«Иблисан пачхьалкхана» дуьхьал кхоьллинчу коалицих а, Кадыров Рамзанан кхайкхамах а

Декабрь беттан 16-чу дийнахь «Грозный» радиокомпанин  студехь дуьххьалдIа эфирехь дIаяьхьира «Герггара Малхбале» цIе йолу передача. Передачехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Парламентан депутат Дадаев Лоьма а, махкахь а, Россехь а гIараваьлла волу малхбале таллархо Зубайраев Юсуп а.IMG_2110

   Дийцаре дира СаIудин Арави коьртехь а йолуш, хIокху деношкахь кхоьллинчу керлачу тIеман коалицех а, Нохчийн Республикин Парламентан депутаташа бахархошца кхетош-кхиоран балхах а лаьцна.

Хьалха дош делира Ю.Зубайраевга. Цо шен къамелехь дийцира лакхахь хьахийначу тIеман коалицех а, Шемахь долчу хьолах а лаьцна.

– Массарна а девзаш ду Шемара хьал. Йоккха къизалла  ю оцу махкахь а, оцу мехкан халкъехь а латтош ерг. Цигарчу Iедало шайн бахархой хьийзош бу  бохуш,  тIамца цигахь дакъалоцуш США-н а, Францин а, Великобританин а хIаваан ницкъаш бу. США-н «гIашсалти» а хилла, Iедална а, маьршачу бахархошна а дуьхьал т1емаш латтош вахабиташ а бу. Кхузахь вай кхеташ хила деза, лакхахь ас хьахийна йолу пачхьалкхаш Шеман бахархойх дог лозуш цахилар. Церан шайн Iалашонаш ю, – билгалдаьккхира Ю.Зубайраевс.

– Цигарчу чолхечу хьолехь дакъалоцуш мел верг – иза шен-шен Iалашонна тIаьхьаваьлла ву. ХIора а шен Iалашоне кхийдаш Iашшехь, дийнахь-буса бойъуш, хьийзош маьрша бахархой бу. И хьал шена дика довзар бахьана долуш, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Р.Кадыровс шозза кхайкхам бинера бусалба пачхьалкхийн куьйгалхошка. Иза шена а, нохчийн къомана а сагIа доьхуш ма вацара. Цо цаьрга бохура цхьаъ а хилий, «Иблисан пачхьалкхана» дуьхьало е, ма хIаллакбайта Шеман маьрша бахархой, ма Iенадайта бусалбанийн цIий. Эххар а, Сийлахьчу Дала Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Р.Кадыровн кхайкхам бахьана а хIоттийна, нисдалийти-кх иза. Масех де хьалха кхаъ кхаьчна вайга, СаIудин Арави коьртехь а йолуш, бусалба пачхьалкхаша «Иблисан пачхьалкхана» дуьхьал тIеман коалици вовшахтоьхна. ХIинца мукъане хийцалур дац теша хьал? – олуш, дIадерзийра шен къамел Ю.Зубайраевс.

Цул тIаьхьа Парламентан депутата Л.Дадаевс дийцира, Парламентан спикера М.Даудовс тIедиллина декхар кхочуш а деш, депутаташа бахархошца д1ахьочу кхетош-кхиоран балхах лаьцна.

– Тхуна, республикин Парламентан депутаташна, Парламентан спикера Даудов Мохьмада тIедиллина – Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Р.Кадыровн некъ а, цо бен болх а бахархошна бовзийтаран декхар. Оцу декъехь оха дIахьош  боккха болх бу. ХIора  оршотан а, кхаарин а деношкахь тхо тайп-тайпанчу ярташка доьлху. Оха тхаьш арабаьккхина некъ а бовзуьйту, бахархойн хьашташка ла а дугIу, – элира Л.Дадаевс.

– Шемахь гIазот ду бохуш, цхьаболу кегийнах оьху цига. Царна ца хаьа цигахь дерг доккха питана хиларх. Ишттачу питанца Нохчийчу а ма беара 21 шо хьалха тIом. Дала кхетар лойла-кх вайн кегийрхошна! Дала Iалашбойла-кх уьш! ГIазот цара шайн цIахь, дай-наношна а, гергарчарна а, юьртана  а, махкана а пайдехь болу говзанчаш а хуьлуш, даккха дезаш дара, соьга хаьттича, – билгалдаьккхира Л.Дадаевс.

Кхузахь ала догIу, «Герггара Малхбале» передача Шемарчу а, кхийолчу бусалбанийн пачхьалкхашкарчу а тIеман къийсамашкахь долу хьал довзийтарна  лерина хилла хилар.

 

И.ХАСАХАНОВ

Авторан сурт

№144, шот, гIуран (декабрь) беттан 19-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: