Невран районан Новотерски юьртан библиотека юьртан Культурин цIийнехь ю. ТIехьаьжча, районан Культурин цIа ду мотталур долуш, доккха, хаза ду цIа. Тап-аьлла тийна дара уьйтIахь. Дитташна тIера гIаш тоххарехь охьаэгна делахь а, амма диттийн парк а, Культурин цIийнан йоккха, сирла зал а кхоллараллин суьйренаш ца йича кхоам болуш аьхна яра. 15-чу декабрехь библиотекин заведующис Хутиева Седас Литературин шо дерзарна лерина кхоллараллин суьйре вовшахтоьхнера цигахь. Суьйре дIахьочу Хутиева Седас хьеший бовзийтира, цул тIаьхьа дийцира чекхдолучу 2015-чу шарахь Литературина лерина шайн библиотекехь динчу гIуллакхех. Нохчийн литературин классикийн цIерш а йохуш, билгалъехира халкъана дукхаезаелла говзарш. Нохчийн меттан хазаллах а, нохчийн къоман литературах а лаьцна паргIатчу кепехь дуьйцура Нохчийн Республикин халкъан яздархочо Сеймулханов Мусас а, поэта Бухадиев Мусас а.
Юьртарчу школин лакхарчу классийн дешархой а, церан хьехархой а, Культурин цIийнан белхахой а бара ладогIархой.
«Оьрсийн а, дуьненан а литература, яздархой бовза беза, церан книгаш еша еза. Амма уггаре а хьалха нохчийн къоман яздархойн говзарш хууш хила веза. Нохчийн маттахь ешаро ирсе во, ткъа вайн яздархой шатайпа кхолламаш болуш, шайн къам а, мохк а дукхабезаш баьхна нах хиларе терра, даггара дош аьлла бу нохчийн маттах а, нохчийн къоман исторех а», – элира С.Хутиевас.
Поэта Бухадиев Мусас билгалдира районан яртийн цIерш нохчийн маттахь хилча дика хир дара аьлла. «Шен къоман мотт хууш хила деза шу, кхечу къаьмнийн меттанаш хаар а ду доккха беркат», – элира цо. Цул тIаьхьа шен байташ йийшира.
Царах дукхахъерш вежарша Шарпудис а, Ризавдис а ИсмаиловгIара мукъамаш баьхна, халкъалахь дезаш тIеэцна иллеш хилла дIахIиттина.
Новотерски юьртан школерчу дешархоша Дутиева Амината а, Асуханова ПетIамата а,Айдамиров Абузаран байташ а, дийцаршна юккъера кийсагаш а йийшира. Хьехархошна а, дешархошна а хазахеттера суьйре. ЧубогIучу хенахь ладоьгIу-уш баьхкинехь а, хIинца дIабаха ца лууш леррина ладугIуш Iара уьш. Цхьаьнакхетар дерзош библиотекин заведующис баркалла элира шайн лерам бина баьхкинчу хьешашна.
И тайпа суьйренаш, яздархошца цхьаьнакхетарш кест-кеста вовшахтоха дагахь ю Седа. «Кхетош-кхиоран белхан доккха цхьа дакъа ду хIара санна цхьаьнакхетар», – элира цо. Шаьш школехь бечу балхана доккха гIо хуьлу Хутиева Седас иштта цхьаьнакхетарш даро, бохура школерчу хьехархоша Молочаева Амината, Закриева Мадинас, Исаева Маржана, Алиева Бирланта.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
Суьрта тIехь: Новотерски юьртан библиотекера кхоллараллин цхьаьнакхетар
№144, шот, гIуран (декабрь) беттан 19-гIа де, 2015 шо