Хьал тодийр ду

Россин таIзарш кхочушдаран федеральни службин (ФСИН) Экспертийн советан видеоконференцин кепехь дIаяьхьначу кхеташонехь 2016–2018-чуй шерашкахь Россин ФСИН-н Нохчийн Республикехула йолчу урхалла кхиоран Комплексни план йовзийтар дIадаьхьира.сс2

Россин ФСИН-н Экспертийн советан говзанчаша, я тIетохарш доцуш, магийна тIеийцира Комплексни план.

ТаIзарш кхочушдаран федеральни службин Нохчийн Республикерчу урхаллин болх кхиоран Комплексни плана юкъадогIу хан тоьхнарш набахтехь Iеран хьелаш жим-жима тодарна а, царна ха дар, низам, терго латтор чIагIдар а кхидIа кхиорна  тIехьажийна долу гIуллакхаш. Иштта, оцу планан коьртачу декъехь ду набахтешкахь производствон белхаш дар а, чубоьхкинчеран къинхьегамца ахча даккхарца бала хилийтар а кхиоран гIуллакхаш. Билгалдаьхначарел кIезиг мехалла йолуш дац уголовни-кхочушдаран системехь болх баран сийлалла лакхаяккхаран гIуллакх а.

 

А.СУЛИМАНОВА

Суьрта тIехь: Россин таIзарш кхочушдаран федеральни службин Экспертийн советан видеоконференцин кепехь дIаяьхьначу кхеташонан дакъалацархой

№144, шот, гIуран (декабрь) беттан 19-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: