инвестпроекташ кхочушъярехь жигара дакъалоцучарах. Бизнесехь цхьаьнагIуллакхашдар  мелла а аттачу даккхаран Iалашонца цо шен центраш схьайиллина Дона-тIерачу Ростовехь, Краснодарехь, Ставрополехь, Минеральни хиш тIехь.

Генеральни сийлаллин консула хаамбира иштта центр Соьлжа-ГIалахь схьаелларан хьокъехь дийцарш дIахьош хиларх лаьцна. Цо чIагIдарехь, цуьнан коьрта Iалашо ю шина мехкан бизнес лелош болчеран шарахь кхузза-доьазза цхьаьнакхета таронаш схьаеллар. Цо таро хуьлуьйтур ю бизнесан гураш шордан, вайн инвестпроекташ кхочушъярехь италахоша дакъалацар жигарадаккха.

Билгалдаккха догIу  Къилбаседа Кавказан федеральни округан регионашкахь «Италис гергарло тосу Кавказца» аьлла йолчу проектаца гIуллакхаллин цхьаьнакхетарш дIахьош долу масех шо хилар. Шина махкахь бизнес лелош болчарна цара яккхий таронаш схьайоьллу билггал проекташ кхочушъярна, дIадолийна гIуллакх кхиаме хилийтарна.

Иштта зIенаш чIагIъяро, цхьаьнагIуллакхаш дар шордаро, дуьйцийла йоццуш, вайн республикина хьалха яккхий таронаш схьаеллалур ю билгалйина дукхахйолу  проекташ  кхочушъярна. Ткъа цо шен рогIехь тIедалор ду регионан экономика керлачу тIегIане яккха. Шина а агIонна пайдехь хир ду и гIуллакх. Дала мукъ лахь!

 

Л.АБУБАКАРОВ

№143, еара, гIуран (декабрь) беттан 17-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: