Шатайпана гIуллакх дара дукха хан йоццуш Нохчийн Республикин экономика а, мохк а кхиоран, махлелоран министерствехь дIаяьхьначу кхеташонехь дийцаре дан диллинарг.
Шаьш гIуллакх деш болчу предпринимательша, махлелоран фирмийн векалша дийцира оптови а, рознични а махлелоран сетийн организацешкахь этилан спирт, вахош долчу маларийн, шеца спирт долуш йолу продукци арахецарехь а, иза йохкарехь а хьесап лелоран пачхьалкхан цхьааллин автоматизированни хаамийн система (ЕГАИС) карадогIучу шарахь дуьйна юкъаялор муха дIадахьа деза, муьлха некъ хаьржича гIолехь хир ду.
Гулбеллачарна хьалха къамел деш ведомствон махлелоран а, хьаштахойн рынкан а департаментан директора М-Х.Мустафиновс билгалдаьккхира, Россехь арахоьцуш а, кхечу мехкашкара чуузуш а йолчу вахош долчу маларийн продукцех лаьцна болу берриге а хаамаш оцу системехь гулбина хилар. Карарчу хенахь цунна юкъаяхийтина вахош долчу маларийн продукци арахоьцуш йолу предприятеш. Амма тIедогIучу шарахь дуьйна иза арахецарна тIехь санна, ткъа иштта вахош долу маларш дохкарна тIехь а пачхьалкхо латтош болу таллам дикка чIагIбан Iалашо хIоттийна.
Департаментан куьйгалхочо кхеташонан декъашхойн тидам тIебахийтира кху шеран июнехь арадаьллачу федеральни законца «Этилан спирт, вахош долу маларш, шайца спирт долу продукци арахецарна а, иза йохкарна а тIехь пачхьалкхан нисдар хIотторан а, вахош долу маларш мийларна доза тохаран а хьокъехь» долчу федеральни законна цхьамогIа хийцамаш юкъабалийна хиларна. Цара хаъал шорбо вахош долу маларш духкуш йолчу рознични махлелоран организацешна ЕГАИС-о беш болу Iаткъам.
Вахош долу маларш, я йий духкуш йолу ерриге а организацеш закупкаш яр чIагIдаран декъехь, карадогIучу шеран хьалхарчу январехь дуьйна оцу системина юкъаяхана хила декхар ду. Ткъа хьалхарчу июлехь дуьйна изза дан дезар ду вахош долу маларш рознични кепара духкуш йолчу гIаланашкарчу организацийн. Цул тIаьхьа кхин а цхьа шо даьлча (2017-чу шеран июль) ЕГАИС-на юкъаяхана хир ю шайн цигахь кхаа эзар стагал сов, бахархой болуш йолчу яртийн махлелоран организацеш. Царна тIедожадо духкуш долчу маларийн дукхаллин барам гайтар.
Къаьсттина тидам тIебахийтира кхеташонехь ЕГАИС юкъаялоран гIуллакхна. Иза кхеташ а дара. Министерствон говзанчаша чIагIдарехь, автоматика юкъаялийначу туьканашкахь оцу системина тIетасарна оьшуш болчу гIирсийн мах пхи эзар соьман барамехь хир бу. Комплектана юкъадоьду криптоключ а (JaCarta), электронни кепара яздина корматаллин куьг а. Цара таро хуьлуьйтур ю «Росалкогольрегулирование» ведомстве шаьш доьхкинчу вахош долчу маларех лаьцна болу хаамаш тешам боллуш дIакхачо. Бакъду, ЕГАИС юкъаялорна бала безар болу мах цхьана комплектах 60 эзар соьме дIакхача а тарло. Цунна юкъайоьлхуш хир ю 2Д-сканер, шайца хьокъала боллу гIирсаш а болуш йолу кассийн аппараташ а.
Ведомствон пресс-службо бечу хаамца, вахош долчу маларшна закупкаш ярх лаьцна болу хаамаш ЕГАИС-е бала дуьхьало ен болчарна дан таIзарш ду билгалдина. Физически адамийн (компанийн куьйгалхой, шаьш гIуллакх деш болу предпринимательш) цу декъехь динчу талхорашна 15 эзар соьме кхаччалц ахча охьадилла дезар ду. И терахь 200 эзар соьме кхочу юридически адамашна. Гуш ма-хиллара, данне а пайдехь хир дац вахош долчу маларех лаьцна болу хаамаш къайлабахийта гIортар.
Кхеташонехь цуьнан декъашхойн иштта тидам тIебахийтира шо чекхдала бухайисинарг кIезиг хан хиларна, шайн бизнес кхидIа а кхио лууш болчара доларчу туьканашкахь а, павильонашкахь а и гIирсаш тахханехь дIахIитто болорна тIехьажийна гIуллакхаш дан дезаш хиларна.
Л.АБУБАКАРОВ
№145, шинара, гIуран (декабрь) беттан 22-гIа де, 2015 шо