ХIокху деношкахь М.Ю.Лермонтовн цIарахчу оьрсийн драматически театрехь «Туьйранехь хьошалгIахь» спектаклан премьера хилира. Спектакле даьхкинарш дукхахдерш кегий бераш хиллехь а, баккхийнаш а кIезиг бацара хьовсархошна юкъахь.
Билгалдаккха деза, и спектакль хIотторехь Нохчийн Республикин хьакъволчу артиста, лакхахь хьахийначу театран режиссера Темишев Султана дуккха а къахьегна хилар. Коьрта ролаш ловзош бара Нохчийн Республикин хьакъволу артист Махаури Iальви (ГIура-Дада), Шамсудова Карина (Маьлх-Аьзни), Музаева Залина (Жоьра-Баба).
Спектаклан сюжет иштта яра: хIора шарахь Керлачу шарна берашна ГIура-Дадас луш долу совгIаташ лачкъо хьожу Жоьра-Баба. Цул сов, берашна лерина даздарш юкъахдаха г1ерта иза. «Туьйранехь хьошалгIахь» спектаклехь гайтира хIокху шарахь Керлачу шарна берашна лерина даздарш цахилийта Жоьра-Бабас керла некъаш лоьхуш хилар.
Оцу спектаклан сюжет хьовсархошна дика евза. Хууш ма-хиллара, муьлххачу а къоман халкъан туьйранехь «дика» а, «вуон» а вовшашца къийсалуш ду. Иштта, кхузахь а «дика» а, «вуон» а къуьйсу Жоьра-Бабас а, ГIура-Дадас а. Спектакль берашна а, цаьрца баьхкинчу баккхийчарна а хазахетта хилар гуш дара.
З.ЛОРСАНОВА
№145, шинара, гIуран (декабрь) беттан 22-гIа де, 2015 шо