Умаров Джамбулат– политологийн форумехь

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствона хьалха хIиттийначу коьртачу Iалашонех ду граждански цхьаалла чIагIъярна гIолацар, къаьмнийн юкъаметтигаш тояр, къаьмнийн культурийн тайп-тайпаналла ларъяр.Умаров

    Цу Iалашонца  дуккха а болх бо Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата. Иштта, дукха хан йоццуш, цо дакъалецира Политологийн дуьненаюкъарчу «Россин Кавказ» III-чу форумехь. Цигахь иштта дакъалоцуш вара Къаьмнийн гIуллакхашкахула йолчу федеральни агентствон Куьйгалхо Баринов Игорь, Дагестанан Куьйгалхо Абдулатипов Рамазан, Россин политологаш, юкъараллин гIуллакххой, Iилманчаш, кхиберш.

Форуман программи юкъахь дара пленарни кхеташонаш, тайп-тайпанчу теманашца «горга стоьлаш», семинараш, гайтамаш-презентацеш, мастер-классаш, иштта культурин гIуллакхаш а дIадахьар.

– Къоман шатайпаналла чIагIъярна, къаьмнашна  юкъахь барт хиларна, мехкан историн-культурин а, политикин а дахарехь Кавказо лелон маьIна а, дIалоцу меттиг а йовзийтарна  Россин къаьмнийн цхьааллина хIокху гIуллакхо (форумо) дика хьелаш кхуллург хиларх тешна ву со. Цхьаьна къахьегахь, Россин цхьаалла чIагIъярехь муьлхха а Iалашонаш кхочушъялур ю вайга,  – элира Умаров Джамбулата шен къамелехь.

Иштта, цо билгалдаьккхира  Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана оцу г1уллакхан къаьсттина терго еш хилар а, пачхьалкхан къоман политика кхин а дика кхочушъярна шаьш тIенисдеш хилар а.

А.ВАХАЕВА

 

№143, еара, гIуран (декабрь) беттан 17-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: