Россин Федерацин транспортан министра Соколов Максима а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а дакъалецира М-29 «Кавказ» некъан керла дакъа схьаделларехь (34 км леринчу проектан хьалхара 15 км). Иза «Кавказ» некъ Гуьмсера арабаккхарна леринчу проектан хьалхара гIулч ю. Россин транспортан министра М.Соколовс билгалдаьккхира, иза чIогIа мехала проект хилар. Цо чIагIдарехь, проект кхочушйинчул тIаьхьа, Гуьмсе а, Транскавказски магистраль а кхиаран керлачу тIегIане ер ю.
– Уггаре а коьртаниг ду хIара кхерамаза некъ хилар. Проект хIоттийначара а, иза кхочушъеш къахьегначара а боккха болх бина баккъал хIара некъ нахана а, машенашна а кхерамаза хилийтархьама. Шуна гуш ду некъан йистошкахула хIиттийна керташ а, некъ сирла хилийтархьама доьгIна стогарийн бIогIамаш а. ХIинца хIокху некъаца паргIат баха-бахка йиш хир ю бахархойн, – элира М.Соколовс.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, проект кхочушъярехь гIо лацарна, баркалла элира мехкан куьйгаллина.
– Нохчийн къоман а, «Кавказ» некъаца дIасабоьлхучу водителийн а, пассажирийн а цIарах ас доккха баркалла боху Россин Президентана В.Путинна, – элира Р.Кадыровс.
Цо билгалдаккхарехь, и некъ Россин ерриге а Къилбенна стратегически маьIна долуш бу, хIунда аьлча оцу некъаца дуккха а мехкашка сурсаташ дIасакхоьхьу.
– Бахархойн экономикин жигаралла лакхаяккхарехь а, махка керла инвестицеш кхачорехь а доккха маьIна лелош ю некъийн инфраструктура, – чIагIдира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо.
Цул тIаьхьа Соколов Максима, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо республикин некъийн инфраструктура кхиорехь къахьегар билгал а доккхуш, «Россин Сийлаллин некъахо» цIе йолу мидал елира Р.Кадыровна. Иштта, министра Сийлаллин грамоташца а, Баркаллин кехаташца а билгалбехира проект кхочушъярехь къахьегна цхьаболу белхахой.
Кхузахь ала догIу «Кавказ» некъ Гуьмсера арабаккхаран проект 34 км. некъана лерина хилар. Амма беккъа цхьа некъ билларал сов, проектана юкъадогIуш ду 5 тIай а, транспортни дIасахьовзар а, газан а, тоькан а линеш цIинъяр а. Проект кхочушъяро Гуьмсан а, Курчалойн а районийн, цхьайолчу яртийн юкъарчу урамашкахула лелаш йолчу машенийн барам лахбийр бу.
Цхьаьнакхетар дерзош, Соколов Максима чIагIдира Россин транспортан министерствос проект юьззина чекхйоккхург хилар.
И.ХАСАХАНОВ
Суьрта тIехь: М.Соколов Р.Кадыровна «Россин Сийлаллин некъахо» мидал луш