(Композиторан Даудов Рамзанан 60 шо кхачарна лерина)
Даудов Рамзан… Нохчийн къоман культурехь цхьа сирла агIо. Комаьрша адам, похIме мукъамча (композитор), хьуьнаре говзанча. Лаккхарчу тIегIанехь ю цуьнан корматалла. Вайнехан эстрадехь дезаш тIеоьцуш ду Даудов Рамзана мукъам баьккхина иллеш. Баккхийчарна, кегийчарна цхьабосса товш ду уьш. Муьлххачу жанрехь делахь а, цаьрца алссам къоман хIо ду, уьш синхьааме ду, ладогIа дог доуьйтуш ду. ХIора мукъамо а тоьшалла до автор кIорггера хаарш, ира хьекъал, къеггина похIма долуш стаг хиларна. Ткъа уггаре а коьртаниг, ша схьаваьллачу къоман хьанала кIант ву Даудов Рамзан. Замано шераш дIаидорах, гIиллакхах, оьздангаллех цкъа а хаьдда вац мукъамча. Де дийне мел долу тIеттIа серлаюьйлуш схьайогIу композиторан исбаьхьа кхолларалла. Цуьнан дукхах йолу говзарш къоман культурин хазна хилла дIахIиттина. Цара уггаре а хьалха дозалла дойту, Веза-Воккхачу Дала хьо нохчи кхоллар а, хьайн къоман оьздачу гIиллакхашца ваха аьтто болуш хьо хиларх а. ТIаккха дахаре болу безам чIагIбо цара, дог-ойла ир-кара хIоттайо, къоман сирлачу кханенах дегайовхо кхуллу.
Шен дукхах болу нийсархой санна вайнах махках баьхначу муьрехь 1955-чу шеран 17-чу декабрехь дуьнен чу ваьлла Даудов Рамзан, Казахстанерчу Семипалатински областан Акжал юьртахь. 1961-чу шарахь цIавирзира Рамзанан да Докка Нохчийчу, хийрачу махкара шен кегий доьзалш а балош. Шен ворхIе да ваьхначу ГIойтIахь ваха хиира иза, хьаналчу къинхьегамца доьзална напха латтош. ГIойтIахь вахара Рамзан юккъерчу школин хьалхарчу классе деша а. Цунна цкъа а дагахь дацара шех мукъамча хир ву аьлла. Спорте безам болуш, жимачохь дуьйна тайп-тайпанчу секцешка дог-ойла йолуш вара иза. Мелла а ондаваьлча охьатохарх латаран спортан кеп тайна, цига дIаязвелира кIант. Дика кхиамаш а бара цуьнан охьатохарх леташ. Школа чекхъяккхале дика кхиамаш болуш спортсмен хилира цунах. Амма дагахь доцуш бIаьрса галделира. ТIаккха дегIана ницкъ бан мегарг цахилар гучуделира кIантана, спорт дIатаса дийзира. Делахь а, бераллехь дуьйна Рамзан мокъа Iан Iемина вацара. Юккъера школа чекхъяьккхина валале, цуьнан чIогIа лаам хилира, кхидIа долчу дахаран говзалла билгалъяккха. Ткъа хIара кест-кеста школехь аз а, лерса а дика хиларна илли ала дIахIоттавора хьехархоша. И бахьана хила там бу, спортаца йолу уьйр-марзо дIахадор лоьраша тIедожийча, цунна ГIойтIарчу мукъамийн школе ваха марздалар. Мукъамийн школехь везаш тIеийцира похIме кIант, дика Iамийра. Цунна къегина тоьшалла ду ГIойтIара юккъера школа кхиамца чекхъяьккхина а ваьлла Даудов Рамзан, 1976-чу шарахь Соьлжа-ГIаларчу мукъамийн училище деша вахар а, массо зерех чекхвалар а.
Хьал ца хуучунна хIинца моттадала тарло, цига ваха Iаламат атта дара аьлла. Советийн заманахь Соьлжа-ГIалахь хилла мукъамийн училище Къилбаседа Кавказехь тоьллачарех цхьаъ яра. Москвахь, Ленинградехь кхиамца консерватореш чекхъяьхна, кIорггера хаарш, лакхарчу тIегIанехь корматалла йолу хьехархой бара вайн кегийрхошна, мехкаршна мукъамийн къайленаш йовзуьйтуш. Училище деша дIатасавала лууш верг халчу зерех чекхвала декхарийлахь вара. Цкъа хьалха мукъамийн школа чекхъяьккхина, кхачам болуш кечам бина хила везаш а вара. Даудов Рамзана бинера и кечам, дагца къобал йина цо хаьржина отделени, вокалан а, хоран а говзанчаш кечбеш ерг яра. Амма цунна кIезиг хийтира цхьана отделенехь ша караерзош йолу говзалла. Цуьнан къона дог композицига кхийдара. Цу исбаьхьачу дуьненахь зен лиира Рамзанна шен хьуьнар. «Доггаха вилхинчунна бIаьргах цIий деана» – аьлла вайн хьекъалечу дайша. Бераллехь дуьйна вара Рамзан хьалха хIоттийначу Iалашоне кхача лууш. Иштта хилира училищехь доьшуш волуш а. Цу муьрехь язйина цо шен дуьххьарлера мукъамийн говзарш. Церан лаккхара мах хадийра говзанчаша. Цунах кхаъ хиллачу жимачу стеган, ойла чIагIъелира кхидIа а керла мукъамаш даха. Дуьххьарлера эстрадни илли а, училищехь доьшуш волуш яздина цо. Дукаев Салманан дешнаш тIехь даьккхина «Эшна безам» цIе йолуш илли дара иза. Массарна хазахийтира иза. Кест-кеста радиохь а, телевиденехь а хезаш дара. Делахь а, хIинца санна паргIатонаш, бIегIийлаш яцара кхоллараллехь болх бан луучу кегийрхойн, къаьсттина, уьш вайн къомах белахь. Цундела, кхин гIар ца волуш училищера дешар чекхдаккха дийзира къоначу композиторан. 1980-чу шарахь цо кхиамца чекхдаьккхира иза. Мукъамийн исбаьхьчу дуьнене дуьххьара гIулчаш ша яьхначу ГIойтIарчу школе юхавирзира къона говзанча, кисанахь диплом а долуш. Масех шарахь ГIойтIарчу мукъамийн школехь хьехархочун болх бира жимачу стага, шен юьртарчу берашна кхоллараллин исбаьхьалла йовзуьйтуш. Кхузахь, Даудов Рамзанан кхин цхьа къайле гучуяккха луур дара суна. Хаза аз долуш, сцени тIехь товш, куц-кеп долуш, илли олуш вара жима стаг. Цкъа радиоэфирехь, цуьнан башха аз хезна ладогIархой, даима сатесна хуьлура и тамехь аз юха а хазаре. Кест-кеста кехаташ яздора радиоладогIархоша, Даудов Рамзане илли алийтар доьхуш. Цундела, дукха тамашийна ца хета 1982-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан филармоне цуьнга вокалистан балха кхайкхар. Цу муьрехь кхоьллинчу «Ичкерия» ансамблехь солистан болх бо къоначу иллиалархочо. Зевне дека цуьнан аз. Чулацаме хуьлу цуьнан иллеш. Царах цхьаъ ду Хасбулатов Ямлиханан дешнаш тIехь Кантаев Мусас мукъам баьккхина «Сенъелла йогIу, сенъелла йогIу, сенъелла йогIу шера аре…» цIе йолу илли. Цу муьрехь дуьххьара Даудов Рамзана дIааьлчарех ду Хатуев Iабдул-Хьамидан дешнаш тIехь даьккхина «Стиглара дIабайна седа, лаьмнашкахь чубуьйжи сай…» иштта кхидолу а тахана къоман эстрадин классика хилла дIахIиттина иллеш. Ткъа уггаре а коьртаниг: цо цкъа а диц ца дора нохчийн къонах ша хилар. Даудов Рамзанца цкъа а ца хилла вайнехан иллиалархочуьнгахь товш доцу хIуманаш, къонахчуьнгахь тамехь доцу иллеш. Цо цкъа а ца далийтина шегара осалниг, дастамениг. Цундела, даима везаш, боккхачу лерамца тIелоцура иза ладогIархоша.
1986-чу шарахь цIеххьана Даудов Рамзан «Ичкерия» ансамблера дIаволий, Хьалха-Мартан кIоштан культурин цIийне балха воьду. Цигахь шен куьйга вовшахтуху цо «Нохчо» цIе а йолу божарийн вокальни тоба. Оцу тиллиначу цIаро гойту мукъамчийн къилба муьлхачу агIор хилла. Говзаллин лаккхарчу тIегIанехь вокальни тобано кечдо, похIме дIаолу вайнехан халкъан иллеш. Зевнечу иллеша Къилбаседа Кавказехь гIарайоккху «Нохчо». Махкахь а, дозанал арахьа а кест-кеста дIахьочу мукъамийн массо а фестивалан, конкурсан еза хьаша хуьлу иза. Шайн похIмица, нуьцкъалчу аьзнашца шена тIе тидам ийзабо вокальни тобано. Дуккха а фестивалийн, совгIатийн лауреат хилла иза. Даудов Рамзан вара цаьрца даима къахьоьгуш, уьш низамехь латтош, илли дIаалар шардеш, аз айдан а, оьшучохь цунна урхалла дан а Iамош. Мехкан куьйгалхошна тидамаза ца бисира Даудов Рамзанан хьанала къинхьегам. 1991-чу шарахь дуьххьара сийлахь цIе елира цунна «Нохч-ГIалгIайн Республикин культурин хьакъволу белхахо» аьлла. Цу муьрехь гучудийла дуьйлало Даудов Рамзана мукъам баьккхина керла иллеш. Композиторан ерриге а сирла кхолларалла санна, уьш дара нохчаллех дуьзна, къоман фольклоран хIуо детталуш. ХIоранца тосалора Даймахке болу безам, композиторан синондалла, нуьцкъала амал, ира хьекъал, хастам хиларо, АллахI-Дала, делла къегина похIма. Уггаре а хьалха билгалдаккха луур дара, цу муьрехь къоначу композитора мукъам баьккхина «Чергазийн чехкалла, некъан бохалла, цкъа тоьхча тоьар ю дикачу динна шад…». Цхьана авторан кхиам хилла ца Iаш, вайнехан ерриге а культурин кхиам лара хьакъдолуш илли дара иза. Гуш дара, вайнехан эстрадехь шатайпачу башхаллица лепа керла седа хьалалетта хилар. Еххачу ханна махкахойн ойланаш, синкхачанах хьаьгна экама синош йийсаре лецира цо, дуьнен чохь ша йоккхучу заманахь кхин цкъа а дIа ца хеца. Нохчийн къоман оьзда мукъамаш дезачу адамийн синойн эла хилла дIахIоьттина похIме композитор. Цуьнан башхачу иллеша дуьне хаздо, ойла тIома йоккху, керлачу анайистошка кхойкху. Амма баьхначу кхиамех цкъа а тоам беш вац иза. Сий-ларам лакхабаьллера аьлла, къахьоьгучуьра цкъа а сецна вац. Цо хаддаза шен семачу тидамехь латтадо бераш а, диц ца до царна леринчу иллешна мукъамаш дахар а. ДагадогIий шуна массарна мерза кхаъ хилла дIахIоьттина Ахмадов Мусан дешнаш тIехь Рамзана даьккхина «Писолиг» цIе йолу илли:
Ду со месала, ду со кура
Бабин писолиг ду со,
Бабас йоттахь молу шура,
Бабас тохахь доьлху со…
Мел дукха хан ю и илли юкъадаьлла, делахь а берашна кIорда ца деш, хазахеташ, тIеоьцуш зевне ду иза. Къеггина похIма долчу авторийн кхоллараллин доттагIалла долчохь, нисло иштта сирла иллеш. Цундела цхьабосса баккхийчарна, берашна чIогIа хазахета уьш, кIорда ца деш ладугIу цаьрга.
ХХ-ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь, буьрсачу тIеман цIаро Нохчийчоь ягош дукха адам махкаха делира. Бакъду, Даудов Рамзане-м дIа ца тасаделира дай баьхна латта. Инзаречу тIеман къизалла, цо йохьу хало, шело, мацалла шен къомаца лайра цо. Цундела дуй-те аьлла хетало, наггахь композиторан сирлачу кхоллараллехь тийначу гIайгIанан IиндагI. Къомо лайначу халонийн къахьо тосало Даудов Рамзана баьхначу дукхах болчу мукъамашкахь. И данне а дац, самукъане мукъамаш цуьнан бац бохург. Джамбулатов Рамзанан дешнаш тIехь композиторо даьккхина Домбаев Мохьмада дIаолуш долу «Седарчий» илли тоьар дара хьеннан а ойла тIома яккха. Делахь а, ладогIархо ойлане ваккха, гойтучу суьртана декъа озо ницкъ кхочуш иллеш алсам ду-кх цуьнан. Ткъа Даудов Рамзана мукъам баьккхинарг дерриге а 300 сов илли ду. Дукха авторш, вайн махкахь гIарабевлла бевза поэташ бу цо кхоллараллин гергарло дIакхоьхьуш: Рашидов Шаид, Абдулаев Леча, Бисултанов Апти, Хатуев Iабдул-Хьамид, (Дала геч дойла цунна) Цуруев Шарип, Арсалиева Люба кхиберш а. Даудов Рамзана даьхначу тайп-тайпанчу иллех цхьацца хIора шарахь вайн махкахь дIахьочу «Дахаран илли» цIе йолчу фестивалехь толам боккхуш ду. 2014-чу шарахь «Шеран композитор» сийлахь цIе тиллира цунна. И шо композиторна беркате хилла ала мегар ду. Уггаре а коьртаниг, бераллехь дуьйна шен хилла лаам кхочуш беш, Хьаьжин цIа вахара Даудов Рамзан. Цул сов, Нохчийн Республикехь интеллектуальни туьшо искусствон номинацехь совгIат «Дато бухIанца» дира цунна. И дерриге а шатайпа серладуьйлу цуьнан зевне иллеш бахьанехь ду. Иза мукъамаш даьхна Iаш вац. Къоман яхь йолу кIант хиларе терра, цуьнан даима чIогIа сагатдо, лар йоцуш довш лаьттачу нохчийн халкъан мукъамаша. ТIом дIабаьлчахьана уьш схьагулдеш болх беш ву иза. Композиторан цу тIехь Iаламат боккха аьтто баьлла. Схьагулдина, уьш дерриге а ноташца дIаяздина 2009-чу шарахь «Кавказан Iуьйре» цIе йолуш, юкъахь 200 сов халкъан мукъам болуш гулар зорбане яьккхира цо. Мерза кхаъ бу иза къоман культура езачарна. 2011-чу шарахь берашна лерина кхин цхьаъ мукъамийн гулар зорбане яьккхира композитора «Керла иллеш» цIе а йолуш. 2012-чу шарахь Даудов Рамзана схьагулдина зорбане дехира нохчийн яздархойн туьйранаш, дийцарш, пьесаш. «Золотая планета» цIе йолу и гулар ярташкарчу клубийн белхахошна лерина ю, царна шаьш бечу балха тIехь гIо-накъосталла хир долуш.
2002-чу шарахь дуьйна Нохчийн Республикин культурин министерствон халкъан кхоллараллин туьшан директор ву Даудов Рамзан. Иза куьйгалле хIоьттичхьана, баккъал а тобелла туьшан болх. Нохчийчохь цхьа юрт яц цуьнан беркате куьйг кхачаза. Массо а юьртахь клубин болх карлабаккхийтина Рамзана. Болх карлабаккхарал сов, оцу массо а юьртан клубаца хаддаза зIе латтайо цо, Iуналла до, оьшучохь гIо-накъосталла до, ша ца ларочохь Нохчийн Республикин культурин министерстве орца доккху. Алссам керла проекташ юкъаяьхна Даудов Рамзана халкъан кхоллараллин туьшан куьйгалле хIоьттичхьана. Россин кхечу регионашкара культурин кхерчийн белхахой юкъаозош, хIора шарахь Нохчийчохь дIахьош ю: «Дайлам», «Традиции гор», «Цхьааллехь бу вайн ницкъ», «Даймехкан турслой», «Гуляй, станичники», иштта дуккха а кхиерш а. Массарна езаеллачарах ю «Кавказана машар» цIе йолу дуьненаюкъара фестиваль. Кавказехь дехачу дерриге а къаьмнийн векалш хуьлу цигахь дакъалоцуш. Ерриге а Кавказана Деза денош хуьлий дIахIутту «Кавказана машар» цIе йолу фестиваль дIахьо мур. Кхузахь билгалдаккха луур дара, массарна дукхаезаеллачу цу фестивалан гимн Даудов Рамзана язйина хилар. И гимн массара езаш тIеэцна.
2013-чу шарахь вайн махкахь берийн хор кхоьллира. ТIаьхьо цу хорана юкъаяьхкира Къилбаседа Кавказан кхийолчу республикийн берийн хоран тобанаш. Цу хорана куьйгалла дар Даудов Рамзанна тIедиллира. И сацам тIеэцнарш цуьрриг галбевлла ца хилар гайтира замано. Цунна къегина тоьшалла ду 2014-чу шарахь Сочера Олимпиада дIакъовлуш а, Россин Де ГIирмехь даздеш а, Севастополь гIалин Де даздеш а, иштта кхечу мехалчу даздаршкахь а жигара дакъалоцуш и берийн хор хилла хилар, бераша шайгара йоккха говзалла гайтина хилла хилар а. Славянийн йоза юкъадаларан Де даздеш а, Соьлжа-ГIалара ЦIечу майдана трансляци еш илли аларца, шайн корматталла гайтира вайн бераша. Хорехь дакъалоцуш Нохчийчоьнан массо маьIIера бераш дара. Уьш кечбиначу Даудов Рамзанан хьунар дара цу дикане уьш кхачийнарг.
Нохчийн Республикин композиторийн союзан председатель ву Даудов Рамзан. Шена тIехь Iаламат доккха жоьпалла дуйла хууш, чекхдевллачу тIемаша къинхетамза хIаллакйиина нохчийн къоман гIарабевлла бевзачу композиторийн кхолларалла схьагулъеш ву иза. Царна юкъахь нохчи хилла а ца Iа. Вайна хууш ма хиллара ХХ-гIа бIешо доладелчахьана кхечу къаьмнийн векалша алссам къахьегна вайнехан музыкальни культура кхиорехь. Уггаре а хьалха цIе яккха хьакъ ву: Г. Мепурнов, А. Халебский, Н. Речменский, иштта кхиберш а. Церан говзарш схьагулйина гулар зорбане яккха дагахь ву композитор. Хьаналчу къинхьегамехь ирс карийна Рамзан Даудовна. Цо мел деш дерг халкъан а, мехкан а дуьхьа ду. ГIойтIахь Iаш ву, цуьнан пхиъ доьзалхо ву. Уьш берриге а дешарца, балхаца дIанисбина дас-нанас. Иштта, хьуьнаре Рамзанан хIусамнана Эниса а ю. Хетарехь, Даудов Рамзанан дукхахболу кхиамаш цIа сагатдан ца дезаш, Эниса массо хIуманна тIехь нуьцкъала гIортор хилла, лаьтташ хиларна нисбелла. Цкъа церан ков-кертахь хиллачу стагана иза хуур ду. Цундела, замано тиш ца веш, кхузткъа шаре ваьлла халкъана, махкана дукхавеза композитор Даудов Рамзан. Кхин кхузткъе итт шарахь латтавойла вайна иза, Веза-Воккхачу Дала, иштта къона, каде, похIме волуш. Вай массо а сатесна ду, цуьнан керлачу иллийн зевнечу мукъамашка.
ГАЗИЕВА АЗА
№144, шот, гIуран (декабрь) беттан 19-гIа де, 2015 шо