Соьлжа-ГIалахь хиллачу езачу атлетикин турниран жамIаш

   12–14-чуй декабрехь Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьира езачу атлетикехула йолу Россин  Президентан  Кубок яккхаран дуьненаюкъара V-гIа турнир.IMG_9551

   Турнире баьхкинера Россера а, кхечу мехкашкара а беза хьеший. Иштта цигахь дакъалоцуш вара, Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан а, Россин спортан министран заместитель Нагорных Юрий а.

«Тахана Нохчийчуьра спортсменаш Европехь а, дуьненахь а тоьллачарна юкъахь бу. Иштта, Олимпийски къийсадаларшкахь толамаш а боху цара. Езачу атлетикехь тоьлла спортсменаш хилар тхан дозалла ду. Къийсамашкахь  аьтто хуьлда  шун», – элира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Турнир лаккхарчу тIегIанехь дIаяьхьира. Хьешаша лаккхара мах  хадийра цуьнан. Иза вовшахтохарна а, махкахь еза атлетика кхиорна а республикин Куьйгалхочунна Р.Кадыровна совгIаташ а дира, грамоташ а  елира.

Зударийн къийсадаларшца дIайолийра турнир. 75 кийлане кхаччалц йолчу йозаллин категорехь туьйлира россихо Зубова Ольга, шолгIа яра Казахстанера Подобедова Светлана, кхоалгIа –  чинахо Чжоую Ван.

94 кийлане кхаччалц йолчу йозаллин категорехь, божаршна юкъахь хьалхара меттиг яьккхира нохчийн спортсмена Малигов Адама (шозза цо айъинарг  397 кийла яра), шолгIа меттиг  – Казахстанерчу Уланов Дениса, кхоалгIа  меттиг –  Белоруссерчу Венскель Александра.

105 кийлане кхаччалц йолчу йозаллин категорехь хьалхара меттиг яьккхира шозза олимпийски чемпион волчу Казахстанерчу спортсмена  Ильин Ильяс. Оццу категорехь шолг1а меттиг яьккхира Россерчу Зайчиков Александра, кхоалгIа –  Наниев Тимура.

Турниран тIаьххьара де дIадолийра дегIан йозалла 105 кийланал сов йолчу атлеташа. Царна юкъахь хьалхара меттиг яьккхира россихочо Албегов Руслана. ШолгIа меттиг яккха аьтто белира Эрмалойчуьрчу  спортсменан Минасян Горан, кхоалгIа меттиг – Чехерчу спортсменан Орсаг Иржин.

Турниран юкъара жамIаш лерича, Россин атлеташа хьалхара меттиг яьккхира. Цара 11 мидал (7 дашо а, 2 дети а, 2 йоьза а) яьккхира.

 

М.КАНТАЕВ

 

№144, шот, гIуран (декабрь) беттан 19-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: