«Коррупцица къийсам латторан хьокъехь» долчу Россин Федерацин законца а, Нохчийн Республикин законца а республикин Правительствон сацамца а нийса а догIуш, Шуьйтан районан къинхьегаман, социальни кхиоран отделан белхахоша жигара болх бо коллективехь коррупцин гучудийларш цахилийтарехьа. Шен хеннахь хIотта а йина, чIагIйира коррупци ца хилийтарехьа дечу гIуллакхийн 2015-чу шарна йолу план а, ткъа иштта коррупцица къийсам латторан Советан кхеташонийн график а. Планаца дан билгалдина дерриге а гIуллакхаш шен хеннахь кхочушдеш ду. Оцу мехалчу балхахь цхьаьна гIуллакхаш до Шуьйтахь пачхьалкхан хьашташ кхочушдаран дуккха а декхарш кхочушдечу туьшаца цхьаьна. Отделан директора Э.Мурдаловс дийцарехь, цигахь кхоьллина коррупцех, цу юкъахь дахаран-Iеран коррупцех лаьцна хьашт долчу органашка сихха хаам бан районан бахархойн таро хуьлуьйтуш долу дерриге а хьелаш. Отдела чохь телефон ю, сайта тIехь ду цуьнан адрес.
Вовшах а тоьхна, болх беш ю белхан тоба. Цо чийрикехь цкъа кхеташонаш дIахьо, дакъалоцуш бакъонашларъяран органийн векалш а болуш. Белхан тобанан председатела Э.Мурдаловс шен къамелашкахь отделан коллективана дуьйцу коррупцех лаьцна, иза политикин я пачхьалкхан урхаллин декъехь юкъараллин кхераме гIуллакх хиларе терра. Цо билгалдоккху иза Iедалан векалийн декхарш кхочушдеш болу нах а, ткъа иштта пачхьалкхан балхахь болу нах а, шаьш гIуллакхехь хиларан хьолах муьлххачу а цхьана кепехь шайна гIоленаш, хьал-бахам хиларе кхача гIертарехь гучуйолуш хилар.
Юкъараллин «ОвгIанан ветеранийн Россин союз» организацин векалш дакъалоцуш а болуш, учрежденин белхахошца дIахьо коррупцица къийсам латторна лерина йолу семинараш.
– Белхан тобанан кхеташонашкахь оха бийцаре бо коррупцица къийсам латторехь планаца дан билгалдина гIуллакхаш кхочушдеш, гIуллакхерчу наха беш болу болх, – элира Э.Мурдаловс. – Тхан долуш ду аьрзнаш а, дехарш а дIаяздеш долу журнал. Шо доладелчахьана коррупци хилла меттигаш гучу ца евлла. Оцу гIуллакхехь тхан учрежденин балхахь жигара дакъалоцу юкъараллин организацеша: бIаьхоша-интернационалисташа а, чернобыльхоша а. Шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь зорбатуху коррупцех лаьцна йолу статьяш. Стендашна тIехь бу коррупци цахилийтарехьа дечу гIуллакхех лаьцна болу хаамаш. Отделан балхах, коррупцица къийсам латторехь дечу гIуллакхех лаьцна ас шен-шен хенахь отчеташ йо аудиторе. Оцу декъехь болх дIахьо, планаца нийса догIуш а, цхьана Iалашонца а, билгалйинчу хенашкахь а.
С.МАКАЕВ
№144, шот, гIуран (декабрь) беттан 19-гIа де, 2015 шо