Iели-Юьртахь шахматаш езаш хиллера

   Теркан районан Iели-Юьртарчу №1 йолчу школехь шахматийн турнир хилира. Цигахь дакъалецира 3–10-чуй классийн дешархоша. Цара кечамаш доггах бина хиларх шеко ца юьсура, толамна тIе шовкъаца гIертара уьш.20151205_101954

   «Шахматех ловзаро берийн хьекъал кхиадо, ойла нийса ян Iамадо. Шаьш ловзарехь йоккхучу хIора гIулчан жоьпаллин мах бовза Iема уьш, чолхе меттиг нисъелча а, нийса сацам тIеэца а хаьа царна. Вайн берашна оьшуш, пайдехь ду шахматийн ловзарш», – билгалдаьккхира школин шахматийн кружокан куьйгалхочо Зармаев Руслана. Турниран коьрта Iалашо яра берашна могашаллина пайдехь долчуьнга безам кхоллар а, кегийрхошна юкъахь шахматех ловзар айбар а.

Интеллектуальни ловзар шина тобанехь дара, зудаберашна а, божаберашна а юкъахь.

Ловзаран жамIашца толамхой билгалбевлира. Зудаберашна юкъахь хьалхара меттиг яьккхира – Гидизова Зулихана (5 «Б» классан дешархо); шолгIа меттиг – Гериханова Зейн-Шерифа (10 классан дешархо); кхоалгIа меттиг – Вацуева Раяна (5 «Б» классан дешархо). Иштта, божаберийн къийсадаларшкахь хьалхара меттиг яьккхира – Муртазалиев Ахьмада (5 «А» классан дешархо); шолгIа меттиг – Тепсуев Хьамзата (5 «Б» классан дешархо); кхоалгIа меттиг – Гериханов Мохьмада (5 «А» классан дешархо).

Школин юкъарчу «линейкехь» толамхошна, совгIатан меттигаш яьхначарна  грамоташца а, ахчанца совгIаташ а дира.

З.ХИЗРИЕВА

Авторан суьрта тIехь: Iели-Юьртахь шахматийн турнир

№145, шинара, гIуран (декабрь) беттан 22-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: