«Контингент» – Соьлжа-ГIалахь

     Соьлжа-ГIаларчу академикан Ибрагимов  Хьамзатан цIарахчу №1 йолчу математикин школерчу дешархошна йовзийтира Федеральни  «Контингент» хаамийн система. Россехь уггаре а хьалха Нохчийн Республикехь йовзийтина иза. Школашкахь а, берийн бошмашкахь дешархойн а, берийн а хьесап лелор ду цо.система

    Оцу школин 9-чу классийн дешархошна «Контингент» системах лаьцна дийцинчул тIаьхьа, шайна чохь тайп-тайпана хаамийн системийн программа йолу  планшетни компьютерш елира. И программа бахьана долуш хаа йиш хир ю: дешархо вина шо, де, Iаш волу меттиг, цуьнан дех-ненах лаьцна дерг, дешархо муха доьшуш ву, цо Олимпиадехь баьхна толамаш.

Россин Федерацин дешаран а, Iилманан а министерствос а, зIенан а, шуьйрачу коммуникацин министерствос а кечйина и программа. Иза технически агIор кхочушъяр зIенийн «Мегафон» компанина тIедиллина дара. Лакхахь хьахийначу министерствийн  а, «Мегафон» компанин коьртачу офисан а векалша, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнчица Алиев Тимурца цхьаьна дIабаьхьира «Контингент» программа йовзийтаран болх.

Шайн къамелашкахь цара билгалдаьккхира, дешархошна еллачу планшеташна чохь лимит йоцу  интернет хилар а, цуьнан гIоьнца шена чохь виртуальни дешаран книгаш йолуш электронни библиотека лаха аьтто хилар а. Иштта, цу программи чохь электронни дневник хилар а, дешархойн дай-нанойн шайн логинашца а, паролашца  доьзалхойн дешаран кхиамаш бовза аьтто хилар а.

Мегафон компанин коьртачу офисан махлелоран а, хьашташ кхочушдаран альтернативни каналийн а куьйгалхочо Бурчина Екатеринас дийцира Россехь уггаре а хьалха «Контингент» система Нохчийн Республикехь йовзийтаран бахьана хIун ду.

– Хууш ма-хиллара, Нохчийчоь сиха кхуьуш регион ю. Иза даима а кийча ю комаьршачу гергарлонашна, тхуна чIогIа маьIне ду шуьца болх бар. Цундела, оха хазахетарца зIе латтор ю шуьца.

 

З.САГАЕВА

Суьрта тIехь: Соьлжа-ГIалин Хь.ИБрагимовн цIарахчу математикин школехь цхьаьнакхетар

№145, шинара, гIуран (декабрь) беттан 22-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: