Россин Федерацин Президента, Ерригроссин халкъан фронтан тхьамдас Путин Владимира Федеральни Гуламе динчу рогIерчу, 12-чу косто мехкан юкъараллина къеггина гайтира «майхьлерчу» а, кхечу а указашкахь, тIедахкаршкахь билгалдаьхна хилла декхарш а, Iалашонаш а хийцаелла цахилар. Арахьара политика а, чоьхьара политика а, хьалха а санна, россихойн дахаран хьелаш тодарна тIехьажийна ю.
Пачхьалкхан куьйгалхочун костехь билгалдохуш ду юьртан бахамехь, могашаллаIалашъярехь, демографехь, дешарехь, суьдаш къинхетаме ярехь, предпринимательствехь, адамийн бакъонаш а, маршонаш а ларъярехь, коррупцица къийсам дIабахьарехь, импортан метта сурсаташ арахецарехь, кхечу дакъошкахь дан дезаш долу гIуллакхаш.
Кост леррина дешча гуш ду кхочушдаран Iедалан органашна, Ерригроссин халкъан фронтана хьалха хIиттош долу билггал декхарш. Цунах лаьцна вай дуьйцур ду герггарчу деношкахь дIаяхьа леринчу «ГIуллакхийн форум» конференцехь. Цигахь ОНФ-н жигархой а, эксперташ а шайн белхан юьхьанцара жамIаш дан а, тIедогIучу шарахь дан леринарг билгалдаккха а дагахь бу.
Кхечуьнца цхьаьна шена тIе къаьсттина тидам бохуьйтуш ду Путин Владимира шен костехь далийна долу Д.Менделеевн хIара дешнаш: «ДIасакъаьстича вай оцу сохьта хIаллакдийр ду. Вайн ницкъ цхьааллехь, бIаьхаллехь, халкъ дебош болчу оьздачу доьзалехь, вайн хьал-бахам стамбаларехь, машар безарехь бу».
Дукха хан яц вайна хийра хиллачу сепаратизман идеологин питанца вайн халкъ, бIе дакъа деш, декъначул тIаьхьа нохчаша баккхий баланаш, Iазап лайна. Вайн мехкан цхьаалла йохорна тIехьажийна дара и питана. Делахь а, Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа коьртехь а волуш, нохчийн халкъан дуьненаюкъарчу террористашна дуьхьал дIабаьхьначу вуно халачу, къизачу къийсамехь ницкъ кхечира кхечу халкъашца цхьаьна Россина юкъахь хилла йолу бакъо ларъян. И бакъо ларъеш вайн бIеннаш къонахий декъал а хилира. Россина юкъахь хилла йолу бакъо чIагIйира халкъо 2003-чу шарахь дIаяьхьначу референдумехь.
Кхузаманан Росси – башха пачхьалкх ю дуьненан исторехь а. Кхузахь дехаш ду тайп-тайпана динаш лелош долу дуккха а къаьмнаш. Царах хIораннан шен-шен гIиллакхаш, ламасташ, Iадаташ ду, культура ю. Оцу тайп-тайпаналлица цхьа къам хилла дахар Iаламат мехала ду. Цунах кхеташ долчу халкъаша тахана цхьаалла хилар гойту, Даймохк безар гойту, Шайн барт, цхьаалла йохалург цахилар гойту. В.Путина аьлла ма-хиллара: «Дай-наношна шайн доьзалшкахь бераш кхио лаьа, уьш церан хиндолчух теша, уьш шайн махках теша, царна пачхьалкхо шайн гIолоцур ду аьлла а хета». Оцу тешамо, сатийсамо цхьаьнатухуш ду халкъаш.
Россин Президента даррехь, майрра йовзуьйту йолуш йолу проблемаш, болуш болу кхерам – чоьхьара а, арахьара а. Цу тIе кхайкхам бо кхечу мехкашца гIуллакхаллин а, гуманитарни а уьйраш, Iилманан а, дешаран а, культурин а зIенаш чIагIъяр доьхуш. Цо иштта кхайкхам бо дуьненарчу адамийн дахар кхин а дика, кхерамаза хуьлийла лууш.
Гапуров ШахIрудди,
Россин Президента В.Путина тешам белла стаг, ОНФ-н Нохчийн регионан штабан сопредседатель, Нохчийн Республикин Iилманийн Академин президент.
№143, еара, гIуран (декабрь) беттан 17-гIа де, 2015 шо