«Дешан бIаьхой»

   ТIом хIора вайн республикерчу адаман кхолламах хьакхабелира. Цхьаберш махках бевлира, вуьйш «нехан ялсаманел а шен жоьжахати гIоли ю аьлла вайн дайша», – бохуш Iийра тIеман къизалла, эрчо, харцо ловш. Нохчийн журналистех «дешан бIаьхой» хилира. Редакце юха ца баьхкинарш аьлча, карладуьйлу оцу де эшначу муьрехь тоьпаш тоьхна, ямартлоно, гериго эгийначу, бакъдуьнене бирзинчу журналистийн сибаташ.IMG_9642

   Газиева Азас карарчу 2015-чу шарахь шиъ книга зорбане яьккхина. Цхьаъ «Со йиц ма елахь, Нохчийчоь» аьлла яра нохчийн яхь йолчу зударех лаьцна, ткъа шолгIа книга, декабрь баттахь йовзар хилла. Цуьнан цIе «Дешан бIаьхой» ю. Белхан декхарш кхочушдеш, канаш чохь хи эцна а, махкахь яьлла тIеман цIе яйъа гIиртинчу журналистех лаьцна ю иза. Верриге а 16 турпалхо ву «Шайн метта даха аш дитина дош…» аьллачу тоьшаллин тептарна юкъавеанарг.

Шен белхан накъостех яздар хаза гIиллакх ду, ткъа веллачух хаза дош алар  йоккха ял ю. Зорбане яьлла книга, кара а эцна, еша атта хуьлу, ткъа дукхахболчарна ца хаьа оцу йозанийн могIанаша уьш яздечун дагах цхьа ах, хьан сих цхьа дакъа дIаоьций. Книга схьайиллича цуьнан дукхахболу турпалхой къона, хаза хиларо дог Iовжадо. Церан аьзнаш, амалш, забарш дуьхьал хIуьтту.

Церан дай-наношна, доьзалшна, накъосташна цкъа а доьрзур доцу тезеташка хIуттуш санна хета хьо. Дала декъалбойла уьш, вайн турпала къонахий – журналисташ. Азас «Даймохк» газетан агIонашна тIехь зорбане йохура царах лаьцна ша язъеш йолу очеркаш. Шарахь бина болх книге бирзи хIинца. Иза нохчийн маттахь йолуш а дика хета. Накъостех олуш долу дош хийрачу маттахь даггара ца алало. Иза тIаьхьо оьрсийн а, кхечу меттанашка а йоккхург хир ю яхь йолчу наха.

Очеркаш зорбане йохуш доккха гIо-накъосталла динарг Нохчийн Республикин хьакъволу журналист Дадаев Сайд-Хьасан ву. Книга зорбане яккха ахчанан харж тIелаьцнарг Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерство ю. Книга уггаре а хьалха Нохчийн пачхьалкхан университетан «Журналистика» отделенин студенташа ешча дика хир дара аьлла хета суна, хаьржинчу корматаллин мах хаархьама а.

Тидамза ца юьсу книгин мужалт. Цунна тIехь дохийначу аьнгалин сурт ду. Иштта ирсе, къона, дуьне дезаш, дахарехь яккхий Iалашонаш, сатийсамаш болуш баьхнера Азас буьйцу журналисташ. Амма церан дахаран некъаш хедийра доьхна аьнгали санна…

ЮьхькIам бу иштта книга язйина охьайиллина хилар а. Лоьхучунна кхачамбацарш а карор ду, уьш сихаллехь динчу гIуллакхехь хуьлуш ду. Делахь а, и санна книга язйина, «хIара гой шуна!» – ала, дIагайта йолуш Далла хастам бу. Халахеташ дерг иза 500 экземпляр бен ца хилар ду.

ЭЛЬДЕРХАНОВА Зайнап

 

№145, шинара, гIуран (декабрь) беттан 22-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: