2011-чу шеран сентябрехь Россин МВД-н Соьлжа-ГIалин Октябрьски районехула йолчу Урхаллин зуламаш дар талларан отделе балха хIоьттира Керчиев Адам. Россин МВД-н Волгоградера академи чекхъяьккхина веара жима стаг балха. ХIетахь цуьнан 22 шо бен дацара, амма къона говзанча хьалхарчу дийнахь дуьйна шен декхаршца дика ларош дIаволавелира. Юьхьанца цо толлуш дерш мелла а аттачех гIуллакхаш хиллехь, тахана куьйгалло Адамах тешадо экономикин декъехь нислуш долу даккхий зуламаш таллар. И уголовни гIуллакхаш дуккха а тешаш каро безаш а, шайна зен хилларш алссам болуш а хуьлу. Де-дийне даларца шен говзалла лакхайоккхуш, цаьрца дика лараво къона юрист. Масала, карарчу 2015-чу шарахь 22 уголовни гIуллакх дара Адамехь. 15 стаг бехкеваран хьокъехь 9 гIуллакх кхоччуш чекхдаьккхина, суьде дIахьажо ницкъ кхаьчна цуьнан. Иза дика гайтам бу.
Цуьнца цхьаьна Нохчийн Республикехула йолчу МВД-н Талламан урхаллин юкъараллин дахарехь жигаралла гайта а лараво лакхара лейтенант А.Керчиев. Иштта, 2015-чу шеран хьалхарчу эхашарахь Россин МВД-н юьхьанцарчу талламан органийн белхахошна юкъахь дIаяьхьначу конкурсехь кхиамца дакъалецира цо. Иза лерина яра юьхьанцарчу талламан белхахой зулам динчу меттиге хьовсаран мах хадорна. Конкурсан жамIашкахула Россин талламан дакъошна юкъахь тоьллачу 13-на юкъахь яра Нохчийчуьрчу талламхойн тоба. Оцу кхиамна юкъахь шен билггал дакъа дара А.Керчиевн а. Тоьлла подразделенеш билгалъяьхна Россин МВД-н лерринчу дипломашца. Доцца аьлча, чоьхьарчу гIуллакхийн органашкахь къинхьегаман некъ болийна дукха хан яцахь а, белхан декхаршца дика ларош, куьйгаллин а, белхан накъостийн а сий-ларам болуш, къахьоьгуш ву лакхара лейтенант Керчиев Адам. Да-нана а реза ду шайн кIентан харжамна. Бакъду, дас Баймирзас, шен дагара цо хоуьйтуш, кIентан атта боцчу некъах дозалла дахь а, нанна Ларисига ца лечкъало, дукхах йолу хан балхахь йоккхачу шен кIантана ша сагатдар. Адамна шена а оьшура мукъа хан-м: чIогIа самукъадолу кIентан шел кегийчу вежаршца а, йижаршца а цхьаьна хан йоккхуш. Делахь а, чоьхьарчу гIуллакхийн органийн къона эпсар дика кхета ша хаьржинарг атта боцу некъ хиларх.
И.Н.СОКОЛОВА,
МВД-н Нохчийн Республикехула йолчу Талламан урхаллин лакхара талламхо, юстицин майор
№144, шот, гIуран (декабрь) беттан 19-гIа де, 2015 шо