Нохчийн GSM-сеть

Кхо шо хьалха, «Вайнах Телеком» компанин GSM-сеть Нохчийн Республикехь болх бан йолалучу хенахь, «Тхан GSM-сеть болх бан йолаелла. ХIинца цо гойтур ду ша массо а агIор тоьлла хилар» аьлла, дIахьедар динера оцу компанин куьйгалло, «Грозный-Информ» хаамийн агентствехь ша дIаяьхьначу пресс-конференцехь.ВТК-н сим-карта

   – Мобильни сеть дIайолаялийтархьама бина боккха болх бу. Сеть хиларх тоам баран дуьхьа бина а боцуш, сотови зIенан рынкехь «Вайнах Телеком» аьлла, бренд хила а, ган а лууш бина бу и болх, – элира хIетахь  «Вайнах Телекоман» президент хиллачу Эльсункаев Хансолтас.

Тахана компанис чIагIдарехь, шен GSM-тарифийн политика абонентийн лаамашка хьаьжжина хIоттийна ю цо. Ткъа шаьш абоненташ «шайн хьашташ кхочушдарна»  реза буй теша:

– Ас оцу компанин сим-карта лелош долу масех шо ду. Оьцучу хенахь сайн операторна пайда хилахьара аьлла эцна дара, амма цкъачунна, суна пайда хилахьара аьлла, ВТК-с дина хIумма а гина-м дац суна, – боху   Соьлжа-ГIалин вахархочо Анзора.

– ВТК-н GSM телефон тохий бен пайден яц. Кхиболчу операторийн абоненташ дукха ма буй вайн махкахь, цундела дукха хьолахь цаьрга тохар нисло. Мел лахара а сом дала дезаш ду минотехь. Иза-м дала хала ма дацара, шайн GSM болх беш йолу 3 шо а хилча, цара тхан дуьхьа керла цхьаъ юкъадаккхахьара, – иштта ойла ю Нохчийн пачхьалкхан университетан студенткин Фаризин.

Кхузахь ала догIу, ВТК-н мобильни сеть баккъал а кхиарна тIаьхьайисна хилар. Смартфонца а, планшетца а компанин сим-картица интернет лелор нислур дац: GSM-н хуьлуш йолчу 2G (шуьйра евзаш ю EDGE цIарца) технологица хIоттийна ду абоненташна интернетах пайдаэцар. Дерриге а дуьнен тIехь яьржина йолу 3G яржо лицензи яц компанин, ткъа цуьнан 4G-н (аьлча а LTE-н) частоташ, Росси  кхоьхьучу телефонийн я планшетийн частоташца йогIуш яц.

Компанин GSM-н станцийн барам а бевзаш бац. Амма цуьнан сайта тIехь гайтина ду Нохчийн Республикин карта, ВТК-н мобильни сеть лоцуш йолу шахьарш билгал а йохуш. Картах пайдаэцча, ала догIу, гуш хуьлу республикин 40-45 процент лаьтта тIехь бен цуьнан сеть лоцуш цахилар. Амма цхьа хIума ду ца хьахийча ца долуш: GSM-н станци мел елахь а, уьш ерриге а оптикин волокношца вовшахтийсина ю. Уьш вовшахтийсина хиларо зIе дIатасарна сихо а йо, къамел цIенна дIа а хозуьйту.

Карарчу хенахь «Вайнах Телеком» компанин долахь ю 300 000 ца кхоччуш GSM-номер. Кхо бутт хьалха хиллачу хаамаша билгалдаккхарехь, цкъачунна царах 45 000 ца кхоччуш бен республикин бахархоша лелош яц.

Делахь а, ВТК-н GSM-х лаьцна дерриге а вуониг яздина ца хилийтархьама, тIетоха лаьа, дукха ца Iаш республикин бахархошна «ВТК» цIе йолу смартфонаш а, цаьрца цхьаьна кхоччуш 3G я 4G сеть а гург хилар а, царах кестта пайдаэца йиш хирг хилар а.

И.ИСЛАМОВ

Суьрта тIехь: ВТК-н сим-картин кеп

 

№143, еара, гIуран (декабрь) беттан 17-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: