Республикехь энергетика кхуьуш ю

Россин энергетикан де тIекхочуш, тхан газетана интервью елира Нохчийн Республикин промышленностан а, энергетикин а министран заместитела Магомедов Ризвана. Цкъа хьалха цо дийцира республикехь энергетикица доьзна долчу хьолах лаьцна.IMG_9611

 – Адамийн Iер-дахарехь ца хилча йиш йоцу хIума ю ток а, газ а. «Чеченэнерго», «Чеченгаз» организацийн белхахоша вай оцу шайн хьаштех дIа ца хадийта дийнахь а, буса а белхаш бо. Уггаре а хьалха бахархошна хаа деза, шаьш пайда эцначу тоьках, газах ахча дIадала дезаш хилар. Вайн республикехь 2015-чу шеран 23-чу августехь Итон-Кхаьллан районерчу Кхокхатахь Орга хи тIехь схьайиллина жима ГЭС (1.3 МегаВатт нуьцкъалла йолуш). И йоцург Нохчийчохь ток йоккхуш кхин цхьа а станци яц. Ерриге а ток арахьара чу йогIуш ю (Ставрополера, ГIалгIайчуьра, Дагестанера). Ткъа вай баттахь ягош ерг 200–280 миллион Киловатт-сахьтехь электроэнерги ю. И ток йохкар-эцар лелош «оптови рынок» ю. Цара гIоленаш еш хIоттийначу мехаца оьцуш яра вай ток хIокху шарахь. Ткъа вай тоьках ахча шен хенахь дIацадаларна, тIедогIучу шарахь гIоленаш йийр яц. ТIаккха коммунальни хьашташ кхочушдарна мах тIекхета герга бу. И ца хилийта, дукха хан йоццуш вайн республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIаяьхьначу кхеташонехь билгалдаьккхина ма-хиллара, 2016-чу шеран 17-гIа январь тIекхачале ерриге а республикера тоькех долу декхарш схьа а гулдина, оцу «оптови рынке» дIакхачон дезаш ду. Цундела билгалдоккху ас и декхарш шен-шен хенахь дIатакха дезаш хилар.

– ТIехь декхар долчу электроэнергех пайдаэцархойн ток дIахадор юй?

– Россин законодательствос чIагIйина ток эцаран а, йохкаран а бакъенаш ю. Нагахь санна тоьках пайдаоьцучо ша ягочу тоьках шен хеначохь (электроэнергех дIалуш долу ахча шина баттал хьедалийта мегаш дац) декхар дIа ца лахь, цкъа хьалха, хIокху хенахь ток дIахадор ю олий, хаам бо, цул тIаьхьа а декхар дIа ца текхнехь, РЭС-н белхахоша ток дIахадайо. Цул сов, декхар дIатекхинчул тIаьхьа, юха и ток тIетосуш мах бала а беза. Шозза харж яр хуьлу декхар шен хенахь дIа ца лучу бахархойн. И ца хилийта мах шен хенна дIабала беза.

 

– 2015–2016-чуй шерийн гуьйренан-Iаьнан муьрана электроэнергех пайдаэцарна кхачамболлуш кечамаш биний «Чеченэнергос»?

– Республикина электроэнерги латторан оперативни штаб ю кхоьллина. Цуьнан куьйгалхо Нохчийн Республикин промышленностан а, энергетикин а министр Таймасханов ГIалас ву. Оцу штабо дIахьош дуккха а белхаш бу. Штабан аьхка дуьйна кийча хуьлу электроэнергица доьзна массо а гIуллакх. Цундела, «Чеченэнергос» гуьйренан-Iаьнан ханна кхачамболлуш кечамаш бина ала йиш ю.

– Энергетика кхиорехь хIун кхиамаш баьхна «Чеченэнергос»?

– 2015-чу шеран май беттан 1-чу дийнахь дуьйна ток латторан чIагIонан статус а йолуш, болх бан йолаелла «Чеченэнерго». (Кхечу регионашкара вайн Нохчийчу схьайогIу ток бахархошна дIакхачайо бохург ду иза). Цара шайн инвестицийн программица дIахьо белхаш (тишбелла массо а тайпа гIирсаш хуьйцуш, тобан безарш тобеш).

– Вайн республикера муьлха районаш билгалъевлла электроэнергих пайдаэцарна дала догIу ахча шен хеннахь схьагулдарехь?

– Вайн республикерчу хIора а районерчу администрацин белхахоша каде дIахьо шайн белхаш. Налогаш схьагулъярехь а, кхидолчунна тIехь а дика лара а бо уьш. Бакъду, тIаьххьара тхан хиллачу кхеташонехь билгал ма-даккхара, Нохчийн Республикехь Курчалойн районан администрацин векалш а, кхиболу белхахой а налогаш схьагулъяран балхана дика тIетаIар бахьана долуш, хIокху шеран ноябрь баттахь налогаш дIатакхарехь билгалъяьлларг Курчалойн район ю.

– Счетчикаш харц лелош хьаштахой хуьлий? (ХIун гIуда туху царна?)

– Счетчик хIоттор пайдаэцархочо баттахь мел ток я газ ягийна хьажар ду. Ткъа счетчикна, шаьш тIе а кхевдина, цхьаъ галдаьккхинехь, и болх толлучу белхахочунна иза тосаделлехь, счетчикна тIера дIа а бохий, бараман бакъонаш тIе (по нормативу) дехьа боху уьш (ток ягийнехь а, ца ягийнехь а хIора дийнахь цара хIоттийна мах охьабилла безар бу цул тIаьхьа). Счетчикаш хилар пайдехь ду муьлхха а вахархочунна. Хьахийначуьра аьлча, Россин Федеральни законо тIедожийна 20I6-чу шеран I-ра январь кхачале, тоькан а, газан а счетчикаш республикин массо а хIусамехь хила езаш хилар.

– Дукха нах хаало, шайна ца догIу декхарш тIехьарчийна а, шаьш яйъинчу тоькан барамца уьш догIуш ца хеташ а. Церан шайн терго латто йиш юй цу тIехь?

– Иштта шеко кхоллаеллачу тоьках пайдаоьцучо ша и гIуллакх талла а теллина, дIа а яздина, шайн меттигерчу абонентийн отделе вахна, гайта деза. Цара нормативаца хIоттош ю налог. Ткъа вахархочун ша теллинчу кехаташца нийса ю-яц хьажийта йиш ю, РЭС-н белхахоша компьютер чуьра хаамашца толлу и гIуллакх. ТIевеанчу вахархочо теллина гIуллакх нийса хиллехь, цуьнан норматив нисйо.

– Энергетика кхиоран декъехь кхочушъеш, я ян лерина программаш юй вайн республикехь?

– ХIокху шарахь электроэнергица доьзна Кадыров Рамзана «Газпроман» урхаллин председателца А.Миллерца барт а бина, Соьлжа-ГIалин Заводской районехь 440 МегаВатт нуьцкъалла йолуш ТЭС ян йолийна (ток йоккхучу заманчохь 280 Гигокалорий йовхонан энерги а йоккхур ю цо). Iаьнан хенахь ца тоахь а, аьхкенан хенахь билгал тоьар ю иза республикина. Проектаца 2018-чу шарахь йина яла езаш ю и ТЭС.

– Тоькаца боьзна хийла бохам хилла меттиг хаало. Вайн бахархошна тоькаца доьзна хIума мел кхераме ду.

– Ас хьалха ма-аллара, электроэнерги ца хилча йиш яц. Цул кхераме хIума а дац. Вайн республикин дукхахболчу божаршна моьтту хаьдда сара шайга тIетасалур бу. Серий тIетосуш болу говзанчаш дика кечбина хила беза. Шайн чуьрчу а, арахьарчу а тоькана тIекхийда бакъо йолуш вац цхьа а вахархо, тоько тешнабехк бо, цунах чIогIа ларвала веза. Шайн тоькаца йоьзна тояйта езаш хIума елахь, шайн районан РЭС-е телефон а тоьхна, тоькан говзанчаш схьа а кхайкхина, цаьрга байта беза и тайпа белхаш.

– 22-чу декабрехь Россин энергетикан де ду.  Цуьнца доьзна шайн белхахошка хIун ала луур дара хьуна.

– Нохчийн Республикин промышленностан а, энергетикин а министерствон а, цу юкъа йогIучу организацийн а белхахой декъалбан луур ду шайн корматаллин дезачу денца. Дала могашалла а, аьтто а, балхахь кхиамаш а хуьлитийла церан.

Интервью дIаяьхьнарг – Хь.АВХАДОВА

Суьрта тIехь: Нохчийн Республикин промышленностан а, энергетикин а министран заместитель Магомедов Ризван

№145, шинара, гIуран (декабрь) беттан 22-гIа де, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: