БIаьхочун хала некъ

     Дуьненахь буьйцу ца хезначу тIамехь толам а баьккхина, бен-бен мехкашкахь накъостийн даьIахкаш а юьсуш, чевнаша дуьззина долу догIмаш а дохьуш, шайн хIусамашка, доьзалшка, шайн цIа бирзина болу бIо, боггIушехь набахтешка кхечира. Цу чохь, чорхо тIамарш санна, ата болийра, талламан камерша а хьаьшира, кегдира пIендарш, кортош, багара цергаш а ехира дIа.IMG-20150422-WA0000

   СагIадоьхурган ахьар санна, вовшах ийна йолу бен-бен статьяш, цу чохь юха вовшийн баг-бага яхара. ХIорш «Даймохк боьхкинарш» бара, халкъана ямарт хилларш, цхьацца бахьанашца Гитлерна «гIо лоцуш, тIом оццул бахбинарш». Кхарна дуьхьал дара дерриг а дуьне, дерриг а Iедал, дерриг а халкъ. Кхаьрца цхьа а вацара.

       («Крест» бухта

        Той Пхьарин Алхастна, боккхачу лерамца, М. Бексултанов)

 

Оцу дийцаран жимачу кийсигца кхета вай Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь дакъалаьцначу вайнехан салтийн, и тIом дIабирзинчул тIаьхьа кхоллам муха хилла бохучух. БIаьхочун цIе а яйъина, Советийн Iедало елла мидалш схьа а яьхна, «Турпалхо» цIе тилла хьакъ бу аьлла Москва дахьийтина кехаташ тIепаза дайъина, ямарт, цхьа а тайпа ларам боцуш, уггаре а халачу, ирчачу хьелашкахь набахтешкахь балехь бахкийна Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь дакъалаьцна болу вайнехан дуккха а салтий. Оцу къизаллех чекхваьллачарех ву Даймехкан тIамехь дакъалаьцна нохчийн салти, 299-чу стрелкови дивизина юкъайогIучу 958-чу полкан разведчик хилла волу Париев Алхаст.

 

Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь дакъалаьцначу турпалхойх Нохчийчохь 2015-гIа шо долалуш висина 40 гергга ветеран бен вацара. Халахеташ делахь а, де-дийне мел долу церан барам лахлуш богIу. Вайн таханлера турпалхо, Париев Алхаст 2015-гIа шо чаккхене лестича, шен 94 шо долуш, дIакъаьсти вайх. Дала гечдойла цунна! Дала декъалвойла иза!

 

 

(Шо хьалха тхан газетана интервью луш Алхаста (дийцинчух)

Деза де

1945-чу шеран 9-чу майн дезачу дийнах баккхийбер дIа ца долура советски салтийн. Иза церан толам бара. Оцу ирсах ца тешара, баккъал а иштта ду техьа бохуш, ойланаш йора, дуззалц юуш, гIелделча садоIуш, гуонахарчара леррина терго еш, меттабан буьйлабелира салтий, тIаккха теша буьйлира уьш, тIеман кIур эзарнийн синошца, селханлерчу дийнахь бисина хиларх. Советски Союзан эскарехь болчу вайнехан салташна а хетара и тIом чекхбалар уггаре а доккха беркат. ТIеман хьалхарчу дийнера цуьнан тIаьххьарчу дийне кхаччалц, Iожало дIа ца хьош биснарш, хьакъ ма-дду чекхбевллера цунах. Амма хIетахьлерчу Iедало ца лерира вайнехан салтий, тIом дIабирзинчул тIаьхьа царах дезертираш, мехкан мостагIий хилира. Ца лерира, цхьа а ца лерира…

 

«Крест» бухта

Кхиболчу бIаьхоша толам базбечу дийнахь набахтехь яккха 25 шо хан туху Алхастна. Дуккха а набахтешкахула чекхвоккху иза. Уггаре а ирчаниг, дагадаийта воьлча кийра балано хьовзош ерг, Чукотка яра. ГIодаюккъе кхаччалц ло долуш, Iай а, аьхка а цхьатерра шело лаьтташ меттиг. Алхастан къамеле ладоьгIча, цо мел лайнарг: мацалла, шело, нехан къизалла, наб ца тоар, дерриге а айхьа лайча санна хетало. Цхьана меттехь хьо воьлла валале, кхечанхьа дIакхалхош. Шелонна ца лахь а, мацалла лийр ву а моьттуш, дийна висахь а кхетам чохь вуьсур ву аьлла, деган йовхо ца хуьлуш. Уггаре а ирчаниг – гуттар а хьайца камера чохь болчарех ларвала везаш хилар а. И шадерриге а гулделла эххар а, цхьана дийнахь, гIорийначу хи тIехь белхаш бечу хенахь, кхидIа ваха ницкъ ца тоьа шегахь олий, къарлой, ло юккъе охьахуу Алхаст, амма тIаьхьуо дийна каравой, фельдшерна тIекхачаво иза. Лоьро Алхастан гIорийна куьйгаш, когаш меттадаладо. Фельдшерера хаьа Алхастна шен къам махках даьккхина хилар.  ЧIогIа ца лало Алхастан даге шеца цхьаьна тIом бинчу наха, шен Даймохк сийсазбар, ша оццул ган сатийсинарш, мел долчух баьхна хилар. Цул тIаьхьа а фельдшера Алхастна гIо до, ша немцо воллушехь. «Чукоткехь дIаволла а мегар дац, чума дIасаяржор ю, материк тIе дIакхалхо веза» олий, диагноз хIоттайо. Ша оццул динчу гIоьнна дуьхьал цхьа хIума бен ца доьху цо: «Сан цIе Кашниц Хорст ю хьуна, дагахь латтаелахь иза, хьо материк тIе а кхачахь, хьо дийна а висахь, цхьана немцочуьнга мукъане а со хьайца кхузахь, Чукоткехь, хилла алалахь». Алхаст баккъал а материке кхача а во. Цкъа а цхьа а дийна я велла юхавирзина воцчу меттера – «Крест» бухтера веъна хиларх, теша а ца туьгу цхьа а.

Цул тIаьхьа лагершкахула дIасакхуьйсу Алхаст…

Дуккха а меттигаш нисло Алхастан тIамехь а, набахтешкахь а Iожаллина тIе нислуш. Делахь а, Дала оцу зерех хьалхавоккхуш схьавогIу иза.

1953-чу шарахь бIаьста – «иза» велла!», – боху хазахетаран мохь хеза Алхастна. Иза кхета Сталин вуьйцуш хиларх. Цул тIаьхьа, 2 бутт баьлча лагеран куьйгалхочо «Хьан гергарнаш Казахстанехь бу хьуна, хIара адрес ду, хIара кехат ду, новкъахь иза гойтуш дIагIур ву хьо. И хьан тIаьххьара паргIатонан билет ду хьуна», – олий, дIахьажаво иза.

ЦIерпошто Казахстане сиха вадийна вуьгучу Алхаста ехха ойланаш йо. Амма цуьнан дахар хIинца а Iаьржачу мархашца кхоьлина ду. Царна юкъара хьала ца валало иза, дийцина ца валлал дукха таIзарш лайна цуьнан дегIо, даго. Цундела иза чIагIделла, эрчадаьлла, и хIинца Iийжа а-м ца Iийжа, цунах тIулг хилла. Иза башо дисина тIаьххьара цхьа хIума дара – Даймохк, дай баьхна ирсе латта, цигахь дагна хьоме мел хилларш, делахь а, иза а дац…

Хь.АВХАДОВА

 

№144, шот, гIуран (декабрь) беттан 19-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: