Дукха хан йоццуш, Соьлжа-ГIалахь профсоюзийн цIийнехь Нохчийн Республикин профсоюзийн Кхеташонан декъашхойн цхьаьнакхетар хилира. Цигахь дакъалецира профсоюзийн ерриге а организацийн векалша. Дийцира «Нохчийн Республикин профсоюзийн Кхеташонан жамIашдаран-харжамийн 7-гIа конференци» вовшахтохарх а, организацин бюджетах а, 2016-чу шарна йолчу пайданийн, харжийн сметех а лаьцна.
Цхьаьнакхетар дIадолош Нохчийн Республикин профсоюзийн Кхеташонан жигархошна Россин йозуш йоцчу профсоюзийн Федерацин а, Нохчийн Республикин профсоюзийн Кхеташонан а сийлаллин грамоташ елира. Иштта, «Лучший коллективный договор» конкурсехь билгалбевллачарна дипломаш делира, мехала совгIаташ дира: хьалхара меттиг яьккхира ЗАГС-н Урхаллас (куьйгалхо – Р.Висаитова, профкоман председатель – К.Дудаева); шолгIа меттиг – Соьлжа-ГIаларчу №29 йолчу школо (директор – Р.Орцуева, профкоман председатель – Д.Эскиев); кхоалгIа – «Оргтехника» ГУП (директор – Д.Оздарбиев, профкоман председатель – Х.Макаева).
– ХIара шо къаьстина мехала ду профсоюзийн Кхеташонна, – билгалдаьккхира Нохчийн Республикин профсоюзийн Кхеташонан председатела Солтагереев Хьусайна, – хIокху шарахь 110 шо кхаьчна Россин профсоюзийн, ткъа Россин профсоюзийн йозуш йоцу Федераци кхоьллина 25 шо кхаьчна. Цул сов, Нохчийн Республикин профсоюзийн болх юхадIаболийна 15 шо а кхаьчна хIокху шарахь. Оцу массо а хиламна лерина тайп-тайпана гIуллакхаш дIадаьхьна профсоюзашкахь. Иштта, къаьсттина билгалдаккха догIу, 2015-чу шарахь Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь Толам баьккхина 70 шо кхаьчна хилар, цунна лерина гIуллакхаш дIахьош профсоюзо жигара дакъалаьцна хилар.
Кхеташо ерзош, тIаьхьарчу пхеа шарахь республикин профсоюзаша бинчу белхан жамIаш дира. «Нохчийн Республикин профсоюзийн Кхеташонан жамIашдаран-харжамийн 7-гIа конференци» 2016-чу шеран 12-чу апрелехь дIаяхьа сацам бира.
Хь.БАХТАЕВА
№144, шот, гIуран (декабрь) беттан 19-гIа де, 2015 шо