Даздаршкахь дакъалецира
Россин Конституцин денна лерина Нохчийн Республикин Парламентехь дIаяьхьначу кхеташонехь дакъалецира регионан прокурора Абдул-Кадыров Шарпуддис.
Цигахь ша динчу къамелехь цо депутатийн тидам тIебахийтира Конституцин сий-ларам иза референдумехь тIеэцна хиларехь боллуш хиларна, хIунда аьлча референдум халкъан лаам дIагайтаран коьрта меттиг хиларна. Историна дечу хьесапаша гойту социальни дукхах болу бохамаш Конституци талхорна тIера дIабуьйлалуш хилар, Конституцин къепе хIоттийча дIа а бовлу уьш. ДуьххьалдIа цунна дара Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас, светски пачхьалкхан оцу нуьцкъалчу герзаца кеч а велла, халкъ Iазапах даккхаран некъ юьхьарлацар.
Россин Конституцис гражданийн коьрта бакъонаш а, паргIатонаш а тIечIагIйина ца Iаш, царна ондда тешам а ло. Царах цхьаъ ю Нохчийчохь дин лело паргIато хилар. Вайн мехкан бусалба нахана шайн дуккха а бIешерийн исторехь евзина яц и тайпа паргIато. Иштта хуьлу Россин Президента Путин Владимира цу тIехь ша йина чIагIо ца йохош, Конституцина ямарт ца хуьлуш, иза ларъеш, Iалашъеш схьавогIуш хиларна.
Шен къамел чекхдоккхуш терго латторан органан куьйгалхочо пачхьалкхан дезчу денца залехь гулбелларш декъал а беш, дIахаийтира церан дика могашалла хуьлийла а, законна муьтIахь уьш хуьлийла а шена лууш хилар.
Сацам нийса лерина
Бакъо йоцуш вовшахтоьхначу «Шемин паргIат эскар» аьлла болчу тобанан декъашхой болчу Чергизов Шемална а, Байсултанов Асланна а гIо дина хиларх шеко кхоллаеллачу Соьлжа-ГIалин Старопромысловски районан суьдо сацам бира республикин коьртачу шахьаран ши яхархо Дабиева Мадина а, Ашаева Хеда а уголовни гIуллакх толлучу ханна чуйолла. Хьалхарчу тIегIанан суьдан сацамца реза ца хиллачу цу шимма Нохчийн Республикин Лакхарчу суьде апелляцин арз дира.
И арз къасточу хенахь ши зуда а, церан адвокаташ а чIагIдан гIертара иштта сацам бух боцуш хилар, доьхура хьалхарчу тIегIанан суьдан сацам боха а бина, бехке ю аьлла хеташ йолчу цу шинна хIусамехь яккха хан тохар. Амма церан дехар жоп доцуш дисира. Терго латторан регионан ведомствон уголовно-суьдан отделан прокурорана Амиров Олегана хеташ долчуьнца реза а хилла, Лакхарчу суьдо хьалхарчу тIегIанан суьдо бина сацам нийса лерира.
Бехкениг жоьпе озийна
Нохчийн Республикин къинхьегаман а, социальни кхиоран а министерствехь таллам бечу хенахь гучуделира пачхьалкхан хьашташ кхочушдаран Iалашонца товарашна закупкаш яран декъехь законодательствон цхьамогIа талхораш хилийтина хилар. Иштта, ша аьлча, пачхьалкхан контракт кхочушъяран хьокъехь интернете яьккхинчу отчета тIехь ца гайтина ахча дIадалар чIагIдеш долчу документийн хьокъехь болу хаамаш.
Цунна тIе а доьгIна, республикин прокуроран заместитела Степанов Вадима хьалха хIотторца административни гIуллакх долийра министерствон пачхьалкхан закупкаш яран отделан хьаькамна Бачаева ПетIаматана дуьхьал. Административни талхораш даран хьокъехь долу гIуллакх къастийна Россин ФАС-н Нохчийн Республикехула йолчу урхаллехь. Т.Бачаевана 15 эзар соьман барамехь гIуда тоьхна.
Коррупцина дуьхьало ярна лерина кхеташо
Коррупцица къийсам латторан Дуьненаюкъарчу денна лерина республикин гIишлошъяран а, хIусамийн-коммунальни бахаман а министерствехь дIаяьхьначу коррупцина дуьхьало яран кхеташонехь дакъалецира регионан прокуроран гIоьнчас Хазбултов Заурбека.
Ведомствехь доккха хьашт хиларца дийцаре динчу оцу гIуллакхана тIедоьгIна хьокъала доллучу законодательствос хьалха хIиттош болчу цхьамогIа лехамех кхетам белира терго латторан органан векала.
Мехашна тIехь – таллам
Россин Генеральни прокуратурин лехамаш кхочуш а беш, регионан прокуратуро хаддаза терго латтайо шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь зорба тухуш болчу хаамашна тIехь.
Иштта, кху шеран 2-чу декабрехь интернетехь «Кавказский узел» сайта тIехь зорба тоьхнера «Нохчийчоьнан бахархоша дIахьедина жижиган мехаш тIекхетаран хьокъехь» аьлла йолу статья. Цу тIехь далийначу бакъдолчарна тIе а доьгIна, прокуратуро таллам бар дIадолийна Россин ФАС-н Нохчийн Республикехь йолу урхалла, республикин мехийн а, тарифийн а комитет, Роспотребнадзоран Нохчийн Республикехь йолу урхалла оцу балхана жигара юкъа а озош.
Декхар хьакъ ма-дду кхочуш ца до
Нохчийн Республикин Iаламан таронийн, гуонахара Iалам лардаран министерствон балхана таллам бечу хенахь, алссам талхораш гучудехира регионан прокуратуро, хьуьнца йолчу юкъаметтигийн декъехь шена тIедехкина декхарш кхочушдарехь а, ткъа иштта пачхьалкхан программа кхочушъярехь а.
Талламо гайтира хьуьнан фондан латтанаш хьуьнах пайдаоьцуш болчаьрга ведомствос законаца билгалбина бух боцуш дIаделла хилар. Хьуьнан дакъош аренде эцаран хьокъехь болчу барташна регистраци ца йина. Йоцуш ю хьаннех пайдаэцаран проекташ, хьаннийн декларацеш. Алссамчу барамехь декхар IаьIна хьаннех пайдаэцарна дала дезаш долу ахча дIацадалар бахьанехь. Иза схьадаккхарна тIехьажийна деш билггал гIуллакхаш а дац.
Министерствон леррина йолчу учрежденехь йоцуш ю цIе яларна дуьхьало яран техника, гIирсаш. Федеральни бюджетера къастийна хиллачу 8,5 эзар соьман барамехь долчу ахачанах Iалашонца догIучу хьашташна пайда ца эцна. «Нохчийн Республикин гуонахара Iалам лардар а, хьуьнан бахам кхиор а» аьлла йолу регионан программа кхочушъяран гурашкахь пачхьалкхан хьашташна товарашна закупкаш ярна пачхьалкхан контракташ ечу хенахь цхьамогIа талхораш хилийтина.
Бинчу талламан жамIашкахула республикин прокуроран заместитела Степанов Вадима регионан Iаламан таронийн, гуонахара Iалам лардаран министрана Темирханов Сайд-Мохьмадана тIедиллина гучудаьхна талхораш а, уьш кхолладаларан бахьанаш а дIадахар. Цул совнаха, и талхораш хилийтарна бехке болчу куьйгаллерчу веа стагана дуьхьал административни талхораш даран хьокъехь гIуллакхаш долийна.
ГIуллакх кхидIа а талла дезар ду
РФ-н УК-н 175-чу статьян 1-чу декъаца (хьалххе барт ца беш, даррехь зуламан некъаца карабеана бахам эцар) догIуш долу зулам дарна Шовхалов Iийса бехке веш Россин МВД-н Курчалойн районехула йолчу дозанин отделехь толлуш хилла уголовни гIуллакх кхидIа а таллийта отделе юхахьажийна регионан прокуроран заместитела Джанхотов Заурбека.
Цуьнан бахьана дара дознаватела уголовни а, уголовно-процессуальни а законодательство талхийна хилар: ша тIеэцначу сацамна тIехь таллаза болу харц хаамаш билгалбаьхнера, цу тIе Шовхалов хьалха чохьваьллина хиларна тIе тидам а бохуьйтуш, бехкевар даздеш долу таллаза бакъдерш далийнера бехкеваран акта тIехь.
Федеральни закон талхор дIадаккхар дехна Нохчийн Республикехула йолчу МВД-н куьйгалле.
Къоланаш дарна хан тоьхна
Пачхьалкхан бехкевархочо Алханова Зайнапа дакъа а лоцуш, Гуьмсан гIалин суьдехь къастийна къоланаш дарна Джамалдиев Аслан бехкевеш долу уголовни гIуллакх.
Суьдехь билгалделира Джамалдиевс 2014-чу шеран августехь Мамадиев Iийсан кертара гIишлошъяран коьчалш лечкъийна хилар, цунна материальни доккха зен а деш. Цул сов, оццу шеран сентябрехь, бакъо йоцуш хIусам чу а ваьлла, Ахмадов Зубайран хIуманаш а лечкъийра, тIаьххьарчунна материальни хаъал доккха зен а деш.
Пачхьалкхан бехкевархочунна хетачунна тIе а тийжаш, суьдо Джамалдиевна чохь яккха ши шо хан тоьхна.
Ведомствон сайта тIера хаамаш кечбинарг – Л.БАКАРОВ
№145, шинара, гIуран (декабрь) беттан 22-гIа де, 2015 шо