«Иблисан пачхьалкхана» дуьхьал дIахьочу тIамехь Францис кху деношкахь дуьххьара пайдаэцна тIемаш долчу ракетанех.
***
Россин кеманаша бомбанаш, ракеташ йиттина бохийна «Иблисан пачхьалкхан мехкадаьттан сурсаташ чохь долу 1,2 эзар сов боккха яй а, ткъа иштта йохийна бIе сов мехкадаьтта доккху скважина а.
***
Шеман Iедалан эскаро хIокху деношкахь «Иблисан пачхьалкхан» гIеранашкара схьаяьккхина Алеппо провинцера исс юрт.
***
ХIокху деношкахь СаIудийн Аравехь вовшахтоьхна террористашна дуьхьал къийсам дIабахьаран бусалба пачхьалкхийн коалици. Цунна юкъабогIу бусалба 36 пачхьалкхан бIаьхой.
***
Стомара Казахстанехь билгалдаьккхира пачхьалкх йозуш цахиларан де. Цуьнца доьзна халкъана хьалха къамел дира мехкан Президента Н.Назарбаевс.
***
Украинин Президента П.Порошенкос дийцарехь, Польша Украинна 1 миллиард доллар кредит дала дагахь ю.
***
Россин Президент В.Путин Кремлехь цхьаьнакхийтира США-н госсекретарца Дж.Керрица. Цара дийцаре дира Шемара а, Украинера а хьал синтеме дерзорехь цхьаьнагIуллакхаш даран хьокъехь долу гIуллакхаш.
***
Россин премьер-министр Д.Медведев Чинехь цхьаьнакхийтира Чинин Председательца Си Цзиньпинца. Цара дийцаре дира экономикин зIенаш чIагIъяран хьокъехь долу гIуллакхаш.
***
Байканур космодромера стомара космосе дахана шена тIехь кхо космонавт волу «Союз ТМА – 19М» корабль. Оццу дийнахь иза дIахоттаделла дуьненаюкъарчу космически станцех.
***
В.Путина куьг яздина 2016-чу шарна йолчу федеральни бюджетан хьокъехь долчу законна. Оцу законца нийса а догIуш, 2016-чу шарахь бюджетан дефицит 2,3 триллион сом хила герга ду.
***
Россин къоман антитеррористически комитето бечу хаамашца хIокху шарахь вайн махкахь хIаллаквина бандтобанийн 36 «тхьамда».
№143, еара, гIуран (декабрь) беттан 17-гIа де, 2015 шо