Дукха хан йоццуш Соьлжа-ГIаларчу республикански cтоматологин клиникехь семинар дIаяьхьира Москвара баьхкинчу лоьраша. Кхузаманан дентальни имплантологин кхиамех а, имплантийн системин таронех а, импланташ тоьлуш хиларан бахьанех а лаьцна дийцира цигахь.
Семинарехь гулбеллера республикин дарбалелоран тайп-тайпанчу учрежденешкара стоматологаш. Дарбалелорехь шайна зеделларг царна хьеха а, вайн республикехь могашаллаIалашъярехь долу хьал довза а баьхкинчу хьешашна юкъахь яра медицинин Iилманийн доктор, профессор, мочхалан .m[mfy хирург Москван областан медицинин Iилманан институтан директор Амхадова Малкан, медицинин Iилманийн доктор, профессор, Россин Имплантологийн Ассоциацин президент Олесова Валентина, экономикин Iилманийн доктор, профессор Олесов Артемий.
Олесова Валентинас кхузаманан имплантологин башхаллаш йийцира, импланташ муьлхачу кепара хуьлу а гойтуш (суьрташ, кхиболу пайдехь хаамаш гойтура йоккхачу экрана тIехь). Ткъа цуьнан кIант Олесов Артемий имплантологин экономика дика евзаш вара. Цо дийцира цергаш хIитторан тайп-тайпанчу кепех лаьцна а, механа, кхидолчунна хIун кеп гIоле ю а.
Билгалдаккха деза, Амхадова Малкана Соьлжа-ГIалин Пионерски урамехула йолчу стоматологин клиникехь мочхалан хирургица йоьзна 7–8 хала операци йина хилар. Меттигерчу лоьрашна хьоьхуш шатайпа «мастер-класс» яра иза. Ерриге Россехь а медицинин декъехь, къаьсттина стоматологашна юкъахь дика евзаш ю М.Амхадова. Карарчу хенахь шозлагIа бахкийна цо шеца Москвара Федеральни барамехь г1арабевлла бевза говзанчаш – лоьраш. В.Олесовас билгалдаьккхира дуьххьара Нохчийчу догIучу хенахь шаьш, кхоьрушшехь, Малкана дехарш деш ца дитина, даьхкина хилар. Ткъа тIейогIучу хенахь кхин а Нохчийчу кхача а, кхузарчу лоьрашца цхьаьна болх бан а, зеделларг вовшашна довзийта а дагахь ду шаьш а элира Олесова Валентинас. Цу тайпана говзанчаш бахкар а, цара семинар, цхьаьнакхетарш дIадахьар а республикин могашаллаIалашъярехь стоматологин а, мохчалин хирургин а дакъош кхиорехь мехала гIуллакх ду.
А.ВАХАЕВА
Авторан сурт