Нохчийн Республикин Профсоюзийн цIийнехь Ерригроссин Халкъан фронт юкъараллин боламан Нохчийн Республикехь йолчу региональни отделенин куьйгалло вовшахтоьхна конференци дIаяьхьира. Россин Президента В. Путина Федеральни Гуламе динчу костехь билгалдаьхна лазаме гIуллакхаш дийцаре дира цигахь.
Конференцин дакъалацархой белхан пхеа тобане бекъабелира. «Юкъаралла а, Iедал а», «Дешар а, культура а», «Социальни нийсо», «Дахаран хIорадийнан дикалла», «Хьанала экономика» тобанашкахь дискуссеш хилира. Оцу хIора темина леринчу тобанан шайн жоьпаллин нах а бара. «Юкъаралла а, Iедал а» тобан куьйгалхо М.Алхазуров, «Дешар а, культура а» тобан куьйгалхо И.Мусханова, «Дахаран хIорадийнан дикалла» тобан куьйгалхо А.Киндаров, «Хьанала экономика» тобан куьйгалхо И.Баудинов, «Социальни нийсо» тобан куьйгалхо Р.Оздамирова яра. «ТIемалоша» дийцаре дира дешаран, культурин, могашалла Iалашъяран, социальни дахаран, экономикин дакъошкахула юкъараллин лазаме долу гIуллакхаш, проблемаш. Цул сов, некъийн кхерамазаллах, дешархойн кхачанах дерг, гIаланашкахь а, ярташкахь молучу хинан цIеналлах дерг а дийцира конференцехь. Уггаре а коьртачех ю могашалла. Конференцехь дакъалоцуш хиллачу «Халкъан фронтан» Коьртачу штабан декъашхо а, «Могашалла» Фондан директор а волчу Гаврилов Эдуарда лаккхара мах хадийра Нохчийн Республикин могашалла Iалашъяран декъехь долчу хьолан. «Билгалдаккха лаьа «МогашаллаIалашъяр кхиар», «Пачхьалкхан чIагIонийн» а пачхьалкхан программийн дукхах долчу дакъошкахула Нохчийн Республика дика кхиамаш гойтуш ю. Адамаш кхалхаран барам а лахбелла. 2014-чу шеран жамIашка хьаьжча 1 эзар стагана юкъахь пхи стаг кхалхар нислуш ду. Регионан куьйгалло могашалла Iалашъяран декъехь нийса хIиттийначу Iалашонашка хьаьжжина а, бахархошна медицинин гIо дIакхачоран къепе чIагIйина хиларе терра а жамIаш а дика ду», – элира Гаврилов Эдуарда. Цо дийцарехь Нохчийн Республикехь туберкулез йолчеран барам шозза лахбелла, некъан бохамашкахь адамаш кхалхар а лахделла, иштта бераш дуьнен чу довлучу хенахь кхалхар лахделла. Оццу Фондан йозуш йоцу мониторинг яран урхаллин хьаькама Шевченко Евгенийс дийцира Нохчийн Республика бахархошна медицинин гIо даран дикаллица Къилбаседа Кавказан федеральни округехь хьалхарчу могIаршка яьллахиларх лаьцна, 47,8 балл йолуш. «Нохчийн Республика рейтингехь кхоалгIа лаьтташ ю», – элира Е.Шевченкос.
Халкъан фронтан Коьртачу штабан декъашхо Гаврилов Эдуард а, «Могашалла» фондан белхахой а Нохчийн Республикин могашалла Iалашъяран учрежденешкахь хилира. Церан аьтто хилира Шуьйтан районан больница а, ФАП а ган. Дика хьал дара республикин хьешашна вайн могашалла Iалашъяран декъехь гинарг.
№144, шот, гIуран (декабрь) беттан 19-гIа де, 2015 шо
З.ШАЛИЕВА