Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьнен чу ваьлла РаббиIул-Аввал беттан шийтталгIачу буьйсанна Iаьрбошна юккъехь сий долуш хиллачу къурайшийн тайпанан ХIашимийн цIийнах волчу Iабдул-МутIелибан кIентан IабдуллахIан доьзалехь. Оршотан буьйса хилла иза. Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) нана ю ВахIабан йоI Аминат. Ша дуьнен чу валарца вайн Пайхамара(Делера салам-маршалла хуьлда цунна) , бIаьргаш стигала хьала а хьовсош, аьлла: «АллахIу Акбар! ЛаилахIа илл АллахIу Мухьаммада РасулуллахI».
Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьнен чу ваьлча стигалан Iаршашкара серло лаьтта йоьссина, эзар шарахь дIа ца йойтуш, цунах Дела вина, наха сужданаш деш, корта бетташ латтийна цIе цIеххьана дIаяйна. Дуьненан массо а маьIIехь хилла ерриге а жIараш охьаеттаелла. ГIажарийн паччахьан шахьарш егийна, цхьайолу бIаьвнаш а херцаш. ХIетталц стигалан Iаршашка дуьйлуш хилла шайтIанаш, жинаш маликаша лаьхкина.
Вайн Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) нана дог-ойла цIанъелла хилла. Иза дуьнен чу ваьллачу ворхIалгIачу дийнахь, IабдуллахIан дас Iабдул-МутIелиба, шен кIентан кIант вазвеш, доккха той хIоттийна, езаниг хаьржина, Мухьаммад цIе тиллина. КIентан ши бутт кхачале IабдуллахI кхелхина (цхьадолчу жайнашкахь) иза Мухьаммад дуьнен чу а валале кхелхина аьлла ду. Дика хууш верг АллахI ву). Сингаттамо, гIайгIано накха бакъийна, кIантана ша хIун дер ца хууш йисина хилла Аминат.
Цу хенахь Маккахь бехачу нехан Iадат хилла, шайн бераш кхаба ханна ярташкара баьхкинчу зударшка мехах дIалуш. Амината а, шен марзахойх дага а яьлла, сацам бина кIант кхабийта цхьаьнга дIавала. Иза кхаба дIавигначу Хьалимата цунах лаьцна иштта дийцина:
«Тхан махкахь йокъа хIоьттинчу шарахь дара иза. Йокъано дерриге а хIума хIаллакдинера. Тхан цхьа эмкал яра, къена а йолуш. Дуй баа, цхьа тIадам шура яцара цо луш. Мацалла воьлхучу сан кIанта тхоьга наб ца йойту масех буьйса яра. Иза вузон сан а, хьогалло гIелйинчу эмкалан а ницкъ ца кхочура. Оха чIогIа сатуьйсура догIане. Бедуинийн масех доьзалх вовшахкхетта тхан къепал Iаламат меллаша йоьдура. Со вира тIехь яра. Иза а дукха гIийла дара.
Макка шахьара хала а, атта а тхо дIакхаьчча, тхан зуьдаршлахь цхьа а ца йисира Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) кхаба дIаэцахьара аьлла дехар ца деш. Амма тхо дерриге а дуьхьал хилира. Оха ойла йира: «Йисина Iачу зудчуьнгара а, къеначу дедегара а хIун пайда хир бу оха церан бер кхабарх», – бохуш.
Со цхьаъ йоцчунна, массарна а кхаба бер карийра. Ас сайн хIусамдега элира: «Ма чIогIа ца лаьа-кх суна кхаба бер доцуш йиса. Ас сайн дагца чIагIо йина-кх, иза буобер делахь а, кхаба тIелаца». ТIаккха хIусамдас элира: «И доцург дисина кхин бер а ца хилча, со-м дуьхьал вац хьан лаамна». Сайна кхин бер ца карорна, Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) схьа а эцна, тхайн къепал йолчу дIаяхара со. Бер сайн кара а эцна дIайолаелча доккха Iаламат хилира. Сан накхош шурех дуьзира, уьш цуьнгахьа дIа дирзира. Иза шура яа доладелира. Цуьнца цхьаьна сан кIант а. Эмкале дIахьаьжча гуттар а чIогIа цецдевлла, тамаша бина дисира тхо. ГIаддайна хилла тхан къена эмкал шурех шин буьзна лаьттара. Сан хIусамдас цуьнгара яьккхинчу шуро тхойшиъ дузийра. ЧIогIа дика буьйса яьккхира оха.
– ХIай, Хьалимат, ас Делаца чIагIо йо хьуна, хьан кара кхаьчнарг беркате са хиларх, – элира шолгIачу Iуьйранна сан хIусамдас.
– Ас а йо чIагIо, иза иштта хиларе сатесна со а хиларх, – жоп делира ас.
Массо а сецош, Макка догIучу хенахь хала догIуш хилла тхан мокха вир, шена тIехь со а, Мухьаммад а дохьуш, массарал тIахъаьлла, массарал хьалха ма дара тхо цIадогIуш…
Хьалимате вайн Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) кхаьчначу дийнахь дуьйна, цуьнан доьзале ийман доьссира, беркат хьаьдира, Делан боккха къинхетам бахьанехь. Даьхни дежа меттигаш даима сийна лаьттара, гIунаш цкъа а якъалуш яцара. Даьхни дебар кхечерачул алсам дара, ялта чIогIа хьекъара.
Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) жимчохь дуьйна а кхечу берех чIогIа къаьсташ хилла. Шен ворхI бутт кхаьчча кога вахана иза, дуьйцуш дерг дикка къаьсташ а долуш, хабар дийца волавелла. Цуьнан доьалгIа шо долуш, Хьалиматан кIантаца Масрудаца иза ловзуш волуш, ши Малик доьссина. Цу шиннах цхьаъ Жабраил-Малик хилла. Цо Элча (Делера салам-маршалла хуьлду цунна) охьа а виллина, цуьнан накха а батIийна, кийрара дог схьаэцна, цIандина, Делан цIенчу динах тешарх дузуш, юха кийра а диллина, белшаш юккъе мухIар таIийна, иза билгалвоккхуш. ХIетахь дуьйна цуьнан юьхьа тIе доьссина нур хилла.
Хьалимат а, цуьнан хIусамда а, хилларг хиъча, чIогIа сагатдан даьлла шайтIанашкахьара кIантана цхьа бохам хиларна кхоьруш. ТIаккха цара сацам бина, кIант Аминате дIавала.
Иштта, шен нене дIало цара Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). Масех шарахь шен ненах ирс оьцуш хан йоккху цо. Цул тIаьхьа, цкъа Мединате шен гергара нах болчу яханчуьра юха йогIуш, цIеххьана чIогIа лазар кхетта, новкъахь кхалхар хуьлу цуьнан. Циггахь, Макка а, Мединат а шахьаршна юккъехь йолчу юьртахь дIайоьллира иза.
Шен ворхI шо а кхачале да а, нана а доцуш байлахь висира Сийлахь Элча Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). Да-нана доцуш висина кIант, шен ден а, ненан а цхьаъ бен ца хиллачу ялхочуьнца БаракаIатца Iаш хуьлу. Цу хенахь, ханна воккха хиларна гIелвала воьллачу дедас Iабдул-МутIелиба, шен воккхах волу кIант Абу-ТIалиб кхайкхина тIе а валийна, цунна тIедиллина Мухьаммадан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) къаьсттина Iуналла а, дола а дар. Догдика стаг хилла Абу-ТIалиб. Шен вешин кIант къевллина мара а воьллина, ша волчу хIусаме дIавигна цо. ХIетахь дуьйна, дикачу ден метта хилла иза IабдуллахIан кIантана.
… Шийттара волуш, шен деваша Абу-ТIалиб совдегарийн ковра а эцна гена махка ваха ваьлча, ша а вигар дехна цуьнга Мухьаммада (Делера салам-маршалла хуьлда цунна. Цуьнга «хIан-хIа» аьлла дуьхьало ца ян елла девешега. Цуьнан дехар кхочушдеш шеца цхьаьна вигна цо иза. Оцу бехачу новкъахь уьш кхочу цхьа къам даьхначу, амма тIаьхьуо хIаллакьхиллачу цхьана махка. Шайх дозалла деш, доьналла долуш адамаш хилла цигахь даьхнарш.
Деланаш бу бохуш тIулгашна, жIарашна, цIарна, хинна, малхана, баттана «ламазаш» деш, тилла къам хилла иза. Къам нийсачу некъа тIе даккхийта шен Пайхамар – Салахь (Делера салам хуьлда цунна) вахийтина Дала. Амма Салахь Пайхамар бакъвеш ца хилла оцу къомо. Делера веана Пайхамар хиларан билгало гайта шайна бохуш хилла наха. «ХIун билгало еза шуна?» – аьлла хаьттича, лома юккъера эмкал схьаялийта, шен кийрахь кIорни а йолуш, аьлла цара. Салахь Пайхамара Деле доIа дина. Лам бетIаш, дIаса а бахана, эмкал гучуяьлла, ехка хан генахь цахиларан билгалонаш а йолуш. Дукха хан ялале цо кIорни йина.
ТIаккха цхьаболчара Салахь бакъвина, иза къобалвеш, цунна тIаьхьа а хIиттина. Амма дукхахберш цунах ца тешна, цунна тIе ца бирзина. Шайн «дин» дуьтуш ца хилла цара. Кхерамаш туьйсуш хилла эмкал ен а. Иза хезначу Салахьа оцу нахе дIахьедина: «Эмкална зулам дахь, Дала могуьйтур дац шуна», – аьлла. Iуьйранна яжа ара а йолуш, суьйранна чу а йогIуш, дукха нахана шура а латтош, лелаш хилла и еза эмкал. Кхийолу эмкалш цунах кхоьруш, къехкаш лела аьлла, урс хьаькхна, еза эмкал йийна оцу зуламечу наха. Цуьнан са даларца, цIеххьана стиглара цхьа инзаре мохь беана, стигал къевкъина. Ткъа Iуьйранна эмкална лазам мел бинарг а, Салахьах ца тешнарш а белла Iохкуш хилла. Цу кеппара, Дала лаьтта тIера дIадайъина и къам, церан мохк нажжаз хилла бисина.
Оцу бехачу, халачу новкъахь АллахIа вайн Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) терго еш хилла. ЦIаро санна малхо вагочу гIамарийн аренашкахула дIадоьлхуш, нахана ган йиш йоцуш, маликаш хилла цунна тIехула шайн тIемаш даржийна, иза ларвеш. Цкъа, цхьаболчарна а гуш, къеггина декхначу дийнан делккъехь, Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) нийсса коьрта тIехула кхозуш цхьа марха хилла, иза малхах ларвеш. Цкъа IиндагIа эшна хьаьвзича, дакъа а делла лаьттачу дитто цIеххьана гIа-патарш хецна.
Новкъахь тамашийна дуккха а хIуманаш девзина, хезна. Макка юхавирзина Мухьаммад Пайхамар (Делера слам-маршалла хуьлда цунна) Шема махка яхана хилла хIара юкъахь волу ковра. Шен заманахь ИбрахIим Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) веана хилла мохк бу Шема. Ша цхьаъ бен воцчу АллахI-Делах тешар деана ИбрахIим Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Шема махка. ТIаьхьа а вайн Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) олуш хилла: «Шел бакъдерг доцуш бакъ ду АллахIа Шен дош лардеш болу нах, шовзткъаннал лах ца беш, оцу махкахь латтош хилар, цхьаъ кхелхича, цуьнан метте кхин воуьйтуш. Цаьргахула Дала къинхетам церан берриге а махках бина».
Вайн Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) баьхна: «Самукъане хила хьо, сакъералуш, хIай, кху махкара халкъ, къинхетамечу Делан пурбанца, цIенчу маликаша шайн тIемаш хьуна тIехула даржийна латтош ду хьуна!».
Шен девешица Абу-ТIалибца дуьххьара бинчу оцу бехачу новкъахь Мухьаммадна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) нехан тидам кхин цхьана хиламо а тIебахийтина хилла. ТаймаI цIе йолчу юьртахь вехаш хиллачу жуьгтийн цхьана Iеламстага Бахьийрас хаттарш дина хилла кIанте, шена дика девзаш долчу Товрата чохь юьйцу, Дала тIаьххьара дуьнен чу воккху волчу Пайхамаран билгалонаш цуьнгахь хаа а лой. Цуьнга и хаттарш дича жуьгтийн молла теша, тIаьххьара ваийтина волу Пайхамар хIара хиларх. ТIаккха олу цо Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) девешега Абу-ТIалибе: «Суна хIокху кIантехь девзинарг шайна гучудалахь, жуьгтий шайн ницкъ ма-кхоччу кхунна хьовзам баккха, вен хьовсур бу. ЧIогIа ларвелахь хьайн вешин кIант».
Мухьаммад Пайхамаран (I.с.в.с.) хьехамаш
– ХIай совдегарш, йохк-эцарехь, дукхахьолахь, алссам нисло харцлер, эцархо Iехор. ЦIанлолаш сагIа луш хиларца. СагIа даларо бен Делан оьгIазалла лахъян йиш яц. Нагахь санна цхьамма юхкуш йолу хIума сакхт долуш елахь, иза юхкучо эцархочунна дIахоуьйтийла. И сакхт хуьлдахь, Делан оьгIазло шена тIейоьху цо.
– Кхечу стагана иэшам беш, цуьнан хьаштонех хьайна пайда бан ма гIерта, цуьнгара лахарчу мехах хIума а эций. Цул а, гIо де цунна. Шегахь йолу къоьлла эшон, дIаяккха. Мецаниг вузаве. Цомгашниг волчу зерате хIотта. Маьрша воцург паргIатваккха, иза бехк боцуш маршо яйъина велахь.
– Хьайна уллерниг дастам ма хета, хьайл лахара а, кIезиг а ма хета. Лаьтта тIе ког ма баккха, дагчохь куралла а йолуш. Далла езаш яц куралла. Цунна ца дезна цавашар а (Iеламнаха дийцарехь, АллахIа оьгIазло йина, Шех Иблис дIадаккхаран коьрта бахьана ду цо куралла яр. «Ас хIунда бо цуьнан ларам? Со цIарах кхоьллина ду, ткъа иза (Адам) поппарх вина ву», – аьлла боху Иблисо. Делан неIалт хуьлда цунна).
Боккхучу когаца а, олучу дашца а куралла йоцуш, кIеда-мерза хила. Дерриге а аьзнашна юккъехь а товш доцу аз вираниг ду.
Вайн Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьнен чу а валале, Iаьрбаша лоруш хилла ХьаьжцIа. Цига вахарца Хьаьж кхочушдар цIеначу динехь а деза лерина ду. Ткъа ХьаьжцIа оьхучу наха кхехьна цхьадолу суьрташ – Дела цхьаъ веш цахиларан билгалонаш ю. Уьш араяха езаш хилла цIеначу динца. ИбрахIиман заманахь дуьйна а, цIеначу динехь лерина ламаз дар а, ламазна хIиттале хьалха хица меженеш юьлуш, иза эца дезаш хилар а.
Къуръана чохь Дала даийтина деза Аятал Курси ду. Шен кIорггера маьIна дан Дала дика дина воцчу стеган ницкъ кхочур боцуш, кIорггера маьIна ду цуьнан. Герггарчу хьесапехь аьлча, цуьнан чулацамехь ду – Хастам бу АллахIана, дуьне-Iалам кхоьллина, кхобуш волчу. АллахI ву. Иза воцург кхин Дела вац. АллахI дийна ву, даима хир волуш ву. Иза набъеш вац, гIеллуш вац, садоIуш вац. Цо кхоьллина, Цуьнан лаамехь ю стигланаш, Цо кхоьллина, Цуьнан лаамехь ду латтанаш а, Цуьнан лаамехь ду стигаланашна а, латтанашна а юккъехь мел дерг а.
Цунна хууш ду мел хилларг а, мел хиндерг а. Амма цхьанна а хаа йиш яц Цунна хууш долчех хIумма а. Цо ша схьагайтинарг доцург. Цуьнан лаамехь ю стигланаш а, Цуьнан лаамехь ду латтанаш а. Церан терго яр хIумма а халчех а дац Цунна. Иза Ша ву-кх Веза-Сийлахь верг, дерриге а хIуманна ницкъ кхочуш верг.
Вайн Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дукха деза дийцина фарз ламаз дар. Маликаш дийнахь а, буьсанна а адамашна юккъехь лелаш ду. Буьйсанна маликаш юха стигала хьала дахча, цаьрга вайн Дала хотту: «Мича хьолехь бити аш Ас кхоьллинаш», – олий. «Тхуна уьш кара а бира ламазе хIиттина лаьтташ, иштта ламазаш деш бита а бити оха уьш», – жоп ло маликаша вайн Далла.
Мухьаммад (Делера
салам-маршалла хуьлда цунна)
Делан Элча хилар
Хадижата къобалдар
Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) ткъа шо кхаьчначу хенахь иза, къурайшин тайпанах а йолуш, хьолан да йолчу Хадижатна вовзуьйту. Цхьана гIуллакха тIехь Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) вевзина хилла Хадижатан вешин кIантана. Цо шен дейишига дуьйцу, кхин хила йиш йоцуш оьздачу а, тешамечу а жимачу стагах лаьцна. «Хьан бахам, хьан хьал тешо хьакъ долуш стаг ву иза», – аьлла цо Хадижате.
Цул тIаьхьа цунна, го тIех оьзда, нуьре юьхь-сибат, тIех хаза куц долу Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). Шема яхийта кечъеш йолу шен ковра а, цуьнга йигийта чIогIа лиъна Хадижатна. Кхечарна луш болчул шозза сов мах биллина цо Мухьаммадна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) и гIуллакх тIелоцург. Шен девешех Абу-ТIалибах дага а ваьлла, цо магийча, хIокхо тIелаьцна Хадижатан ковра юьгуш Шема ваха. Хадижатан лай Майсар а, вешин кIант а хилла, ковра юьгуш воьдучу Мухьаммадна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) гIо-накъосталла деш.
Шена тIедиллина гIуллакх дика кхочуш а дина, хьалха цунна хуьлучул дикка алсам са хуьлуьйтуш юхавеана иза. Цунна резахиллачу Хадижата ша биллинчул а, шозза сов мах белла Мухьаммадна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна).
Шовзткъа шаре яхана зуда хуьлу Хадижат. Делан лаамца, цунна гучудолу Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) веза а, сийлахь а стаг хилар. Цкъа иштта, шен дехарна жоп делла, ковра эцна Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) гена махка вахана цIавогIучу хенахь ,шен цIенна уллехь цунна дуьхьал яьлла Iаш хилла Хадижат, шеца цхьаьна ши ялхо а йолуш. Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) гергакхача воьлча, иза цецйоккхуш, цунна гина Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шайн тIемаш кIела лаьцна, иза малхах ларвеш, догIу ши малик. Гуш долчух цецъяьлла а, тамаша беш а, йоккхаеш а йолчу цо шен ялхошка мохь тоьхнна аьлла: «Хьовсийша, хьовсийша, хIара ву шуна АллахIана везнарг, иза ларван хIоттийна ши малик а долуш!». Ган йиш хиллий-те ялхошна Хадижатна гуш дерг?! Дера ца хилла!
Цул тIаьхьа цхьа хан яьлча, Хадижата Мухьаммаде (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьахадойту шена цуьнан долаяла лууш хилар. Шега иза аьлча цо олу: «Муха мегар ду и? Со къен стаг ву. Иза, хьал долуш, эла ю». Амма иза новкъарло ца лору Хадижата. ТIаккха а шиъ резахуьлу цхьаьнакхета. Вайн Элчано (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) иза ялайо.
Хадижат ялийначу тойне кхойкху цо ша вакхийна йолу Хьалимат. Цунна совгIат а до шовзткъа уьстагI баларца.
Хьекъал а, куц а, гIиллакх а, эхь-бехк а долуш волчу жимачу стаге, хьал долуш йолу Хадижат яхар массара а къобалдеш тIеоьцу. Оцу тойнехь хиллачу Абу-ТIалиба элира: «Хастам бу Далла, ИбрахIим Пайхамаран тIаьхьенах, ИсмаьIал Пайхамаран доьзалх, МаIадан хIух, Мударан гарах тхо динчу, Шен цIийнан терго яр, и сийлахь Чиркх ларбар тхох тешийначу, цхьаьнгга а яккхалуш йоцу хIусам, шена чохь кхерам боцу чоь тхуна еллачу…».
Йоккхачу Макка шахьарахь а шел хьал долуш стаг воцу Хадижат ялийна Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) оцу дерриге а хьолан да хуьлу. Iаьрбашна юккъехь лелларш-хилларш дуьйцуш долу тептарш хIиттош хиллачу Абуль-Феда цу хенахь иштта аьлла Мухьаммадан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хьокъехь:
«Цунна Дала деллера хила мел дезарг. Иза тоьаш дара хьанал а, оьзда а волчу стагана адамашца сий-ларам, кхин хила йиш йоццуш, лакхара хилийтарна». Ткъа вайн Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) цIена стаг хиларна а, массаьрца а дог цIена, хьагI-гамо, куралла йоцуш хиларна а наха, дукхахьолахь, цIе яккхаран метта аль Амин (Тешамениг) олуш вара. Адамийн тешам боккха хиларна, къовсаме даьлла муьлхха а хIума къастадайта цунна тIедохьура. Цо йинчу кхиэлана реза а хуьлура.
Цкъа цхьа бохам а хилла ХьаьжцIийнера КаIбат дохийна хиллера. Юха иза тодеш, КаIбатах болу беза-сийлахь Iаьржа тIулг кхечанхьа баккха безаш хиллера. И тIулг кара а эцна, кхечанхьа баккха бакъо шайгахь-шайгахь хила еза бохуш, Маккарчу тайпанийн тхьамданийн къовсам баьлла хиллера. Къовсаме даьлларг къасторехь кхин барт а ца хилла, цара сацам бина, хIинца уггаре а хьалха неI а йиллина ХьаьжцIенна чоьхьа ваьллачо аьлларг дан. Цу хенахь чоьхьа ваьлла вайн Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). Къовсаме даьлларг шега дийцича цо аьлла: «Оба яржош лаьтта охьайилла, цу тIе и беза-сийлахь тIулг билла, тIаккха хIора а тайпанах волчу цхьацца стаге обанан маьIигаш а лацийта. Цул тIаьхьа тIулг билла беззаче охьабилла». Цо ма-боххура схьа а лаьцна, дIа а баьхьна, билла беззаче тIулг дIабиллина. Цо иза шен куьйга дIабиллина бохуш а дуьйцу.
Ша дуьнен чу ваьллачу дийнахь дуьйна АллахI цхьаъ веш хилла Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). Жимчохь дуьйна Дала, дуьненахь долу Iилманаш а, динаш а довзуьйтуш, кхиийна иза. Дуккха а мехкашкахь хилла, адамаш девзина. Церан динах болу кхетам бевзинчул тIаьхьа, кхоччуш тешна иза Дуьненахь цIеначу динан нийса некъ нахана юкъабаккха безаш хиларх. Амма оцу дезачу, сийлахьчу гIуллакхан охIла а, Делан векал а ша хила веза бохург цунна дагахь а ца хилла. Оццул лекха а, Дала вазвина а ша хета тарлуш ца хилла, дозаллех, кураллех мискъалазарраттал хIума доцчу цунна.
Делахь а, Делан цIеначу динна сагатдеш, цуьнан гIайгIанаш еш, Деле доIанаш деш, нахах къайла а волий хан йоккхуш хилла цо. Макка шахьарна пхи чаккхарма гергга генахь болчу Хьира лома а воьдий, ша цхьамма Рамазан бутт ойланашкахь боккхуш хилла Мухьаммада (Делера салам-маршалла хуьла цунна). Шен шовзткъа шо кхочучу хенахь, цкъа иштта Деле доIанаш деш иза волуш, Дала Жабраил-Малик доуьйту Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) волчу. Шен обанах хьаьрчина Iуьллучу цунна аз хеза. БIаьргаш схьабиллича цунна гина адамийн суьртахь долу Жабраил-Малик. Цо схьакховдийна чилланан кIадин кийсак, тIехь йозанаш а долуш.
– ДIадеша! – аьлла цо.
– Суна деша ца хаьа, – дуьхьало йина Мухьаммада (Делера салам-маршалла хуьлда цунна).
– Лаьттан цинцах адам кхоьллинчу, дуьне-Iалам дIахIоттийначу, дерриге а хIуманан Эла волчу АллахIан цIарца дIадеша! Адамашна йоза-дешар довзийтинчу, Шен кхетам стеган хьекъале кхачош волчу, Iилманан зIаьнарш луш верг Ша цхьаъ бен воцчу, ца хуург адамашна хаийта ницкъ болчу АллахIан цIарца дIадеша! – аьлла цо юха а.
Йоза-дешар хууш воцчу Мухьаммаде (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) атта дIадешало Жабраил-Малико охьадеана йоза. Делера омра хиллера иза. Вайн Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) АллахIан омра дешна ваьлча, Жабраил-Малик дист хилла: «ХIай Мухьаммад, цIеначу бакъонца хьо Делан Элча а ву, со цу Делан Жабраил а ду!» – аьлла.
ХIинццалц ша дукха сатуьйсуш ойланаш ярна, шен бIаьргашна дуьхьал теснарг бIарлагIа-м яц те бохуш, шеко йолуш цIа веана иза. Шен хIусамнене Хадижате дийцина цо шена гинарг.
Дала дика динчу, сийдолчу Хадижата, цхьана мIаьргонна а шеко йоцуш, къобалдой тIеоьцу шен цIийнда бакъ Пайхамар хилар. Цо аьлла: «Хаза кхаъ баьккхи ахь соьга, Мухьаммад. Ас дуй буу хьуна, сан дегI а, са а Шен карахь долчу Везачу АллахIан цIарах хIинцачул тIаьхьа, сан цхьа а шеко хир ма яц Дала вайн халкъана велла бакъ Пайхамар хьо хиларх».
Дала Ша къастийна Сийлахь Элча бакъонца ша хиларх иза теша а кхиале, Дала къастийнарг шен цIийнда хиларх сихонца тешна Дала дика дина йолу, сийдолу Хадижат. Хадижата сихха дIадуьйцу иза шен вешин кIанте Варакъе. Иза йоза-дешар дика хууш хилла. Цо а къобалдой тIеоьцу шена хезнарг:
«Хьан цIийндена деанарг шен хенахь Муса Пайхамарна деана хилла Жабраил ма ду», – аьлла Варакъис.
АгIо кечйинарг – С.ДАДАЕВ
№145, шинара, гIуран (декабрь) беттан 22-гIа де, 2015 шо