17-чу декабрехь Россин Федерацин Президента Путин Владимира йоккха пресс-конференци дIаяьхьира Москвахь. Кхаа сохьтехь бархI минотехь лаьттира иза. Оцу хеначохь 32 журналистан 44 хаттарна жоп дала ларийра иза. Президента уггаре а хьалха жоп делла хаттар вайн махкахь долчу экономикин хьолаца доьзна дара. Цо дийцарехь, экономикин хьал тIедогIучу 2016-чу шарахь тодала долалур ду. Оцу шарахь экономика 0,7 процентана кхуьур ю, ткъа 2017-чу шарахь – 1,9 процентана. Цуьнца доьзна цо дийцира Центробанкан а, Правительствон а балхах лаьцна. Хаийтира цара бечу балхана, коьртачу декъана ша резахилар.
Президента хаийтира ша Правительство хийца дагахь цахилар, хIокху муьрехь министраш хуьйцуш кегарий лелор оьшуш цахилар. «Правительствехь кхин дIора хийцамаш хир бу аьлла ца хета суна. Дуьззина схьаэцча, кхачаме лара мегар ду Правительствон болх, нийса ю цара йохуш йолу гIулчаш», – элира В.Путина.
Журналисташа, кхеташ ма-хиллара, тидамза ца дитира дуьненахь тахана кхолладелла хьал, цу юкъахь Шемахь, Иракехь, Хонкарахь, Украинехь дерг а. Россин СУ-24 кема дохийначул тIаьхьа Хонкарца йолу юкъаметтигаш кхоччуш галъевлла. Цунна бехке Анкара ю. Иза иштта хилар гайтира В.Путина а. «Тхо къаьсттина цецдехира ишттачу хьоло. Нагахь санна иза ларамаза нисделла хилча, Хонкаран Iедална иза Россин кема дуй хиъна ца хилча, ишттачу хьолехь хIун до? Адамаш ма делла! Сихха, телефон туху, хиллачух кхетаво. И даран метта уьш Брюсселе орца даккха хьаьвдда: «ва, тхо хьийзадо» – аьлла. Вай цигахь цхьа а хьевеш дара? Дацара. Ткъа уьш НАТО-на тIехьа лечкъа буьйлабелира. НАТО-на оьший иза? Ца оьшу. Иза гучу а делира…», – элира цо.
Президента чIагIдарехь, кхул тIаьхьа и санна дерг хиларна кхерам бац. ХIунда аьлча хIинца Шемахь долу вайн кеманаш тешам боллуш лардеш ду. ЧIагIдеш ду Хонкарца долу доза а. Ца дича ца довлуш долу гIуллакхаш ду уьш.
Гуьржийчоьнца йолчу юкъаметтиган хьокъехь деллачу хаттарна жоп луш В.Путина дагадаийтира юкъаметтигаш галъяьхнарг Гуьржийчоь хилар. Делахь а, цо аьлла ма-хиллара, Росси кийча ю Гуьржийчоьнца йолу юкъаметтигаш тоян а, визийн раж дIаяккхаран декъехь болх бан а. Иштта, Украинца йолу юкъаметтиг а тоян лууш ю Росси. Цунна дуьхьал экономикин а, я политикин а санкцеш ян дагахь а яц. Иза дуьненна а дIахезийла лууш ву вайн мехкан Куьйгалхо. Бакъду, хIинццалц еш хилла йолу гIоленаш йойла дац Украинна махлелорехь.
«Ас цIенчу даггара боху, тхо юкъаметтигаш галйовлийла лууш дац. Мелхо а, цигара къовсам мелла а сиха дIаболийла лууш ду… Донбассехь тхан адамаш ду, цхьацца дакъошкахь гIуллакхаш деш. Амма иза данне а дац цигахь Россин эскарш ду бохург. Башхалла ган еза», – элира Президента.
Цу тайпана, экономикех, чоьхьарчу а, арахьарчу а политикех хьакхалуш хиллачу дерриге а хаттаршна дуьззина жоьпаш делира Путин Владимира. Цо еллачу пресс-конференцин лаккхара мах хадийра дуьненан политикаша, цу юкъахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а. Цунна хетарехь, Путин Владимир хьикмате, ондда лаам болуш, доккха хьуьнар долуш, шен гIуллакхана охIла политик ву. Цуьнга кхочуш политик хIокху дуьненахь а вац.
Д.АНАДЕВ
№144, шот, гIуран (декабрь) беттан 19-гIа де, 2015 шо