Кху деношкахь, Соьлжа-ГIаларчу Радион цIийнехь Къилбаседа Кавказан шуьйрачу хаамийн гIирсийн III-чу форумехь кхиамаш баьхначу нохчийн журналисташца цхьаьнакхетар дIадаьхьира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата.
Цигахь дакъалецира министран заместительша Гудаев Лоьмас, Абдулмуслимов Сайд-Селима, хаамийн ТАСС агентствон Нохчийн Республикехула йолчу бюрон куьйгалхочо Мусаев Ражапа, «Грозный» ЧГТРК-н коьртачу редактора Хакимова Лолитас, кхечара.
– Нохчийн Республикерчу журналисташа тIаьхьарчу шерашкахь вайн регионехь дIахьош йолчу конкурсашкахь лаккхара кхиамаш боху, и вайна массарна а мехала ду. КхидIа а, вайн кхиамех тоам а ца беш, республика лакхарчу тIегIане яккха кхин а жигара болх бан беза вай, – билгалдаьккхира Д.Умаровс.
Вайн республикерчу журналистийн кхиамех ша воккхавер хаийтира Р.Мусаевс а: «Вайн журналисташа дакъа мел лоцучу форумашкахь, конкурсашкахь лаккхара кхиамаш бохуш кхолладелла мехала ламаст ду, цхьана конкурсехь толам баьккхина ца Iаш, тайп-тайпанчу конкурсашкахь билгалбовлуш нисло. Оцо гойту вайн республикера шуьйрачу хаамийн гIирсийн журналисташ къахьоьгуш хилар а, церан иштта паргIат белхаш бан аьтто хилийта, массо а тайпа хьелаш кхоьллина хилар а».
Дагадоуьйту, Къилбаседа Кавказан шуьйрачу хаамийн гIирсийн III-гIа форум Пятигорскехь декабрь беттан 10–11-чуй деношкахь дIаяьхьна хилар. ХIокху шарахь къаьсттина чулацаме хилира форуман программа: «горга стоьлаш», мастер-классаш, гайтамаш, и.дI.кх. Цу деношкахь форумехь 200 сов шуьйрачу хаамийн гIирсашкара 700 сов векала дакъалаьцна.
Нохчийн Республикерчу оцу форумехь дакъалаьцначу журналисташа кху тайпа совгIатан меттигаш яьхна: Къилбаседа Кавказехь шеран тоьлла телепроект – «Грозный» ЧГТРК; Зорбанан издани – «DISCOURS» журнал; Радиопроект – «Грозный» радио; Журналист – Мусаев Ражап; Хилам – Нохчийн Республикин Хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун А.-Хь.Кадыровн сийнна лерина ерригроссин «Голос Кавказа» радио-фестиваль.
Хь.БАХТАЕВА
№144, шот, гIуран (декабрь) беттан 19-гIа де, 2015 шо