Кегийрхошна хазахийтира концерт

    Кху деношкахь Нохчийн пачхьалкхан университете шайн концертан программица хьошалгIа веанера философин Iилманийн доктор Эфендиев Фуад, оьрсийн халкъан инструментийн оркестран куьйгалла деш волу ГIебартойн-Балкхаройн Республикин культурин хьакъволу белхахо, Къилбаседа Кавказан пачхьалкхан искусствийн институтан халкъан инструментийн кафедран доцент Лопатин Вячеслав. Цара шайца оркестран декъашхой балийнера. Университетан актови залехь елира оркестро шен концерт.оркест

Цара йовзийтира шайн репертуар. Оьрсийн халкъан мукъамашна тIера, цигонийн мукъамашна а, иштта дуьненан музыкин классикина тIекхаччалц мукъамаш хазийтира оркестро. Хьовсархойн таро хилира бевзаш болчу композиторийн: Теодоракис Микисан, Караева Каран, Гридин Викторан говзаршка ладогIа. Вай лакхахь хьахийначу университетан хьехархойн а, студентийн а чIогIа самукъадаьллера оркестро гайтинчу концертех. Хьешашца хилла и цхьаьнакхетар тIаьххьара хилла хуьлийла шайна лууш цахилар, билгалдаьккхира цара.

З.САГАЕВА

Суьрта тIехь: оркестран дакъалацархой

 

№144, шот, гIуран (декабрь) беттан 19-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: