Берсанова Залпаъ дика евзаш ю вайн республикерчу Iилманчийн гуонашкахь. Иза Нохчийн Республикин Академехь а, Нохчийн пачхьалкхан университетехь а болх беш ю. Шинхьа а дика ларош схьайогIуш ю. Цул сов, цуьнан масех книга а араяьлла, дешархоша хазахетарца тIеэцна. Книгаш исбаьхьаллин говзарш елахь а, Iилманан хIуо детталуш ю. Берсанова Залпаъ Iилманча хиларна нисделла хир ду иза иштта. Нохчийчохь вевзаш волчу яздархочун Берсанов Хож-Ахьмадан йоI ю Залпаъ. Вайнехан гIиллакх-оьздангалла лоруш, цуьнан тIалам бечу доьзалехь хьалакхиъна ю йоI. Соьлжа-ГIалара №2 йолу юккъера школа кхиамца чекхъяьккхина, цкъа хьалха вайн республикерчу университетан историн факультете деша яхара иза, даго къастийначу говзалле кховдаран хьалхара гIулчаш йохуш. ТIаккха МГУ аспирантуре яхара. Дуьненна бевзачу лакхарчу дешаран кхерчахь Iилманан лехамаш, талламаш бан Залпаа билгалъяьккхинарг этнологин кафедра яра.
ХХ-ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь историн Iилманийн кандидатан диссертаци циггахь тIечIагIйира цо. «Чеченский этикет: феномен нохчалла» яра къоначу Iилманчас тIечIагIйинчу диссертацин тема. Цу хенахь йолало иза книгаш язъян а. Берсанова Залпаан дуьххьарлера книга 1997-чу шарахь Москвахь зорбане яьлла. Цуьнан цIе яра «Я выбираю горы». 2002-чу шарахь циггахь зорбане йолу цуьнан шолгIа книга «Купленное счастье» цIе йолуш. 2004-чу шарахь зорбане елира кхозлагIа книга а. Цуьнан цIе «Дорога домой» яра. Москвара цIайирзина Берсанова Залпаъ лакхахь билгал ма-даккхара тахана Нохчийн Республикин Академехь болх беш ю. Этнографин декъана куьйгалла деш ю иза. Делахь а, Делан къинхетамца шена карабирзина яздархочун болх дIа ца тесна Iилманчас. Кху деношкахь зорбане яьлла Берсанова Залпаан йоьалгIа книга. Цуьнан цIе ю «Судьбы ученых». Нохчийн къоман истори, культура, литература езачарна мерза кхаъ хилла книга дIахIуттург хиларан шеко яц. Халкъан а, мехкан а дуьхьа хьанал къахьегначу адамех, церан къаьхьа чам бетталучу кхолламах лаьцна очеркаш ю книгина юкъаяхнарш. Берсанова Залпаан кхийолу книгаш санна оьрсийн маттахь язйина елахь а мотт шера, ойла шуьйра, яздархочун говзалла лаккхарчу тIегIанехь йолуш язйина ю иза. Ткъа уггаре а коьртаниг, книга ешча гучу долу, ша схьаяьлла къам, цо хьегна къай, балий, къоман яхь йолу кIентий, мехкарий Берсанова Залпаана дика бевзаш хилар, церан кхиамех иза йоккхаеш хилар, цара хуьйдинчу Iазапо авторна дегаIийжам латтош хилар. Чаккхенехь билгалдаккха луур дара Iаламат мехала болх бу Iилманчас бинарг. Вайн мехкан тоьллачу адамийн кхолламаш бу цо бовзуьйтурш. Къоман дозалла хилла дIахIиттина дукха хан ю Берсанова Залпаа шен рогIерчу книги тIехь буьйцу турпалхой. ХIинца тIаьхьарчу тIаьхьенийн а таро хир ю уьш бовза.
А.АРАПХАНОВА
№144, шот, гIуран (декабрь) беттан 19-гIа де, 2015 шо