Дукха хан йоццуш Нохчийн Республикин пачхьенехь – Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьира Федеральни казначействон органийн ерригроссин кхеташо. Иза лерина яра юкъараллин финансийн урхалла даран «Электронни бюджет» хаамийн система юкъаялоран гIуллакхашна.
Оцу кхеташонехь дакъалоцуш вара Россин федеральни казначействон куьйгалхо Р.Артюхин а, Нохчийн Республикин финансийн министр I.Рассуханов а, иштта Россин Федерацин субъекташкахь йолчу Федеральни казначействон меттигашкарчу органийн куьйгалхой а.
Билгалъяьккхинчу кхеташонехь «Электронни бюджет» программин мехаллех лаьцна дийцира Россин федеральни казначействон куьйгалхочо Р.Артюхина а, Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитела, республикин экономикин, мохк кхиоран, махлелоран министра I.Магомадовс а.Федеральни казначействон Нохчийн Республикехула йолчу урхаллин куьйгалхочо С.Алимхановс а.
«Электронни бюджетан» система юкъаялоро доккха гIо дийр ду регионни а, федеральни а бюджетийн гIуллакхашна хьалха лаьтташ йолу Iалашонаш кхочушъярна. Вайн республикин экономика, финансийн система кхиорехь мехала гIулч а хир ю иза.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан куьйгаллица республикехь дуккха а белхаш бина экономика меттахIотторехь а, кхиорехь а, иштта регионан финансийн система дIахIотторехь а, социальни дакъа кхиорехь а. Оцу белхашкахь жигара дакъалоцуш ю Федеральни казначействон Нохчийн Республикехула йолу урхалла. Цу юкъахь мехала дакъа ду шен ведомствона говза куьйгалла дечу Алимханов Сулиманан а.
М.КАНТАЕВ
Суьрта тIехь: Федеральни казначействон органийн Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьначу ерригроссин кхеташонан дакъалацархой.
№143, еара, гIуран (декабрь) беттан 17-гIа де, 2015 шо