Дикачу гIуллакхан масал

«Адаман уггаре а дезаниг дахар ду. Цуьнан  чаккхенехь, цхьа а Iалашо йоцуш,  дайъинчу шерех лазам ца хуьлучу кепара ваха веза стаг…»,  – оьрсийн вевзачу яздархочун Н.Островскийн и дешнаш дагадогIу ТIехьа-Мартан районерчу вахархочо Мамакаев Асламбека, кху тIаьхьарчу шерашкахь юьхьарлаьцна Iалашо евзича –  7–8 метр, ткъа цхьацца долчохь, иттех метре кхочуш  кIорга а, бIе метре кхочуш деха а, 40–50 метр шуьйра а хир долу Марта-хин, Iин дузуш ву иза. Схьахетарехь, бIеннаш «Камазашкахь» эзарнаш тоннаш жагIа, тIулг, латта чудоьхкина цо и Iин дузуш.IMG_6055

   Масех шо хьалха, хIора а бIаьста Марта дистина деъча, жим-жима алх йоккхуш чутекхна некъ, гIашлойн некъе бирзина, М.Мамакаев цIарахчу урамехь, бехачу нехан кевнашна, цIеношна тIекхаьчнера. Iедале орцадаккха кхоабелла-м ца Iара кхузара бахархой, амма йоккха юрт йоькъуш доьду шен амал йолу Марта, цкъацкъа жимачу татолах тарлахь а, дагахь доц-доццучохь бердаш чухерцош хиларна, меттигера  Iедал а дIогара ца ларадора цуьнца. Шен девешин, нохчийн вевзачу яздархочун Мамакаев Мохьмадан керта йисте, цуьнан музей чохь схьайиллинчу цIеношна улле гIертачу хин,  амал къаръян нийят хиллачу Асламбека, кху шина шарахь, хIора дийнахь бохург санна, къахьоьгу кхузахь (я хIинца а къахьегна ваьлла а вац). Иза гуш болу кхуьнан юьртахойх цхьаберш, белакъажар лачкъадой тIехбовлу, цхьаболчарна кхунна оцу къахьегарх цхьа йоккха дуьненан хазна тIейогIу моьтту. Кхуьнан цIена дог-ойла хилар девзарш а бу. Кхин хIумма а ца хилча, дика гIуллакх зен довр дац Далла гергахь а.

ХIинца и болх дикка аттачу баьлла, тIулг, жагIа догIанаша а, хиша а батийна, мокхазчу берде берзийна. Дукха хан йоццуш уьш нуьцкъалчу тракторе дIашардайтина, царах экъа яйтина Асламбека. ХIинца кхуьнан ойла ю хьена, Iаьржа латта а доьхкина, Делан дуьхьа а, шен девешин Мохьмадан безамна а, кхузахь беш йогIа.

Цхьа а шеко яц, музейн кетIара дIахьаьжча, ТIехьа-Мартан эвлаюкъ а,  Белхароев БатIал-Хьаьжин цIарах долу маьждиг а, цуьнан дешех лепа момсарш а кераюккъехь санна, схьагуш йолу хIара меттиг тIехьамартанхошна а, кхеран хьешашна а хьоме хилла дIахIуттург хиларх.

«Стаг ваха сутара хила веза,  дагахь доццучу лазаро, я пайдабоццучу хIуманах даьллачу бахьано хадон тарло дахар…», – шена зеделлачунна тIера аьлла Н.Островскийс. Юха а оцу дешнийн а, вай кху кIайчу дуьненахь йоккхучу заманан  кIезгаллин а ойла йича, шел тIаьхьа адаман бIаьрг хьостур болу муьлхха а дика хIума дитар, адамехь ийман хилар а, кIорггера бусалбалла хилар а ду аьлла хета. Иштта дика кIант Асламбек хиларан а яц цхьа а шеко. Дала меле дуьллийла цунна ша хьегна къа.

Вуьшта, ТIехьа-Мартан районан куьйгалла а шайн цIеяххана вевзачу юьртахочун Мамакаев Мохьмадан музейна оьшучунна хьаьжча хаза а, дика а хир дара. Цул сов, вайн къоначарна дийца ца дезаш, гайта масал а хир дара.

Т.Саралиева

 

№144, шот, гIуран (декабрь) беттан 19-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: