Нойбоьрахь лоьраш а кхуьу

IMG_3417

– Эдик суна вовзар цуьнан лоьран белхан некъан юьххьехь нисделла, – дийцира Соьлжа-ГIаларчу тIеман ветеранийн госпиталан коьртачу лоьро Дудаев Рамзана, – мел  жима велахь а, лоьран некъ атта боцийла хууш а, ша бечу белхан говзанча хила алсам а, кхин сов  а къахьега дезийла хууш а лор ву иза. 2002-чу шарахь хIокху госпиталехь лор-ординаторан даржехула болх бан волавеллачу Эдикан ирс хилира шина-кхаа шарахь дика зеделларг долчу лоьраца Эвтарарчу Сулиманца (Дала гечдойла цунна) болх бан. Вуьшта а керланиг довза лууш а, шен болх безаш а, и дош хеташ а волчу кIантана дика практика хилира и шераш. 2005-чу шарахь дуьйна  госпиталан урологин отделенин куьйгалхо ву Эдик. Дика  вовшахтохархо а, говзаллин анайисташ йовза а, церан кIоргенашка,  кхача болу лаам баьгна балаза а ву иза.

Цо отделенехь дIахIоттийначу низамна а, бечу балхана а реза ву со. Схьахетарехь, Магомадов Эдиках ала кхин дIогара хIума а ца дитира цуьнан коьртачу лоьро. Куьйгалхочун хьежамехь, иштта шен меттигах жоп дала охIла волчу лоьрах дийцар а, иза массарна а вовзийтар а тхешан декхар хийтира тхуна а.

1993-чу шарахь Гуьмсан районерчу Нойбоьран юкъарадешаран школа тIехдика дешарца чекхъяьккхина Магомадов Эдик, оццу шарахь Нохчийн пачхьалкхан университетан медицинин факультете деша вахара. Дешаран шераш чекхдевллачул тIаьхьа болх бан волавелира Гуьмсан районан больницехь. Кхузахь хирурган говзаллехула чекхъяьккхира интернатура а. 2002-чу шарахь Москварчу С.П.Боткинан цIарахчу больницехь урологин корматалла лакхаяккхаран курсаш чекхъяьхначу къоначу лоьрана довза лиира андрологин Iилманах дерг.

– Дукхахболчеран хьесапехь андрологи цхьа готто говзалла йолу Iилма ду. Амма лор-андролог иза дика уролог а, хирург а, терапевт а хила веза, – дийцира Эдика.

Ала деза, вайн республикехь оцу Iилманехула говзанчаш Э.Магомадовна тIекхаччалц хилла цахилар. 2008-чу шарахь Москвахь дIаяьхьначу дуьненаюкъарчу лоьрийн-андрологийн конгрессехь дакъалаьцначу Магомадовн дуккха а зеделларг долу, яккхий цIераш йолчу лоьрашца цхьаьнакхетар хилира. Оцу гIуллакхо тешийра хIара ша нийсачу новкъахь хиларх. Андрологин Iилманехь шена зеделлачух а, ша биначу талламех а лаьцна 10-х Iилманан статьяш зорбане яьхна Эдика. Россин андрологийн, урологийн Ассоциацин декъашхо а ву иза. Ала деза, цуьнан куьйгаллица урологин Iилманехула  интернатура чекхъяьккхина иттех къоначу лоьро, царах кхааммо чекхъяьккхина ординатура а. Ткъа андрологин Iилма довза лууш билгалваьлла Ужахов Мохьмад  Россин андрологин центре говзалла Iамон а аспирантуре деша а вахийтира Эдика. Цуьнан кхиамаш тергамехь латтабо Эдика. Цунах говза лор-андролог хирг хиларх тешна а ву, иза.

Хууш ма-хиллара, тIеман шерех чекхъяьллачу вайн республикехь, кхин долу лазарш санна, урологин лазарш а алсамдевлла. Иза доьзна ду, лакхахь билгалдаьхначу тIеман шерашкахь вайн бахархошна хилла эшамех а, оьшшучул лоьраш-говзанчаш цахиларх а, молу хи а хила ма-деззара цIена цахиларх а. Царалахь а коьртаниг ду, вайн бахархой шайн могашалла ларъян цаIамар. Оцу хьокъехь динчу шен къамелехь Магомадовс билгалдаьккхира:

– Республикин медицинин муьлххачу а декъехь къахьоьгучу лоьрийн  санна, тхан а коьрта Iалашо ю ницкъ кхочучу кепара вайн бахархошна могашалла Iалашъярехь гIо лаца а, царна оьшуш долу дарба дан а. Дукха хьолахь тхоьга орца доккху жанашца тIулгийн лазар бахьана долуш. Оцу диагнозах кIиранах 15–20-не кхочуш операци ян езаш меттигаш дукха нисло. Схьахетарехь, царах ах молханийн дарба дарца могашалла меттахIоттон таро йолуш хир бара, нагахь шарахь цкъа мукъане а лоьрашна тIедоьлхуш а, вешан могашаллин хьоле хьожуш а вай делхьара. Кху тIаьхьарчу шерашкахь госпиталехь дика молха-дарба лелорна, кхуза бахка луурш дукха хуьлу могашалла галъяьллачарна юккъехь. Делахь а дицлойла ца лаьара, тхан коьрта пациенташ тIеман дакъалацархой а, церан доьзалш а, тылан белхалой а, доцца аьлча, цу декъехь болу бахархой бу, амма ницкъ кхочучу кепара цхьанна а дуьхьало ца ян гIурту тхо, хIунда аьлча, цомгашниш тхан говзаллех тешна хиларал сов, къа а ма ду церан.

Лоьран балхах лаьцна а, иза дай, дика куьг долуш ву-вац а, цо дарба лелийначу цомгаш хиллачара дика  дуьйцу. Эдиках лаьцна иштта дийцира дукхазза а цуьнгара гIо-накъосталла хиллачу Хьалха-МартантIерачу Салаудинов Мохьмада:

– Ког  а ца баккхалуш иттех дийнахь меттахь виснера со. Цу халачу кху хьолехь госпитале кхечира. Эдика дарба лелийначул тIаьхьа суо юха дуьнен чу ваьлча санна, хийтира суна. Ала деза, Эдик дукха лераме, тергаме, цомгашчуьнца аьхна, адамалла йолуш лор ву. Иштта лоьраш вайна оьшуш хиларан цхьа а шеко яц.

Шен хаарех тоам бина Iаш а вац къона  лор, даима а керлачун лехамехь ву иза. «ТIаьхье цахиларан бахьанаш дIадахарна дарбанаш» тема хаьржина цо Iилманан диссертаци язъян. Вайн республикехь андрологин декъехь кхочушдан дезаш дукха гIуллакхаш хиларна хаьржина цо и тема. Магомадовс дийцарехь, андрологин агIор сингаттам болу божарий лоьран тергамехь хила безарал сов, уьш шайн могашаллица а лерина хила беза, ткъа лоьраша профилактикин а, диагностикин а, реабилитацин а гIо-накъосталла латто деза царна.

– Цхьа а шеко йоцуш, вайн республикехь оьшуш ю андрологин центр,– дийцира Эдика, – цу дуьхьа къахьега мало ца ен лоьраш а оьшу вайна. Вешан тIаьхьенан а, иза могаш йолуш кхиаран а вай гIайгIа ца бахь, схьагун бакъдерг дIогара паргIатдовла йиш йолуш дац. Хилла тIемаш бахьана долуш алссам божарий хIаллакьхилла вайн, бухабиснарш а, оцу шерашкахь лайна халонаш бахьана долуш могашалла галъяьлла бу, ткъа тIекхуьурш а вайна ма моьтту могашалла йолуш а бац, цунна тайп-тайпана социальни бахьанаш а, хIаллакьхилла экологи а, кхачаме боцу кхача а, хи а, иштта кхин а кхачамбацарш ду. Юха а коьртаниг, лазар гена ца долуьйтуш лоьрана тIе вахар а ду. «Кханено-м хIун дахьар дара таханенал хийцаме долуш» боху ойла улле а ца йоуьйту Эдика шена, цундела тешна ву иза андрологин центр вайн гIалахь схьайоьллург хиларх.

– Хийла вайна хир дац аьлла хетарш хиларан тешаш ду вай, – боху цо, – цундела вайн бахархойн могашалла Iалашъярна оьшуш дерг хилахь, иштта центр а хир ю.

Даггара теша лаьа, «Нохчийн Республикин хьакъволу лор», Н.И.Пироговн орденан кавалер, «Шен декхаршна а, Даймахкана а хьанал хиларна» а, «Ветеран» интернационалист» а мидалшца совгIаташ дина волу, Республикин Куьйгаллера а, Правительствера а, могашаллин министрера а сийлаллин грамоташ а, баркаллин кехаташ а магийна, «Врач народного признания» конкурсан толамхо а волу Магомадов Эдик шен сатийсамашка кхочург хиларх. Эдикан атта доцу белхан декхарш цуьнца доькъу жимахволчу вашас Асхьаба. Говзаллехь Эдике ца кхачахь а дика кIант а, говзачу  лоьран  хиндерг  долуш а ву аьлла билгалвира иза шайн отделенехь. Массарна а хууш Нойбоьра евзаш ю алссам аьчкан-пхьераш хиларца. Церан башха говзалла къегина гуш хуьлу Гуьмсе боьдучу некъан бохалла. Ткъа МагомадовгIар бевзинчарна хаа ду: Нойбоьрахь говза лоьраш а кхуьу.

Т.САРАЛИЕВА

 Суьрта тIехь: Э.Магомадов       

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: