Керла университет хир ю

Нохчийчоьнан Iедало рогIера йоккха проект кхочушйийр ю аьлла дIакхайкхийнера карара шо долалуш. Иза дукха хан йоццуш кхочушъян йолийна. Дуьненахь уггаре а тоьллачарех хир йолу университет ю еш ерг. Iаьрбийн Цхьанатоьхначу Эмираташкарчу инвесторийн ахчанах йийр йолуш ю иза. Дийцарехь, дукхах болу хьехархой кхечу пачхьалкхашкара хир бу.

    2017-гIа шо чекхдалале йина яла езаш ю университет. Соьлжа-ГIалахь дуьненаюкъара университет хинйолчу меттехь латта буха «капсула» юьллуш, гулбеллера Нохчийн Республикин Куьйгалхо Р. Кадыров а, мехкан Iедалера нах а, иштта Эмираташкарчу инвесторийн компанийн векалш а.

Дешаран заведени йийр ю Дубайхь дуьненахь а уггаре а лекха цIа дина йолчу EMAAR компанино. Цуьнан куьйгалхо Аль-Аббари Мухьаммад а вара Соьлжа-ГIала, гIишло ян йолочу веана.

Дешаран кхерч баран хьокъехь дуьххьара къамел хилира 2014-чу шеран октябрь баттахь EMMAR компанин куьйгалхой Нохчийн Республике баьхкинчу хенахь.

Соьлжа-ГIаларчу дуьненаюкъарчу университетехь дешар а, цигахь болх бар а хьехархочун сийлахь хир ду. Дукхахболу хьехархой Австралера а, Малайзера а, иштта Москвара а бало Iалашо ю. Иштта, кхечу яккхийчу гIаланашкара  белхахой а хир бу цигахь.

Цкъачунна хууш дац, оцу дешаран заведенехь муьлха факультеташ хир ю. Билггал къаьстина дерг ду дешаран ерриге а программа, дуьненахь тоьллачу университеташкахь санна хирг хилар. Иштта университет вай долчохь йиллар, боккха юьхькIам болуш гIуллакх хиларх лаьцна дуьйцу дукха эксперташа, кхиболчу наха а.

ТIаьхьарчу шерашкахь республикехь юкъаяьхна дуккха а проекташ ю. Уьш ерриге а кхочушйина яц хIинца а. Оцу гIуллакхана республикин куьйгалхочо Кадыров Рамзана Iуналла дича, уьш герггарчу хенахь кхочуш йийриг хиларан шеко яц.

М.МОХМАДИЕВ

 

№144, шот, гIуран (декабрь) беттан 19-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: