Муьлхха а нана, дийнна денна-м стенна хьехадо, цхьана сахьтана а шен берах къаьстича, цунна сагатдеш хуьлу. Амма Соьлжа-ГIаларчу №22 йолчу «Зезаг» берийн бешахь бераш долчу наношкахь и сингаттам ца лаьтта. Сайн кIант а (Чучаев Мохьмад) цига лелаш хиларна, дика девза суна цигара хьал. ЧIогIа самукъадолуш хуьлу кIант ас ша берийн беша вуьгуш. Цунна шен шолгIа цIа тарделла цунах. Кхузарчу кхетош-кхиорхошна шаьш берашна дезадалийта хааран билгало ю иза. Нана хиларе терра, суна дика хаьа берашца болх бар чIогIа хала гIуллакх хилар. ХIора беран амал а, кхиаран башхалла а тидаме оьцуш, цхьана мIаьргонна а царна тIера бIаьрг ца туьлуьйтуш, церан Iуналла дан а, кхетош-кхиоран болх бан а атта дац. Амма вай юьйцучу берийн бешан, шайн коьртехь Дадаева Милана йолу, коллектив дика ларайо шайна хьалха лаьттачу декхаршца. Дела реза хуьлда царна массарна а. Къаьсттина баркалла ала лаьа «СтелаIад» тобанан кхетош-кхиорхошна Хамастханова ТIаусна, Хаджиева Аминатна, Джамулаева Маккина, дан ма-деззара тхан берийн Iуналла дарна, кхетош-кхиорна.
ТIедогIучу Керлачу шарца «Зезаг» берийн бешан коллектив декъалъян а лаьа. Шун хIора хIусаме ирс, беркат дохьуш догIийла 2016-гIа шо.
№145, шинара, гIуран (декабрь) беттан 22-гIа де, 2015 шо
ЧУЧАЕВА Лиана