Муфтис мутаIеламашна хьехам бира

    Масех де хьалха Нохчийчоьнан муфти Межиев Салахь-Хьаьжа цхьаьнакхийтира Россин Кишин Кунта-Хьаьжин цIарахчу исламан университетан мутаIеламашца. Цхьаьнакхетаран юьххьехь университетан ректора Мутушев Iабдурахьима салам-маршалла хаьттира Салахь-Хьаьжига, юха баркалла элира мутаIеламашца цхьаьнакхета, царна хьехамаш бан варна, оццул дукха гIуллакхаш юха а теттина. Муфтина хаийтира мутаIеламашна Iилма хьоьхуш Нохчийчохь бевзаш болу Iеламнах а, 1илманчаш а хилар.

    Цхьаьнакхетаре баьхкинера ерриге а курсашкара мутаIеламаш, ткъа иштта церан хьехархой. Муфтис царна хьехам бира Делан гергарчу нехан – эвлаяийн хьокъехь а, церан ларам бан безаш хиларан хьокъехь а, цара хьехначу некъа тIехь латта дезаш хиларан хьокъехь а.

Межиев Салахь-Хьаьжас дийцарехь, хIора бусалба стеган цхьа хьехамча, цхьа устаз, цхьа хьехархо хила везаш ву. ХIунда аьлча бодашкахь кхеттачу серлоно санна, цо нийсачу некъа тIе воккхур ву иза. Иштта хилла вайн устазаш а, боданера адамаш серлоне, Делан нийсачу некъа т1е дохуш. Шайн Iамалшца, Далла доггаха Iибадат дарца, АллахI резахиларе кхаьчна уьш, бусалбанашна масал хилла дIа а хIиттина. Делан оцу дикачу лайша вайн халкъа юкъахь лар а дина, таханлерчу дийне схьа а кхачийна Делан цIена дин, ша ма-дарра.

Веза а, Сийлахь а волчу АллахIа Шен Каламехь хастийна уьш, тIом кхайкхийна шен велишца мостагIалла лелочарна, царна инкарло ечарна. Иштта, Межиев Салахь-Хьаьжас билгалдаккхарехь, хавариджийн тIаьхьенаша (таханлерчу вахабиташа), шаьш акъид, фикх, кхидолу динан Iилманаш дика девзаш цахиларна, шаьш царах нийса кхеташ цахиларна харц маьIнаш доху Къуръанан суратийн а, аятийн а, Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) суннатан а. И дарца Iехабо, тиларчу буьгу кегийрхой.

«Вахабиташа инкарло йо эвлаяашна, цара дийцинчунна. Церан ларам бац Iеламнахе. Цара сий ца до Абу Хьанифин, аш-ШафиIин, Маликин, Ахьмад ибн Хьанбалан (Дела реза хуьлда царна) жайнийн, Iилманийн. Ткъа уьш мазхIабийн дай ма бу. ВахIабиташ церан Iилманна дуьхьал бевлла, цара къобалдеш дац церан мазхIабаш. Ткъа мазхIабаш Сийлахьчу  Къуръанна а, Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьадисашна тIе а тийжаш яздина ма ду. Царна тIехь доцург дац мазхIабийн дайн жайнаш тIехь. Мелхо а, бусалба динан цIеначу некъах кхетор ду, – бохура Нохчийчоьнан муфтис.

Шен хьехам чекхбоккхуш, Межиев Салахь-Хьаьжас билгалдаьккхира Iеламнахана, Iилма Iамош болчу мутаIеламашна хьалха лаьтташ долу чолхе декхарш а, доккха жоьпалла а. ДIахаийтира Iилма Iаморехь мутаIеламийн аьтто хуьлийла, кхиамаш хуьлийла шена лууш хилар.

С.ХАМЗАТОВ

 

№143, еара, гIуран (декабрь) беттан 17-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: