Керлачу шеран базалг ю кечъеш

    Керла шо тIедогIуш массеран а: кегийчеран а, баккхийчеран а самукъадолу. Ламаст хилла схьадогIуш ду Керлачу шеран даздаршна лерина базалг хIоттаяр.  Къаьсттина кегийчу берийн самукъадолу цу базалгах.Керлачу шарна базалг ю кийча

    Соьлжа-ГIалахь «Грозный-сити» комплексана уллехь дIахIоттийна Нохчийчоьнан  коьрта базалг. Иза кечъяран белхаш муха дIахьош бу хаа лаам хиларна хIокху деношкахь цига кхечира тхо.

ХIокху шеран 14-чу ноябрехь дIаболийна базалг кечъяран белхаш. Уьш кхочушбо  «Соьлжа-ГIалин  электрически сеташ» МУП-н белхахоша. Масех автокран дIа а хIоттийна, базалга тIе тайнигаш хьалаухкуш бара белхахой, ткъа кхиберш гуобаьккхина йолу майда  кечъеш бара.

Базалган локхалла 52 метр ю. Цу тIетесна йолу бес-бесара тайнигаш ловзаргаш геннара хьаьжча башха яккхий ца хетахь а, улле а вахана хьаьжча, хаало уьш дикка яккхий хилар. Тайнигаш йоцурш а, тIехь бIаьрг а ца соцуш къегина долу кехатийн кочарш а дара цу тIетесна. Мел воккханиг а ойланашкахь бералле вуьгур волуш яра базалг. Гуонаха йолу майда а хазъеш, кечъеш яра. Базалгана тIетесна  ца Iаш, цхьа шатайпа рагIун кепехь долчу четаршна  т1е а теснера кочарш. Керла шо тIекхача йисинарг дукха хан яц. Республикин коьрта базалг кийча ю ала мегар ду бахархой тIеэца. Вай тешна ду, даздаршка баьхкинчеран цунах самукъадериг хиларх.

 

З.ЛОРСАНОВА

Авторан суьрта тIехь: Республикин коьрта базалг 

 

№144, шот, гIуран (декабрь) беттан 19-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: