Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университетан делегацис дакъалецира «Къилбаседа Кавказан федеральни округан кегийрхой терроризмана, экстремизмана духьал а, юкъаралла кхетош-кхиоран некъа тIехь а» цIе йолчу регионашна юкъарчу форумехь. Иза дIаяьхьира 9–10-чуй декабрехь Къилбаседа ХIирийчоьнан Владикавказерчу Ламанан пачхьалкхан аграрни университетехь.
Форум схьайоьллуш, баьхкинчу хьешашка а, форуман дакъалацархошка а вистхилира нохчийн делегацин куьйгалхо, Соьлжа-ГIалин мехкадаьттан университетан дешаран-кхиоран балхехула волу проректор Гайрабеков ИбрахIим.
– Экстремизм дIаяккха лууш а, къаьмнашна юкъахь барт безаш а вай делахь, уггаре а хьалха вайн тIекхуьуш долу чкъор шен къоман ламасташ а, Iадаташ а довза а, лара а, деза а Iамо декхарийлахь ду вай. ТIаккха оцу чкъурана культурин чам бевзар бу. Цул тIаьхьа цо (тIекхуьучу чкъуро) кхечу къаьмнийн Iер-дахар а толлур ду, церан Iадаташ, ламасташ тидаме а, тергоне а оьцур ду. Оцу тIегIане кхузара (Кавказера) тIекхуьу чкъор кхаьчначу дийнахь бен вайн ала йиш яц, къаьмнашна юкъахь билггал барт хIоьттина а, тIекхуьу чкъор экстремизмана, терроризмана дуьхьал а ду, – элира Гайрабеков ИбрахIима.
Нохчийн делегацин шина векала – Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университетан студенташа а йира форумехь докладаш. Агамирзаев Iийсас «Къаьмнашна юкъарчу зIенийн а, юкъаметтигийн а ламасташ – нохчийн политически толерантность кхоллаяларан хьоста» доклад йира, ткъа Несерханов Рахьмана йовзийтинчу докладан цIе яра «Нохчийн къоман ламасташ – адамийн юкъаметтигийн толерантность кхоллаяларан хьоста».
Форуман болх кхайкхам тIеэцарца дIаберзийра. Кхайкхаман хьалхара абзац иштта ю: «Лараме махкахой! Оха, кегийрхойн форуман дакъалацархоша, доьху шуьга юкъаралла кхетош-кхиоран новкъахь хилийтарна а, къаьмнашна а, культурашна а юкъахь барт хилийтарна а дуьхьа къахьегахьара аш хIораммо а».
Форум дIайирзинчул тIаьхьа, «ХIирийн лаккхара кхеташо» цIе йолчу Дуьненаюкъарчу юкъараллин кхоллараллин декъан куьйгалхочо, Ламанан пачхьалкхан аграрни университетан Президента, профессора Басаев Бориса Нохчийчуьра а, ГIебартойн-Балкхаройчуьра а яьхкинчу делегацешна доккха даздаран той хIоттийра.
Цул тIаьхьа хIирийн къоман культура йовзийтарна лерина йолу концертан программа дIаяьхьира.
И.ХУСЕЙНОВ
Авторан суьрта тIехь: форуман дакъалацархой
№143, еара, гIуран (декабрь) беттан 17-гIа де, 2015 шо