Дагестанерчу Буйнакски районан Буглен поселкехь хIокху деношкахь дIаяьхьира желтойн-румийн кепара охьатохархлатарехула 1997–98-чуй шерашкарчу кегийрхошлахь СКФО-н хьалхеяккхаран турнир. Кхузахь дакъалоцуш бара Къилбаседа Кавказан Федеральни округера спортсменаш. Вайн республикера СКФО-н хьалхеяккхарехь дакъалоцуш вара 16 спортсмен.
Къийсадаларш дIадаьхьира кхаа дийнахь. Шайн-шайн йозаллин категорешкахь хьалхара меттигаш ехира: Алдамов Джабраила (42 кг.) – ГРБ – Невра, Хасанов Абубакара (42 кг.) – ГРБ – Невра, Муалиев Шемала (50 кг.) – ГБР – Невра, Дашаев Сайд-Эмис (54 кг.) ШВСМ, Кагерманов Шарипа (63 кг.) – ШВСМ, Вистигов Шамрутдис (63 кг.) – ШВСМ, Ядаев Iумара (68 кг.) – ШВСМ, Абубакаров Сайд-Мохьмад (85 кг.) –Старопромысловски районан, ДЮСШ Расаев Сайд-Салахь (100 кг.) –Ленински района ДЮСШ.
Оцу кхиамашка вайн спортсменаш кхачийнарш бу тренерш: А.Абдулаев, Р.Эскерханов, С.Исаев, М.Митаев, Б.Абубакаров, М.Бециев, А.Вазаров.
Карарчу хенахь спортсменаш кечам беш бу февраль баттахь Ростов гIалахь хинйолчу турнирехь дакъалаца.
З.ШИШХАНОВА
Авторан сурт