Цхьа-ши дош…

Великобританехь тIеэцна Евросоюзана юкъара дIадовларан референдум дIаяхьаран хьокъехь закон. Цуьнца нийса а догIуш, оцу махкахь 2017-г1а шо кхачале дIаяхьа езаш ю Великобритани Евросоюзана юкъара дIаяларан хьокъехь йолу референдум.

***

   Швецин премьер-министра дIахьедина шайн пачхьалкхехь мигранташ тIеэца кхин ницкъ а, аьтто а цахилар. ХIара шо доладелчахьана Европин мехкашка веана 1,5 миллион мигрант.

***

 

   Брюсселехь дIаяьхьира Евросоюза юккъе йогIуш йолчу 28 пачхьалкхан куьйгалхойн саммит. Цигахь дийцаре дира терроризмана дуьхьал къийсам дIабахьарца, экономикин хьолаца доьзна гIуллакхаш.

***

   Б.Обамас США-н Конгрессе дехна Кубина дуьхьал йина йолу экономикин санкцеш дIаяхаран хьокъехь документаш тIеэцар.

***

   Бельгехь хIокху деношкахь полицис схьалаьцна терроризмана бехке хиларан шеко йолу итт стаг. ДIахьош ду таллам бар.

***

   Индин куьйгалла резахилла Россера «С–400» цIе йолу зенитни-ракетийн комплексаш эца. Цу хьокъехь болчу бартана шина агIоно куьйгаш яздийр ду герггарчу хенахь.

***

   Вьетнамерчу дозанхоша хи буха доьдучу катера тIехь хилла Россин 29 турист кIелхьара ваьккхина масех де хьалха.

***

   Чинехь цхьаьнакхийтира Россин а, Чинин а правительствийн куьйгалхой. Цара куьйгаш яздира 33 бартана.

***

   Телефонехула къамел хилира Россин кхечу мехкашца долчу гIуллакхийн министран С.Лавровн а, США-н госсекретаран Дж.Керрин а. Церан къамел хилира Шемин хьокъехь Нью-Йоркехь дIахьон долчу дийцарех лаьцна.

***

   Украинин коьртачу шахьарахь митинг дIаяьхьира махкарчу фермерша. Цара лоьхура правительство отставке яхийтар.

***

   Донбассе гуманитарни гIо а, берашна Керлачу шарна совгIаташ а хьош яхана Россин МЧС-н машенийн ковр цIа йогIуш ю.

***

   Россин дуьненаюкъара валютийн тIаьхьало тIаьхьарчу цхьана кIирнах 1,9 процентана алсамъяьлла хиларан хьокъехь хаам бина мехкан финансийн министерствехь.

 

№144, шот, гIуран (декабрь) беттан 19-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: