Иштта цIе йолу «горга стол» дIаяьхьира кху деношкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментехь. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикехь адамийн бакъонаш ларъяран Векалан аппаратан, къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон, Юкъараллин палатин, дешаран а, Iилманан а министерствон, культурин министерствон, Россин юстицин министерствон Нохчийчохь йолчу урхаллин, Ерригроссин «Единая Россия» политикин партин, Нохчийчоьнан бусалбанийн динан урхаллин, Къанойн кхеташонан, экстремизмана дуьхьало яран туьшан векалша, кхечара.
Цара дийцаре дира кегийрхой а, цу юкъахь къона зударий а, мехкарий а экстремистийн тобанех дIакхетаран, уьш церан харц хабарех, хьехамех Iехабаларан бахьанаш. Кхузахь вовшахкхеттачарна гайтира «Иблисан пачхьалкхан» гIеранаша бусалбанашна, маьршачу нахана тIехь латточу къизаллех, Iазапах, цара деш долчу талорах, кхечу зуламех лаьцна дуьйцуш йолу ролик. Цуьнга хьаьжнарг кхета декхар дара «Иблисан пачхьалкхехь» берш бусалба динца бала боцуш, иза сийсаздан гIерташ болу Делан мостагIий хиларх. Цуьнга хьаьжначаьрга кхин хIумма а дийца оьшуш а дац аьлла хетара. Делахь а цхьаболу кегийрхой а, мехкарий а и санна йолчу роликашка ца хьовсу. Цара интернетехь кхин лоьху.
Цундела, лакхахь хьахийначу департаментан директора Дадаев Ризвана дийцарехь, вай коьрта тидам тIебахийта беза кегийрхошна а, мехкаршна а экстремизмо а, терроризмо а деш долчу зуламех лаьцна дийцарна, уьш галбевлла, тиларчу бахана хилар гайтарна. Иза билггал иштта хиларна тоьшаллина дало дуккха а делилаш ду. Р.Дадаевс къаьсттина сагатдо террористашна а, экстремисташна а юкъа къона зударий а, мехкарий а боьлхуш хиларна, цара зударшкахь товш доцу, зударша лелон догIуш доцу гIуллакхаш лелорна. «Горгачу стоьлехь» иза даррехь дIа а хаийтира цо. Цул сов, билгалдаьккхира къона зударий а, мехкарий а оцу зуламхойн гIеранех дIакхетаран бахьана къастор вайна Iаламат мехала хилар.
Дан а ду иза иштта. ХIунда аьлча, бахьана къастийча, бахьана хIун ду хиъча атта хир ду и бахьанаш дIадаха, профилактика яран болх тобан. Дадаев Ризвана чIагIдеш ма-хиллара, нохчийн юкъараллехь, доьзалшкахь даима а леррина тидам тIебохуьйтуш хилла зудабераш, мехкарий кхиорна, кхеторна. Царна довзуьйтуш хилла шаьш лелон дезарг, лелон мегар доцург. Ткъа тахана цхьаболчу доьзалшкахь иза тесна дитина, зудабер кхиоран, лардаран гIуллакх малдина.
– Делахь-хIета, вайн оьздачу гIиллакхашкахь Iамо а, кхио а деза зудабераш. Наноша царна бераллехь дуьйна дийца а, марздан а деза гIиллакхаш, дайн Iадаташ, бусалба цIена дин, эхь-бехк. Къаьсттина лазаме ду вайн цхьаболу мехкарий, къона зударий, шайн дайн кхерчаш дIа а туьйсуш, гIиллакхах, эхь-бехках, ийманах бухуш, террористийн а, экстремистийн а могIаршка хIуьттуш хилар. И саннарг кхул тIаьхьа вайна юкъахь цахилийтархьама вай вешан берриге а ницкъ, хаарш, хьекъал тIехьажо деза зудабераш, мехкарий кхетош-кхиорна», – бохура Дадаев Ризвана.
Цо дийцарехь цхьаьна богIуш бац «терроризм» а, «зуда» а боху кхетамаш. Вуьштта аьлча, терроризм зударийн гIуллакх дац. Цуьнан коьрта декхар ду кхерчахь аьхналла, йовхо, ийман, беркат латтор, доьзал кхиор. И ду вай тахана мехкаршна, зудаберашна Iамон, марздан дезаш дерг.
«Горгачу стоьлехь» дакъалоцуш хиллачу Нохчийчоьнан МВД-н векала Эльмурзаев Шемала дийцарехь, экстремизман дуккха а агIонаш ю. Цуьнга терра дуккха а ду экстремистех дIакхетаран бахьанаш а: материальни, идеологин, кхолладеллачу хьолана реза цахилар, шен хьал хийца лаар, адамашна тIехь куьйгалла дан лаар, керланиг довза лаар, и.дI.кх.
Адамашца болх баран алссам зеделларг долуш йолчу психолога Шидаева Марета «Зударий – кхиарехьа» организацехь зударшца болх бен дикка хан ю. Цо чIагIдарехь, мехкарий а, къона зударий а дIабахаран коьрта бахьана ду доьзалехь царах цакхетар. Царах дукхах берш экстремистийн кIелонна тIе нисло. Цара шайн кIелонаш интернетехь йо, экстремистийн идеологаш, вуьшта, вайна юкъахь а хаало. Цара Iехабо шайн цIенна, хIусамна херабевлла мехкарий а, къона зударий а. Уьш Iехоран дуккха а гIирсаш а, некъаш а ду экстремистийн. Уггаре а кхерамениг ду экстремисташа къоначеран синна а, кхетамна а йоццачу хенахь боккха Iаткъам беш хилар.
Делахь а, хIокху «горгачу стоьлехь» дакъалоцуш хиллачарна хетарехь, и проблема, и лазам дIабаккхалур болуш бу. И лазам дIабаккхалур бу, нагахь санна вайн ерриге а юкъаралло экстремизмана а, терроризмана а дуьхьал къийсам дIабахьарна берриге а ницкъаш вовшахтохахь.
С.ХАМЗАТОВ
№145, шинара, гIуран (декабрь) беттан 22-гIа де, 2015 шо