ГIиллакхе, къинхетаме ву цомгашчаьрца

Дукха хан яц Энгиноев Зеламхас лоьран болх бен. Амма хIинцале а шен цIе дикачу агIор яккхийта ларийна иза. Цуьнгахь долчу собаро, дархошца къамеле вала хааро цунах адамийн бIаьрг буьзна. Зеламха  гIиллакхе а, къинхетаме а ву шена тIебаьхкинчу цомгашчаьрца. Леррина ладугIу хIоранга, тIаккха ша хаттарш до дархочун сагатдийриг хIун ду хаа лууш. Тесна цхьа а ца вуьту. Хазахеташ цхьа а лоьрана тIе ца вогIий хууш, ницкъ кхочург дерриге дан гIурту. Тахана уьш дазделлий хууш, цкъа а сих ца ло кхечу пачхьалкхехь дина деза молханаш яздан. КIорггера хаарш, ира синкхетам болчу къоначу лоьрана хаьа царах терранаш вайн махкахь еш юйла, механа йорах йолуш, цуьрриг импортни молханел ледара а йоцуш. Дарба лоьхуш арабевллачу мискачу нахана там хуьлу шайгарчу хьолах лор кхеташ хилча.IMG-20151217-WA0007

Энгиноев Зеламха ГIалгIайчуьрчу Доьлакера ву. Цигахь №7 йолу юккъера школа кхиамца чекхъяьккхина, 2004-чу шарахь лоьрийн говзалла караерзо Ростов-гIала вахара кIант, цигарчу университетан медицинин факультетехь деша ойла йолуш. Хала мур бара иза. Дуьненан муьлххачу маьIIехь а нохчи ву аьлча хьанна а кхераман хорша йоуьйтуш, лулара Ростов хIунда юьйцура!? Делахь а, бераллехь дуьйна лоьран говзалла караерзор дагчу дижина волу кIант, дика кечамаш бина ваханера кхечу гIала лакхарчу дешаран кхерча дIахIотта. Цундела институтан дIаэцаран зерех кхиамца чекхваьлла, студент хилира цунах. Дика доьшуш институт чекхъяьккхира, тIаккха интернатурехь дийшира. Баьхначу кхиамех тоам бечарех вацара Энгиноев Зеламха. 2014-чу шарахь иза юха а Ростов-гIала вахара, ординатура чекхъяккха. Урологин, андрологин кафедра хаьржира, езачу говзаллех долу хаарш кIаргдан. Цу тIехь цуьнан дика аьтто белира. Тахана Соьлжа-ГIалахь болх беш ву къона лор. Ленинан цIарах йолчу кIоштан №7 йолчу поликлиникехь ву иза дархой тIеоьцуш. Соьлжа-ГIалин №4 йолчу поликлиникехь, стационарехь болх беш а ву. Къона, каде хиларна массанхьа лараво.   Цхьа тамашийна, тайна амал йолуш, массо а адамашца мегаш, тарлуш мерза чекхволуш ву. Ткъа уггаре а коьртаниг: инзаре буьрсачу тIамах чекхдаьллачу вайн къомана Iаламат оьшуш говзалла ю Энгеноев Зеламхас караерзинарг. Цуьнца дика ларош схьавогIуш ву иза. Дархошна дукхавеза шайга ладогIа хуу лор.

А.АРАПХАНОВА

 

№145, шинара, гIуран (декабрь) беттан 22-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: