Адамашна дарба дан Iемаш бу

OLYMPUS DIGITAL CAMERA

Нохчийн Пачхьалкхан лоьрийн колледж – хьалха кхоллаеллачарех цхьаъ ю. Иза схьайиллина Соьлжа-ГIалахь 1930-чу шарахь. Цуьнан филиал а ю Гуьмсехь. Соьлжа-ГIалахь а, Гуьмсехь а доьшуш 3000 гергга студент ву. ХIора группехь 35–40  студент ву. Цига деша ваха таро ю 9 класс чекхъяьккхича. ХIинца лоьрийн колледжан 4 дешаран отделени ю: медйишин а, акушеран а, фельдшерийн а, стоматологин а. Колледжехь доьшуш кегийрхой хиларе терра карарчу хенахь колледжан куьйгалло йоккха терго йо кхетош-кхиоран декъехула бечу балхана. Студенташца къамелаш до экстремизмах а, вахабизмах а лаьцна, иштта, нохчийн духарх лаьцна а. Ишттачу цхьаьнакхетарехь Iеламнаха царна дуккха а пайдехь хьехарш до. Колледжан йоккха цхьаъ спортан а, актови а залаш а, библиотека а, столови а,  ю. Билгалдаккха лаьа, студенташна урокаш луш зеделларг долу лоьраш хилар. Цуьнга хьаьжжина  хир ду  студенташ  тайп-тайпанчу конкурсашкахь шайн хьуьнаршца билгалбовлуш хилар. ДIадаханчу шеран 18-чу декабрехь дуьйна  «Ийман» клубо дIахьочу «Все о намазе»  аьллачу конкурсехь дакъалоцуш ю лоьрийн колледжан 5 студент. Къасторан турах кхиамца  чекх  а яьлла  и пхеий. ХIинца финал ю церан хила езаш. Цунна лерина кечам беш бу уьш.  Дешар коьртаниг ду, делахь а, паайде цхьаьнакхетарша студентийн дахар самукъане доккху… «А ну-ка медсестры», «О вреде курения»  конкурсаш а хуьлу, къаьсттина кхара билгалдоккху 15-гIа июнь – Лоьрийн де. Дешарх а, теори хиларх а ца тоьа, практика ю хила езаш. Шеран юкъахь шайн практикин хан тIекхаьчча, студенташ тайп-тайпанчу больницашка хьовсабо кхузара. Шаьш урокехь Iамийнарг цигахь ган а, пайдехь дерг схьалаца а таро хуьлу церан. Лоьрийн колледжехь деша атта дац, амма лоьран говзалла уггаре а еза леринчарах цхьаъ ю. Юьхьанца хьалхарчу курсехь деша мелла а хала хуьлу, ткъа цу дешарца бала а кхочуш, и Iилма Iамо лууш велахь, студенто къахьоьгур ду аьлла хета. Лоьрийн колледже кхаьчча хетало больнице кхаьчча санна: кIентий а, мехкарий а цхьатерра кIайн халаташлахь коьрта кIайн куйнаш техкина бу. Тахана студенташ бу уьш, ткъа массийта шо даьлча – вайн лоьраш хилла дIахIуьттур бу. Цундела вай сатуьйсур ду, царех хила ма-беззара лоьраш-говзанчаш хиларе.

З.ЛОРСАНОВА 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: